ГӀоба — Къилбаседа Кавказера историн-географин регион, иза йу ГӀоба эркан а, цуьнан гаьнашна а гонахьа, Усть-Лабинск гӀалин тӀе кхаччалц. ХӀара территори йуккъерчу бӀешерашкахь дуьйна долахь йара Чергазийн а, НогӀийн Ордан а, ГӀирмин ханаллин а. 1783 шарахь ГӀирмин ханалла дӀайаьккхинчул тӀаьхьа ГӀоба Российн империн йукъатуьхира. ГӀобин историн мехко чулоцура ӀаьржахӀордан гӀазакхийн сур, мадарра ГӀоба эркан аьтту бердера Азов-хӀордан бердйисте кхаччалц. ГӀоба эркан аьрру бердйистах олура «ГӀобиндихье». Регионан йоккха гӀала а, цуьнан историн центр а йу Екатеринодар.

ГӀоба
Бахархой оьрсий, украинаш, адыгаш, эрмалой (чергазий), ассирийш, желтой
Майда 94 360 км²
Махкахь пачхьалкх
Российн импери Российн байракх 1783—1917
ГӀобин халкъан республика ГӀобан халкъан республика 1917—1920
РСФСР РСФСР 1920—1922
ССРС (РСФСР йукъахь) ССРС 1922—1991
Росси Российн байракх 1991 дуьйна
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Этимологи нисйе бӀаьра

Карасаев А. Т., Мациев А. Г. дошам тӀехь ГӀоба аьлла билгалдина эрк[1].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — Грозный, 1978. — С. 727. — 728 с.