Дудкин, Олег Борисович
Дудкин Олег Борисович (1931—2013) — Ӏилманча-геолог, геохимик, А. Е. Ферсманан цӀарах совгӀатан лауреат (1983).
Дудкин Олег Борисович | |
---|---|
Вина терахь | 1931 шеран 14 октябрь |
Вина меттиг | Соьлжа-ГӀала |
Кхелхина терахь | 2013 шеран 8 июль (81 шо) |
Пачхьалкх | ССРС→ Росси |
ГӀуллакхан тайпа | химик |
Ӏилманан кхоче | геологи |
Белхан меттиг | РӀА КӀЦ Геологин институт |
Альма-матер | Уралан пачхьалкхан университетан |
Ӏилманан дарж | геологин-минералогин Ӏилманийн доктор (1979) |
СовгӀаташ а, премеш а |
ССРС Министрийн Советан совгӀат — 1981 А. Е. Ферсманан цӀарах совгӀат (1983) |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1931 шеран 14 октябрехь.
1954 шарахь — чекхйаьккхина Уралан пачхьалкхан университетан геологин факультет, цул тӀаьхьа дерриг дахарехь а болх бина РӀА КӀЦ Геологин институтехь.
1963 шарахь — чекхдаьккхина кандидатан диссертаци, тема: «Хибинийн маьӀдадаларан меттиган нилха латтанаш а, апатитан стронций а».
1979 шарахь — чекхдаьккхина докторан диссертаци, тема: «Щелочийн массивийн апатит а, апатиташ довлар а».
1982 шарахь дуьйна — щелочийн массивийн металлогенин лабораторин куьйгалхо, 2002 шарахь дуьйна — коьрта Ӏилманан белхало.
Велла 2013 шеран 8 июлехь.
Ӏилманан гӀуллакх
бӀаьра нисйанШа Ӏилмехь къахьегар хьажийна Колан регионан геологи а, минералоги а Ӏаморе. Теллина Хибинийн апатитийн маьӀда долу меттигийн минералоги, геохими, щелочан породашкахь а, карбонатиташкахь а фосфоран маьӀда долу меттигаш кхоллайаларан процессаш.
Болх бина маьӀда далларан анализ йеш Сыннырски калийн щелочан массиван (Къилбаседа Байкалйист), теллина Хибинийн карбонатиташ, дуьстина карбонатитан массиваш Сокли (Финлянди), Ковдорски, Вуориярви, Ӏоман Вараки (Колан регион), боккха болх бина Балтикан турсан малхбален декъан щелочан массивех а, карбонатитех а болу хаамийн жамӀ деш.
Башха терго йина, щелочийн плутонаш когахӀуттуш маьӀдан а, маьӀдан доцу а аьргалла кхоллайаларан хьолан анализан, технологин минералогин йукъара методологин теоретикан бухан принципашна,щелочан массивийн маьӀда долу меттигийн масалашца.
ТӀаьхьарчу шерашкахь болх бира йукъарчу металлогенийн анализ тӀехь Колан щелочан провинцехь, эндогенийн фосфоран маьӀда долу меттигийн геохимин тӀехь, минералан аьргалла тоеш йисина нехаш кхерам боцуш Ӏалашйар а, лелор а, экологин кхерамазаллин анализ йина апатитийн маьӀда тодича йуьсу, ларме йохку нехаш Ӏалашйаран, мах хадийна цара экосистеман бан тарло Ӏаткъаман.
120 сов Ӏилманан белхан автор ву, МПТУ профессор ву.
Зорбатоьхна белхаш
бӀаьра нисйан- Геохимия и закономерности концентрации фосфора в щелочных массивах Кольского полуострова. — Л., 1977
- Карбонатиты Хибин. — Апатиты, 1984
- Технологическая минералогия комплексного сырья. — Апатиты, 1996
- Кольский регион как эталон металлогении щелочного магматизма. — Апатиты, 2002
- Гигантские концентрации фосфора в Хибинах. — М., 1993.
Литература
бӀаьра нисйан- Учёные Кольского научного центра, (1930—2005). — Апатиты, 2006.
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- Халкъийн доттагӀаллин орден (1980)
- Сийлаллин орден (21.09.2002)
- ССРС Министрийн Советан совгӀат (1981)
- А. Е. Ферсманан цӀарах совгӀат (Б. Е. Боруцкийца цхьаьна, 1983 шарахь) — «Хибинийн массиван минералоги» цӀе йолу ши том монографи бахьнехь (том I — «Магматизм а, магматикал тӀаьхьа хилла хийцамаш а»; том II — «Минералаш»)
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Дудкин, Олег Борисович РlА официалан сайтехь
- Дудкин Олег Борисович (1931-2013) . kolasc.net.ru. ТӀекхочу дата: 2017-5-1.(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Дудкин О.Б., Кольская Энциклопедия . ke.culture.gov-murman.ru. ТӀекхочу дата: 2017-5-1. Архивйина 2021-01-20 — Wayback Machine