Дуьненайукъара олхазарийн де
«Дуьненайукъара олхазарийн де» — хӀора шеран 1 апрелехь дазден экологин Ӏида. ССРСхь официалан даздора 1926 шарахь дуьйна (йукъа хан а йулура), Россехь йухадендина 1994 шарахь; Российн Федерацехь олхазаршна лерина Ӏиданех уггаре гӀарадаьлларг ду. ДӀахьо ЮНЕСКОн «Адам а, биосфера а» цӀе йолчу биологин программин гуранчохь.
Законийн бух
бӀаьра нисйан1902 шеран 19 мартехь куьг а йаздина 1905 шерана 12 декабрехь лела йаьлла «Йуьртан бахамехь пайденна долу олхазарш Ӏалашдарехь дуьненайукъара конвенци», хилира гуонахьара кхачо Ӏалашйарехь дуьххьарлера дуьненайукъара конвенци[1]. Советийн Российн чӀогӀа оьшуш бара «Кхелха олхазарех лаьцна дуьненайукъара барт», цунна куьг йаздира 1918 шарахь[2] и который действует до сих пор[3]; 1902 шеран документ хуьйцуш йеира «Олхазарш Ӏалашдаран дуьненайукъара конвенци», цунна куьг йаздира 1950 шеран 18 октябрехь Парижехь — цуьнца лардора дерриг кепара олхазарш, йуьртан бахамна пайденна дерш а, доцурш а[4].
Ӏиданан истори
бӀаьра нисйанАЦШхь
бӀаьра нисйанДина берийн Ӏида санна олхазарийн де (даздо 4 майхь) дӀадахьа долийна АЦШхь 1894 шарахь дуьйна. Иза кховдийнарг Ойл-Сити?! (Пенсильвани) ишколан интендант Бэбкок Чарльз[en] вара. Цуьнан ойланан бух тӀехь лаьттара, оцу хенахь шуьйра даздеш долу, Къинхьегаман де. Ойланца, оцу Ӏиданан дийнахь, олхазаршна лерина кхолламашка ладогӀа а, хӀитто а безара, иза хила дезара, Ӏаламера олхазаршна лерина а, уьш Ӏалашдаран а шеран белхан жамӀ. Бэбкока долийначун гӀо лецира Америкин орнитологийн йукъараллин президента Датчера, цуо дӀахьедира: «Вай вайн бераш Ӏамийначул тӀаьхьа, законаш оьшур а дац»[5]. Бэбкокан ойланна иштта гӀолецира «Питсбурган Телеграфан хроника» газето, цуо йиллира ишколхошна олхазарш Ӏалашден клуб-музей. XX бӀешо долалуш Олхазарийн де шуьйра дӀахьора АЦШхь, кхечу мехкашка а кхечира.
ССРСхь
бӀаьра нисйанУггаре хала болчу революцин мур чекхбаьллачул тӀаьхьа Россехь йуха дагадеира оцу ламастах лаьцна. Иштта 1924 шеран 11 а, 12 а майхь москохан Йуккъера биостанцин хьехархочун Дергунов Николайн а, П. П. Смолинан а куьйгаллица кегийра Ӏаламхоша Дохаллин-Сайнийн-ГӀайренан хьуьнан бахамехь оьллира иттех хара. Оццу хенахь Олхазарийн де дӀадаьхьира Смоленскан областехь ермолинан ишколан хьехархочун Мазуровн куьйгаллица[6]. Ӏиданан кхайкхам бара: «Ма дайа олхазарш!ГӀо де царна: цӀенош а, гуьйнаш а хӀиттаде!»[7].
Российн Федерацехь
бӀаьра нисйанОлхазарийн де йуха а даздан долийна 1994 шарахь цхьа шо хьалха кхоьллинчу Российн олхазарш Ӏалашдаран бертан — диканаш даран коммерцин йоцу кхолламан энтузиастийн-орнитологийн ницкъашца. Оцу Ӏиданах «дуьненайукъара» алахь а, Россехь бен цхьанхьа а иза даздеш дац ала мегар ду.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Игорь Лукашук. Международное право. Особенная часть: Учебник для студентов юрид. фак и вузов, 2008.
- ↑ Вокруг Света | Телеграф | Про птичьи разговоры . ТӀекхочу дата: 2008 шеран 1 апрель. Архивйина 2008 шеран 15 апрелехь
- ↑ Владимир Силаев. ExxonMobil оштрафована за гибель птиц. Архивйина 2009-08-16 — Wayback Machine // infox.ru, 14 августа 2009.
- ↑ Tuomas Kuokkanen. International Law and the Environment: Variations on a Theme // Гаага, 2002
- ↑ Mark V. Barrow. A Passion for Birds: American Ornithology After Audubon. // Princeton University Press, 1998.
- ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуЧибилев
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ Экспонаты выставки к 120-летию со дня рождения П. П. Смолина в Дарвиновском музее, январь 2017 г.
Литература
бӀаьра нисйан- Н. И. Дергунов. День птиц. М., «Молодая гвардия», 1927.
- Н. И. Дергунов. Как организовать «День птиц». М., «Центр. бюро юных натуралистов», 1928.