Дзодзуашвили, Реваз Михайлович
Дзодзуашви́ли Рева́з Миха́йлович (гуьрж. რევაზ მიხეილის ძე ძოძუაშვილი, Рева́з Михеи́лис дзе Дзодзуашви́ли; вина 1945 шеран 10 апрелехь, Кутаиси, Гуьржийн ССР, ССРС) — советийн футболист а, Торпедо (Кутаиси) коьрта тренер а. Спортан дуьненайукъара классан говзанча (1972). 1972 шеран Европин вице-чемпион а, 1972 шеран Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо.
Биографи
бӀаьра нисйанЛовзархочун карьера
бӀаьра нисйанКхиийна «Торпедо» (Кутаиси) футболан ишколо. ИссалгӀачу классехь волуш (1962) левзира «Имерети» командехь.
Дуьххьара «Динамо» (Тиблиси) йукъа Дзодзуашвилига кхайкхира 1963 шарахь. Дублехь левзира тӀелатархочун позицехь, амма коьртачу хӀоттам йукъа ца вахавелира. Йухавирзира кутаисин «Торпедо», 1965 шарахь цигара гӀоьртира одессин «Черноморец» йукъа ваха, иза оцу хенахь лакхара дивизионе хьалайаьллера. Одессин клубан футболист ца мегира, тӀаккха Дзодзуашвилис карьера дӀайаьхьира «Динамо» (Сухуми) йукъахь. Левзира йуккъерачу асанехь.
Оцу хенахь «Торпедо» (Кутаиси) коьрте хӀоьттира Блинков Всеволод, иза керла команда йан волавелира. Турсло лохуш хаьттира кутаисхойн тренере Грамматикопуло Георгега, цуо хьехар дира къона футболист дӀаэца аьлла.
Блинковн командехь Дзодзуашвили левзира еккъа дуьхьалонехь — йуккъерачу турслочун позицехь, цул тӀаьхьа аьтту агӀора, ловзархочун сихаллах а, тӀелатарх а пайда иэцархьама. Амма ша Блинков кестта дӀавахара Кутаисера.
1968 шарахь футболистега йуха а кхайкхира Тиблисе, хӀинца Соловьёв Вячеславан куьйга кӀелара коьртачу хӀоттаман меттиге. «Динамохь» а, цул тӀаьхьа гулйина командехь а, гӀаравелира муьлххачун а дуьхьала ловзу говза ловзархо санна, муьлхха а форвард дӀакъовла а хууш волу.
Футболех ловзаран ССРС гулйина командин ловзархо, 49 ловзар (1969—1974 шерашкахь).
ССРС чемпионаташкахь (лакхара лига) левзина 301 матч, чутоьхна 5 гол.
Карьера чекхйаьккхина 1976 шарахь, хӀунда аьлча лерира, ша хьалхалерачу тӀегӀанехь санна ца ловзало аьлла.
Тренеран карьера
бӀаьра нисйан1976 шарахь йолийра тренеран карьера, схьаийцира СКА (Тиблиси), цуьнца туьйлира Чоьхьара Кавказан тӀеман гуон чемпионатехь.
1990—1992 шерашкахь тренер болх бира Тиблисин «Динамохь»: хьалхара шина шарахь Кипианин гӀоьнча волуш, ткъа 1992 шарахь коьрта тренер волуш. 1993—1995 шерашкахь куьйгалла дира Руставера «Металлурган».
1994/95 шо чекхдолуш «цӀе йаьлча санна сихвелла» коьрте хӀоьттира украинин «Темп» (Шепетовка) командин, цигахь президент вара гуьржий Нишнианидзе Джумбер. Шеца команде вигира 8 футболист, амма команда лакхара дивизионера охьайаларх кӀелхьара ца йаккхайелира. Дзодзуашвили цӀавирзира Гуьржийчу, кхин а цхьаьна шарахь болх бира Руставехь.
1997 шарахь консультантан дарже кхайкхира «Сконто», хӀунда аьлча Ригин командехь ловза буьйлабелира гуьржийн футболисташ. Цуьнца цхьаьна тренеран-селекционеран декхарш кхочуш а дора.
Кхин а 1997 шеран февралера октябрь бутт кхаччалц — Гуьржийчоьнан гулйина командин тренер. 1997 шеран октябрехь Латвин футбола федерацица контракт дира «2+2» хьесапца, иза хилира Латвин гулйина командин коьрта тренер[1].
1999 шеран августехь СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан клубан «Аль-Иттихьад» Джиддат президента Ахьмада Махьсуда кхайкхира команде[2]. 4 бутт баьлча ша дӀавахара командера, оцу махках вола а ца велла.
1999 шеран декабрехь Кипианица цхьаьна хӀоттийна коьрта тренер Гуьржийчоьнан гулйина команда[3]. Цуьнца цхьаьна 2000 шарахь дуьйна — Локомотив (Тиблиси) коьрта тренер. Керлачу тренерца команда дика ловза йолайелира чоьхьарчу чемпионатехь — хьалхарчу меттигехь йогӀура 2000/01 шарахь. 2001 шеран январехь Дзодзуашвилис схьаийцира Торпедо (Кутаиси), «Локомотив» а йитина[4]. В мае 2002, перед финалом Кубка Грузии против «Локомотива», Дзодзуашвили, покинул «Торпедо»[5].
Кхиамаш
бӀаьра нисйанЛовзархочун кхиамаш
бӀаьра нисйан- 1972 шеран Европин вице-чемпион
- 1972 шеран Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо.
- Борзанан совгӀатхо ССРС чемпионатан (4): 1969, 1971, 1972, 1976 (бӀаьсте)
- ССРС Кедан финалхо – 1970.
- 7-зза йукъавахана «33 уггаре дикачеран» испискин.
Тренеран кхиамаш
бӀаьра нисйан- Гуьржийчоьнан чемпион: 1992 – Динамо Тб, 2002 – Торпедо Кт, 2007 – Олимпи.
- Гуьржийчоьнан уггаре дика тренер: 1994 (А.Жорданиян совгӀатан лауреат).
Доьзал
бӀаьра нисйанДзодзуашвилин зуда Гуцаев Владимиран зудчун вешин йоӀ йу.[6].
КӀант Михаил — ФИФА агент, аьтту бира гуьржийн футболисташ тоьллачу Российн клубашка дехьабохуш.