Дарта (йу), дукх.тер. Дартанаш (йу) — ( лат. Otis tarda ) — доккха олхазар ду иза. Корта а, гIорта а овкъаран басахь ю цуьнан. Букъ хьаьрса бу, пурхалхьаша Iаьржа сизаш - тIедарчий а долуш. ЧукIело сира ю, тIемаш кIай ду Iаьржачу месийн йист а йолуш. Боьршачу тодакхан лог кIел Iаьржа мас ю.
Дарта |
---|
Дарта |
|
Otis tarda (Linnaeus, 1758) |
- Otis tarda dubowskii
- Otis tarda tarda
|
Преимущественно оседлая популяция
Преимущественно перелётная популяция
Преимущественно зимовки |
|
|
Дарташ хин тогIешкахь а, буц-аренашкахь а, хьаннийн йистошкахь а хуьлуш ю. Адамаш кIезиг лелачу меттехь до цара баннаш, жимма лаьттах кIаг а боккхий, буха хIума а ца юьллуш. Тойна апрель баттахь доккху. ХIоа шиъ я кхоъ до тодакъо. Баьццара бос а болуш, Iаьржа тIедарчий а долуш хуьлу цуьнан хIоьаш. Тойна доккхачу хенахь нIаьна юххехь ца соцу. Тойнахь Iеш йолу тодакх шен басца бецех дIаоьй хуьлу. Цундела адамийн а, акхаройн бIаьрг тIе ца кхуьу цунна. КIорнеш кхианчул тIаьхьа гIеранашца хуьлу тодакхаш. Лаьттара хьала гIовттар хала ду церан. ГIевттина евллачул тIаьхьа йовдар чехка ду. Генна хьалий, охьий кхочуьйтуш ластабо цара тIам. ХIаваэхь могIа бой ца йоьлху уьш. Даар соьналлаш а, садолу хIумнаш а, бецан хIу а ду. Уьш Iаламехь кIезиг йолу дела, царна таллар дихкина.