Дилха
Дилханаш (лат. musculus — «дилха») — нервийн импульсийн Ӏаткъамца хаба таро йолу, дилхин хьесах лаьтта меженаш. ГӀорторан-леламе системин дакъа. ДегӀ меттах даккхаран, кеп латторан, озан пхенийн хебарийн, садаӀаран, кхин леламаш бо дилхо. Дилхин хьаса онда а, сетташ а бу; лаьтта миоцитех (дилхин клеткех). Дилхин амалехь ду кӀаддалар, иза гучудолу жигара болх бича а, ницкъ бича а.
Дилханаша таро ло дегӀан дакъош меттигехь меттаха даха. Адамо муьлхха а лелам бо — бӀаьрг теӀор йа къежар тӀера, нийса а, энергин а леламашка кхаччалц, масала дешин пхьераш йа спортхой — дилхан хьесий хеба таро хиларна. Кхаа коьрта тобанех лаьтта дилханаша дика болх барх дозу организман лелар а, йерриг физиологин процессийн функцеш а. дерриг дилхийн хьесийн урхалла до нервийн системо, цара хьесийн зӀе латтайо коьртан хьеца а, букъан тӀамарца а, нисйо химин энергих механикин энерги йар.
Адаман дегӀехь 640 гоман дилханаш ду (дилхин дифференцин тобанаш лараран хьесапе хьаьжжина, церан берриг барам билгалбоккху 639 - 850). Уггаре кегийнарш латийна йу кегийра Лерсин биргӀанан даьӀахкан декъан тӀе. Уггаре йаккхийнарш — хонамаьӀиган йоккха оьзгаш, цара леладо когаш. Уггаре онда дилханаш — настарпхьидан а, Ӏовшаран а оьзгаш. Адаман уггаре деха дилха — асанан кепехь йолу коган пхьид — йолало Хоттаршан даьӀахкан тӀе́ман хьалхара лакхара кенан тӀера (Йухан даьӀахкан хьалхара лахара дакъош), спиралькепара дехьаоьккху варен дӀатосу хьорзамца буьгалгаш йолу бунастах (голан лакхара дакъой).
Шайн кепашца дилханаш чӀогӀа бес-бесара ду. Дукха хьолехь хаало урчакх кепара дилханаш а, уьш когийн-куьйгийн амалехь ду, шуьйра дилханаш а — цара гӀодан чалх кхуллу. Нагахь дилханийн йукъара хьорзам йелахь, ткъа кортош шиъ йа сов белахь, царех олуш и-, кхо- йа биъкорта болу.
Дилханаша а, гомо а билгалйоккху адаман дегӀан кеп. Жигара дахаран кепо, барамехь кхача бааро, спорт лелоро дилханаш кхиош гӀо до, Махьаран хьесан чухоам жима бо. Коьрта йезаатлетикахойн дилхин масса совйолу дегӀан массел 60 %[1].
Дилханийн тайпанаш
бӀаьра нисйанАдаман дилханийн хӀоттаман башхаллашка хьаьжжина декъало 3 тайпана йа тобана:
Дилхийн хьалхара тоба — гоман, йа пурхнехьа мохайолу дилханаш. Гоман дилха хӀоранна а вайх 600 сов йу. Оцу тайпана дилханийн тарой у шешша, адаман лаамца, хеба, гомаца цхьаьна йо гӀорьоран-леламе система. Оцу дихан йукъара масса дегӀан дозаллин 40 % гергга йу, ткъа шайн дилханаш жигара кхиочу адамийн кхин а дукха хила тарло. Лерина упражненийн гӀоьнца дилхийн клеткийн барам боккха бан тарло, уьш даккхий а хилла, тӀедевлла хиллалц. Хебаш, дилха дацло, стоммало, лела лулара дилхашца хьаьжча. Дилханаш дацдаларца цхьаьна цуьнан йуьхьигаш а, уьш тӀетесна даьӀахкаш а герга йоьду. ХӀора леламехь дакъа лоцу и лелош долу а, дуьхьала долу а дилханаша (агонисташ а, антагонисташ а), цуо болар нийса а, хаза а до.
Кийрара меженийн, цӀийлела пхенийн, чкъоьран клеткашна йукъадогӀу шолгӀа тайпана дилханаш, — шера дилхин хьаса, лаьтта амалера дилхийн клеткех (миоцитех). Шера дилхийн йоца урчакхкепара клеткаша кхуллу палстуш. Уьш хеба меллаша а, цхьаьнаэшшара а, вегетативан нервийн системин омарш кхочушдеш. Меллаша а, йехха а уьш хебар шайн лаамца ца хуьлу, адаман лаамца ца хуьлу.
Шен лаамехь боцу шера дилханаш леламаш, коьртаниг бохку кийрара меженийн деса пардонашкахь, масала тӀеда къамкъарггехь йа хьоткъан ахкаргехь. Вайн кхетамах дозуш доцу хьесапашкахь цара ладаме роль ловзайо, масала кхача йуург охьу трактехула дӀатоттуш йа къаьрзарг шор йо, гатйо.
Дилхийн ша йолу (кхоалгӀа) тоба йо деган пурхмохан дилхин хьасано (миокард). Иза лаьтта кардиомиоцитех. Деган дилханаш хебар адаман хьекъале тидам балуш дац, цунна иннерваци йо вегетативан нервийн системо.
Адаман дилханаш
бӀаьра нисйан-
Лаган дилханаш, агӀон тӀера
-
ГӀодан дилханаш, тӀехьара гар
-
ГӀодан дилханаш, хьалхара гар
-
Когийн дилханаш (хьалхара)
-
Ностан дилханаш, тӀехьара гар
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Мишустин В. Н. Начальная тяжелоатлетическая подготовка. — Волгоград, 2012. — ISBN 9785040160433.
Литература
бӀаьра нисйан- Берёзов Т. Т., Коровкин Б. Ф. Биологическая химия: Учебник. — 3-е изд., перераб. и доп.- М.: Медицина, 1998. — 704 с.: ил. — (Учеб. лит. для студентов мед. вузов). ISBN 5-225-02709-1.
- Сапин М. Р., Билич Г. Л. Анатомия человека: учебник в 3 т. — М.: ГЭОТАР-Медиа, 2007. — Т. 1. — 608 с. — ISBN 978-5-9704-0600-7 (т.1).
- Тарханов И. Р. Мышцы // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.