Дуьне́найукъара зудари́йн деӀида, даздо хӀора шарахь 8 мартехь цхьа могӀа пачхьалкхашкахь «зударийн де» олий. Исторехь йукъадаьлла, дуккха а пачхьалкхашкахь цхьатерра бакъонаш а, эмансипаци къуьйсу зударий бертахь хиларан де аьлла. 1975 шеран мартехь дуьйна Дуьненайукъара зударийн де даздо ВКЪКХ[1].

     Мукъа де      Мукъа де зударшна      Даздо мукъа де а доцуш
 
Дуьненайукъара зударийн денна лерина немцойн плакат,
1914 шеран 8 мартехь

Ӏида даларх дийцарш

бӀаьра нисйан

Шуьйра даьржина (Росси ца юьйцу, Малхбузе юьйцу) Дуьненайукъара зударийн де 8 март даздаран ламаст схьадаьлла 1857 шарахь Нью-Йоркехь текстилан промышленностин а, бедарш тоьгу фабрикийн а белхалоша-зударша, юургаш ечара а белхан хала хьолашна а, лахара алапна а реза боцуш «деса яйнийн лелам» бича бохуш. Цара доьхура белхан де дацдар, белхан хьолаш тодар, божаршца алапа цхьабосса дӀанисдар. Цу зударша оцу хенахь 16 сахьтехь болх бора, ткъа алапа чӀогӀа кӀезиг дара. — Амма Франсуаза Пика масех яззамехь (кхечу авторшца цхьаьна) гайтира, и факт чӀагӀдан йиш йоций, ткъа дийцар, тера ду, кхоьллина 1955 шарахь, Ӏидан ламаст коммунистийн идеологех дӀакъасторхьама, иза ладаме дара Малхбуза Европера а, АЦШ а зударийн бакъонаш къовсучарна шийлачу тӀеман заманахь[2][3][4][5].

Комментареш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Международные дни Архивйина 2016-05-27 — Wayback Machine — на сайте ООН
  2. Liliane Kandel, Françoise Picq. Le Mythe des origines à propos de la journée internationale des femmes (fr) // La Revue d’en face. — 1982. — No 12. — P. 67-80.
  3. Rose Prudence et Françoise Picq. La légende du 8 mars: de l’agit’prop (fr) // Libération. — Livr. 8 mars 1982.
  4. Temma Kaplan. On the Socialist Origins of International Women’s Day (en) // Feminist Studies. — 1985. — Iss. 11. — P. 163—171.
  5. День прачек и нарисованных усов – Гелия Делеринс – Как жить – Материалы сайта – Сноб. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 9 март. Архивйина 2013 шеран 9 мартехь

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан