Дерригдуьненан йохц-иэцаран кхоллам
Дерригдуьненан йохц-иэцаран кхоллам (ВТО; инг. World Trade Organization (WTO), фр. Organisation mondiale du commerce (OMC), испан. Organización Mundial del Comercio) — дуьненайукъара кхоллам, кхоьллина 1995 шеран 1 январехь дуьненайукъара йохк-эцаран либерализаци а, пачхьалкхийн-декъашхойн йохк-иэцаран-политикин юкъаметтигашна урхалла дар а Ӏалашо йолуш. ВТО кхоьллина 1947 шарахь бинчу Тарифех а, йохк-иэцарехь а болу инарлин бартан (ГАТТ) бух тӀехь.
Дерригдуьненан йохц-иэцаран кхоллам | |
---|---|
инг. World Trade Organization фр. Organisation Mondiale du Commerce испан. Organización Mundial del Comercio | |
![]() | |
![]() | |
![]() |
|
ВТО пачхьалкхаш-декъашхой Европин бартахула юкъаяьхкина ВТО пачхьалкхаш-декъашхой ТӀехьовсурш ВТО декъашхой боцурш |
|
Дакъалла | 164 (161 дуьненайукъаралло къобал йина пачхьалкх, Тайвань, Гонконг, Европин барт)[1] |
Штаб-квартира |
![]() |
Организацин тайпа | дуьненайукъара кхоллам[d] |
Официалан меттанаш | ингалсан, французийн, испанийн |
Куьйгалхой | |
Инарлин директор | ди Азеведу Роберту Карвалью |
Кхоьллар | |
Кхоьллина терахь | 1995 шеран 1 январь, 1995[2] |
Белхалойн барам |
|
Схьаевлла организацеш | WTO General Council[d] |
wto.org | |
![]() |
ВТО керла йохк-иэцаран барташ кечбарах а, юкъабахарах а жоп ло, ткъа иштта дукхах йолчу пачхьалкхаш куьйгаш а яздина, церан парламенташ ратификаци а йина берриг барташ пачхьалкхаш декъашхоша лелабаран тергойо. ВТО хӀоттабо шен болх, 1986—1994 шерашкахь Уругвайн раундехь а, цул хьалхарчу ГАТТ барташца а тӀеэцначу документийн гуранчохь. Баланаш бийцарш а, либерализацин глобалан баланех, дуьненан йохк-иэцар кхин дӀа кхиарех тӀеэцна барт а дӀахьо дукхачу агӀонашца дечу йохк-иэцаран дийцаршца (раундаш). Таханлерачу дийнахь дӀаяьхьна иштта дийцарийн 8 раунд, царна юкъахь Уругвайнарг а, ткъа 2001 шарахь Катарера Дохахь йолийна 9 раунд. Кхоллам гӀерта Дохан раундан дийцарш чекхдаха, раундан къаьсттина йолийна кхуьуш йолчу пачхьалкхийн хьашташ кхочушдаран акцент йолуш. 2012 шеран декабрь баттахь хиллачу хьолаца Дохара дийцарийн тӀаьхье билгала йац: белхан программа лаьтта 21 декъах, ткъа дуьххьара хӀоттийна чекхъяккхаран хан 2005 шеран 1 январь яра, иза чекхъяьлла дукха хан ю[3]. Дийцарш долуш барт буьйхира маьрша йохк-иэцаре гӀертарний, дуккха пачхьалкхаш протекционизме гӀертарний юкъахь, гуттар чӀогӀа юьртбахаман субсидийн планехь. Тахане кхаччалц и кхачам бацарш коьрта бу, новкъарло а йо муьлххачу прогрессан юха Дохан раундан гуран чохь дийцарш дӀадоло. 2012 шеран июль беттан хьолаца, ВТО системехь ю тайп-тайпана дийцарийн тобанаш тӀехӀиттина юьртбахаман хаттарш кхочушдаран планехь, цара дийцарш сацадо[4]. ВТО штаб-квартира лаьтта Женевехь, Швейцари. ВТО корта (инарлин директор) — ди Азеведу Роберту Карвалью, шен кхолламан штатехь 600 гергга стаг волуш[5].
2015 шеран 26 апрелехь ВТО[6] юкъахь яра 162 пачхьалкх.
ВТО низамо тарйолуьйту кхуьуш йолчу пачхьалкхашна цхьа могӀа льготаш. Тахана кхуьуш йолчу пачхьалкхийн ВТО декъашхойн алсамо лакхара тӀегӀанера таможни-тарифан лардар долуш ю базар кхиинчаьрца юьстича, иза бахьнехь кхуьуш йолчу пачхьалкхашкара базаршка дика юха дина сурсаташ кхачар дика дозщатоьхна ду[7].
ВТО низамо урхалла до деккъа йохк-иэцаран а, экономикин а гӀуллакхна. АЦШ а, цхьа могӀа европин пачхьалкхаш а белхан бехкамех (цуо таро лур яра тоам боцуш белхалой законашца ларбар, конкурентийн тоьлуш хилар санна лара) дискусси йоло гӀертар дӀатеттира кхуьуш йолу пачхьалкхаш реза ца хиларна, цара бахара, иштта белхаш аьтто бохор бу белхалойн, белхан меттигаш кӀезиг йеш, са охьайолуш, конкуренции ян яларан тӀегӀа охьайолуш[7].
ВТО Ӏалашо а, принципаш аНисйе
ВТО Ӏалашо йац жамӀаш гайтар, ткъа ю дуьненайукъара йохк-иэцаран йукъара принципаш хӀиттор[8]. Декларацицав, ВТО болх, цул хьалха ГАТТ санна, тӀетевжа коьртачу принципашна, царна юкъахь ду:
- Цхьатерра бакъонаш. ВТО берриг декъашхой декхарелахь бу массарна а бисинчу декъашхошна йохк-иэцарехь уггаре дика раж латто. Йохк-иэцарехь уггаре дика рожан принцип маьӀна, ВТО кхечу декъашхочун йелла преференцеш, автоматаца яьржа бисинчу кхолламан декъашхошна а[8][9] .
- Цхьанне хилар. Шина агӀора йохк-иэцаран бехкамаш дӀабахар шине а цхьатерра хила деза.[10].
- Гуш хилар. ВТО декъашхоша шайн йохк-иэцаран низам дуьззина зорба тоха деза, меженаш хила еза и хаамаш кхечу ВТО декъашхошна дӀахоуьйтуш[11].
ВТО декъа яхар а, декъахь хилар аНисйе
Советийн хилла пачхьалкхаш а, ВТО аНисйе
Росси ВТО дӀатохарех дийцаршНисйе
Росси дерригдуьненан йохц-иэцаран кхолламан юкъаяхаран хьокъехь дийцарш дӀадаьхьира 18 шарахь (1993 - 2011 шерашкахь).
Дийцарийн жамӀашца кечдина Российн Федераци дерригдуьненан йохц-иэцаран кхолламан юкъатохарехь кхоьллина 2011 шеран 16 ноябран № WT/ACC/ RUS/70, WT/MIN(11)/2 йолу Белхан тобан Доклад[12].
БилгалдахаршНисйе
- ↑ WTO | Understanding the WTO - members
- ↑ 1 2 ROR Data — v1.19 — 2023. — doi:10.5281/ZENODO.7644942
- ↑ The Doha agenda(ингалс.)
- ↑ http://www.wto.org/english/tratop_e/dda_e/negotiating_groups_e.pdf
- ↑ Understanding the WTO: What We Stand For
- ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхувто
тIетовжаран йоза йаздина дац - ↑ 1 2 Справочник ВТО
- ↑ 1 2 B. Hoekman, The WTO: Functions and Basic Principles, 42
- ↑ whatis_e/tif_e/fact2_e.htm # seebox принципы торговой системы, ВТО официальный сайт
- ↑ B. Hoekman, The WTO: Functions and Basic Principles, 43
- ↑ B. Hoekman, The WTO: Functions and Basic Principles, 44
- ↑ Доклад Рабочей группы по присоединению Российской Федерации к Всемирной торговой организации от 16 ноября 2011 шоа № WT/ACC/ RUS/70, WT/MIN(11)/2 Архивйина 2018-05-07 — Wayback Machine