Дуьненайукъара божарийн де (инг. International Men's Day, IMD) — хӀора шеран, 19 ноябрехь даздо, дуьненайукъара Ӏида. Дуьххьара иза билгалдаьккхира 1999 шарахь Тринидадехь а, Тобагохь а. ТӀаьхьа оцу Ӏидан агӀо лецира Австралехь, Карибан бассейнан, Къилбаседа Америкин, Гергара Малхбален, Европин, ВКЪКХ мехкашкахь[1][2].

Дуьненайукъара божарийн де кхолларан Ӏалашо ю гендеран божарийн дискриминаци а, сте-боьршаллин бакъонаш нийса ца хиларан терго тӀеяхийтар а. Ӏида юкъадаьккхинчара терго тӀейохуьйту кӀентийн а, божарийн а могашалла Ӏалашъяран[2][3][4][5] а, билгалбоккху позитиван Ӏаткъам божарийн доьзална а, бераш кхиоран а[3][6][7]. ЮНЕСКОн цӀарах, Женевера ЮНЕСКОн Бюрон йукъараллин уьйранийн директора Ингеборг Брейнеса, ткъа иштта «Зударий а, гендеран а харцо» цӀе йолчу программан хилла куьйгалхочо билгалдаьккхира: «И чӀогӀа дика дагадеина хӀума ду, цуо таро лур ю гендеран баланс тоян». Иштта цуо тӀетуьйхира, ЮНЕСКОс догдоху цхьаьна болх бан IMD[1][2] кхоьллинчаьрца.

ХӀинца Ӏида даздо дуьненан 60 сов махкахь, царна юкъахь Йоккха Британи, Канада, Дани, Норвеги, Франци, Итали, Ирланди, Австрали, ХӀинди, Цийчоь, Тринидад а, Тобаго а, Ямайка, Румыни, КЪАР, Танзани, Зимбабве, Ботсвана, Сейшелан гӀайренаш, Бурунди, Мэн гӀайре, Австри, Босни а, Герцеговина а, Украина, Пакистан, Куба, Антигуа а, Барбуда а, Сент-Китс а, Невис а, Сент-Люси, Гренада, Кайманийн гӀайренаш, Мажаройчоь, Белорусси, Гана, Сингапур, Малта, кхин а мехкаш[8].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 UNESCO comes out in Support of International Men’s Day // The Trinidad Guardian. — 2001.
  2. 1 2 3 Интервью с доктором Джероме Тилуксингхом Архивйина 2011-01-09 — Wayback Machine
  3. 1 2 International Men’s Day — Do we care? // Пресс-релиз Men’s Health & Wellbeing Association (MHWA) ACT — 2004.
  4. Join in Celebrating International Men’s Day, by Harrack Balramsingh — письмо в редакцию Cayman Net News от 13 ноября 2001 года
  5. International Men’s Day Global Website: Trinidad and Tobago Архивйина 2010-10-27 — Wayback Machine (записи доктора Тилуксингха о целях IMD)
  6. International Men’s Day on 19 of November to highlight plight of men, (2007) Outlook India Архивйина 2008-03-17 — Wayback Machine
  7. International Men’s Day Global Website Archive 2003—2006 Архивйина 2011-01-09 — Wayback Machine, 2005-2006 Архивйина 2010-11-10 — Wayback Machine
  8. International Men’s Day Global Website Archive Архивйина 2010-10-27 — Wayback Machine

Ссылки нисйе бӀаьра