[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 26:
 
{{Къуръан/Дош
| ''[ХIай, Мухьаммад!] Оха дуьйцу хьуна Муса [пайхамаран] а, пирIунан а дийцар ма-дарра, бакъонца тешаш болчу нахана [хIунда аьлча цуьнах пайда оьцуш берш уьш болун дела] ۝ Баккъалла а, ПирIуно [Мисаран] лаьтта тIехь кураллаш йина, цуьнан бахархой тобанашка а бекъна цо. Царех цхьаболучарна гIелонаш йина цо: церан кIенташна арсаш хьоькхуш а, церан зударий дийна буьтуш а. Боккъалла а, бохамашбечарех вара иза ۝ Баккъалла а, къинхетамбан лиира Тхуна [Мисаран] лаьтта тIехь гIелбиначарех [я сийсазбиначарех]. Царех тхьамданаш [имамаш] бан а [лиира Тхуна]. Царех верасаш бан а [лиира Тхуна] ۝ [Мисаран а, Шемин а] лаьтта тIехь церан кара Iедал а делла [я церан аьттонаш а бина], пирIунна а, ХIаманна а, цаьршиннан эскарна а гайта лаьа Тхуна, уьш шех ларлуш хилларг ۝ Оха Муса [пайхамаран] нене хаам бира: «Накха ло цунна [я вакхаве иза дуьненчу ма ваьллинехь]. Нагахь хьоьга [хьайн кIантана Мусана цхьа бохам хиларна] кхерам хIоттахь, хи чу таса иза. Кхера а ма кхера я гIайгIане а ма хила хьо. Оха юхаверзор ву хьуна иза [хьан кIант Муса], элчанех а вийр ву Оха иза»''<ref>(Сурат аль-Къасас, аяташ 3-4-5-6-7)</ref>.
}}
Пирӏуно Мисаран бахархой масийтта декъе бекъна хиллера. Ткъа царах цхьана тобана гӏелойеш вара иза, уьш [[исраилхой]] бара, [[Яӏкъуб]] пайхамаран тӏаьхьенах долу къам. Цу заман чохь лаьтта тӏехь уггар дика къам дара иза. Оцу зуламе, керста, къиза ӏазапхо волчу паччахьо царна тӏехь куьйгалла дора, шена ӏибадат дар а, шена гӏуллакх дар а лоьхура цергара. Церан зударий ӏад а буьтуш, церан кӏентий байара цо арсаш хьоькхуш. Хӏунда аьлча Пирӏунна гӏенах гина хиллера [[Аль Акъса маьждиг|Байтул-Макъдисан]] агӏора цхьа цӏе тӏейеана, тӏаккха цо Мисаран хӏусамаш а, берриге бахархой а багош, амма исраилхошна зе ца дира цо. Юха самаваьлча оцу гӏено кхерийнера иза, тӏаккха цо схьагулбира мозгӏарш а, бозбуунчаш а. И гӏан тида аьлла цо дехначу хенахь цара элира: Хӏара кӏант ву оцу нахах (исраилхошха) дуьнен чу вера волуш, Мисар бахархой хӏаллакхиларан бахьана цуьнан куьйгахула хир ду. Цундела цо омра дира церан кӏентий байа аьлла, йоӏарий ӏадбита аьлла.