Федералан автомобилан некъ М-2 «ГӀирма»МоскохТулаОрёлКурскБелгородУкраиница пачхьалкхан дозане боьду, историн-архитектурин «Одинцово» комплексна, Тулина, Орелна, Курскна, Белгородна тӀевоьдийлашца болу федералан маьӀнийн автомобилан некъ. Некъ европин маршрутан E 105 коьрта дакъа ду. Автонекъан бохалла 700 км сов бу[1]. Цуьнан чаккхе Украинин махкахь йу: автострада М-20 Харьков а, М-18 ХарьковЯлта а. ГӀирмин дозанера Ялте кхаччалц долу дакъа российн Ӏедало лору Республика ГӀирмин 35А-002. регионан некъ, ГӀирмин дозанера Джанкой кхаччалц билгало хилла Р20., СимферопольЯлта декъехь — А17..

Автонекъ
«ГӀирма»
М2

Симферополан шоссе, Крымка, Харьковка
М-2 федералан маьӀнин Российн автонекъийн машанехь
М-2 федералан маьӀнин Российн автонекъийн машанехь
Коьрта хаам
Мохк  Росси
Регион Москохан область
Тулин область
Орелан область
Курскан область
Белгородан область
Новкъан дакъа Кеп:Европин жима маршрут
Статус федералан
Долахо Российн Федераци
урхалла до Росавтонекъ
Бохалла 720
Йуьхьиг Москох
Йуккъехула Тула
Орёл
Курск
Белгород
Чаккхе Украиница пачхьалкхан доза
Некъ къовлар силам, бетон
ДӀабиллина терахь 1950
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
 
182-гӀа километр
 
Тулин областера 169-гӀа км

Автомагистраль М-2 болало Варшавин шоссе а, МХӀАН цхьаьнакхетачохь, кхин дӀа боьду Москохан областехула Щербинка, Подольск, Климовск гӀаланашна малхбалехьа. А107. Москохан жима хӀозах кхеталца йиъ аса йу хӀора агӀора, берриг серлабаьккхина. Подольскан гуо тосуш некъан пхиппа аса йу хӀора агӀора а. Кхин дӀа некъ гатло кхоккха асане хӀора агӀора, берриг серлабаьккхина, гуо тосу москохан бухара Чеховна а, Серпуховна а малхбалехула. 83-гӀа км автонекъ чекхболу А108. Москохан боккха хӀоз тӀехула. Москохан областехь некъахь 100-гӀа км лаьттара цхьа НПГӀ пост, Ока эркан тӀехулара Подольскан курсантийн цӀарах тӀай тӀе кхочуш, 2018 шо чекхдолуш пост дӀакъевлина[2]. 108-гӀа км некъ гатло шишша асане кхаччалц хӀора агӀора.

Оцу декъехь некъаца нисса богӀуш кхин а некъ бу малхбузехьа хьахийна гӀаланашкахула чекхболуш, шира Симферополан некъ. Цигахь цӀенош тӀера адресан аннашна тӀехь а, некъ гойту аннашна тӀехь а билгалбаьккхина Симферополан шоссе аьлла.

Кхин дӀа автомагистраль боьду Тулин областехула, селабаьккхина 156-гӀа км кхаччалц. 131-ра 156-гӀа км кхаччалц некъан кхоккха аса йу хӀора агӀора. 155-гӀа км чаккхе шира M-2 некъан тӀехула йолу. Кхузара Туле боьду коьрта некъ дӀабоьду шина-кхаа асанан новкъахула. Автомагистрало Тулина малхбузехула гуо тосу, чекхболу Калуга — Тула — Рязань некъах Р132. кхетачохь, Помогалово а, Жировка эвланаш йолчохь.

Магистраль чекхболучехь Тулин гуо тосу малхбузехула гуо тосуш биллинчу новкъахула чекхболу Р132. некъа тӀехула. Цунна тӀаьххье некъ Щёкинон малхбузехьахула гуо тосуш кхин дӀабоьду къилба-малхбуза агӀорхьа. Тулин областан дозанера нах беха меттигашна Плавскна а, Черньна а гуо тосу некъ бац, M-2 некъ чекхболу царна йуккъехула.

Маршрутан схема

бӀаьра нисйан
Россия Европейская часть хIинца дац кеп хIотто карта.
АЗС оператор Лаьтта меттиг,
шоссен км
Москохан область
Росмехкдаьтта 25
BP 27
ГринЛин 29
Росмехкдаьтта 34
ТНК 36
Газпроммехкдаьтта 38
Шелл 41
Росмехкдаьтта 45
Росмехкдаьтта 50
Газпроммехкдаьтта 53
ТНК 66
Шелл 70
Лукойл 82
Газпроммехкдаьтта 94
Росмехкдаьтта 105
Тулин область
Лукойл 142
Шелл 170
Лукойл 182
Лукойл 195
Лукойл 231
Орелан область
Росмехкдаьтта 315
Росмехкдаьтта 329
Росмехкдаьтта 381
ООО «ГЭС Брянск» 382
Росмехкдаьтта 433
Курскан область
Жигунов 457
АНТ-Оил 576
Белгородан область
Росмехкдаьтта 622
Росмехкдаьтта 638
Росмехкдаьтта 669
Росмехкдаьтта 680
Росмехкдаьтта 691
Росмехкдаьтта 700

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Трасса М2 "ГӀирма" на карте. www.rudorogi.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 9 июнь. Архивйина 2017 шеран 11 июлехь
  2. Пост ГИБДД на 101 км трассы М-2 "ГӀирма" в Серпуховском районе официально закрыт. serpeika.com. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 15 май. Архивйина 2019 шеран 15 майхь