1 апрель
Апрель | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
2023 шо |
ХӀара йаззам бу Ӏиданах лаьцна лаьцна. Беламан де лаьцна, хьажа 1 апрель (маьӀнаш).
Ӏиданаш а, иэсан денош аНисйе
Хьажа кхин а: Категори:1 апрелан Ӏиданаш
ДуьненайукъараНисйе
КъаьмнийнНисйе
- Иран — Исламан Республикин Иранан де (1979).
- Кипр — Ингалсан колонизаторшна дуьхьала маршонан къовсам болийна де.
- Сан-Марино — Керла Капитанан-Регентан дарж йукъадаккхар.
- КЪАР — Доьзалан де.
- Япон — Мияко одори (бӀаьстенан хелхаран фестиваль).
ХьехархойнНисйе
- Макаренко Антон Семёновичан иэсан де (13.03.1888 — 1.04.1939).
ДинанНисйе
КатолицизмНисйе
- Греноблан епископан Шатонёфан Хьюн[en] иэс, (1132);
- Сардийн Мелитон иэс ( 180 гергга);
- Ӏазапхочун Теодорин иэс;
- аббатан Валарикан[en] иэс (622);
- Арман Келлахан (Цельсан йа Целестинан)[en], архиепископан иэс (1129);
- Жильберан[en], Кейтнессан епископан иэс (1245);
- сийлахь Теудриган иэс.
- Аквитанин Алиенорин иэс
Православи[1][2]Нисйе
- Ӏазапхойн Хрисанфан а, Дарьян а, цаьрца трибун Клавдийн а, цуьнан зудчун, кӀентийн Иасонан а, Мавран а, пресвитеран Диодоран а, диаконан Марианан а иэс (283 шо);
- Ӏазапхочун Руман Панхарийн иэс (302 шо гергга)[3];
- ша саннарг йоцу Пскован-Печерин Вассин иэс ( 1473 шо гергга);
- ша саннарг воцу Комельски Иннокентийн, (Волошоски) иэс (1521 шо);
- нийса лела Софиян, Слуцкан стун иэс (1612 шо);
- дохковаьллачу Блинов Иоаннан иэс (1933 шо);
- ша саннарг йоцу Ӏазапхочун монахиня Матронин (Алексеевин) иэс (1938 шо);
- ша саннарг воцу Дайбабан Симеонан (1941 шо);
- ша саннарг воцу Пскован-Печерин Симеонан (1961 шо);
- Марйаман суьрташ долу жӀараш йазйар:
- «Дог дашар», Смоленскаян (1103);
- «Аз есмь с вами, и никтоже на вы» (Леушинскаян).
ХиламашНисйе
Хьажа кхин а: Категори:1 апрелан хиламаш
XIX бӀешо кхачалеНисйе
- 286 — руман императоро Диоклетиана Максимиан Геркулийн цхьаьна урхалла дан йуьззина бакъонаш йелла, урхалла дан дӀайелла Руман империн малхбузен регионаш.
- 325 — диъ шо долу Чэн-динан шен дегара Мин-дигара Цзинь империн Ӏарш кхаьчна.
- 457 — Майориан руман император кхайкхина.
- 527 — византин императоро Юстин I-чо шен вешин кӀант Юстиниан I-ниг шеца цхьаьна урхалча а хӀоттийна кхайкхийна хин волу император.
- 568 — Лангобардаш Италин чубахаран йуьхьиг.
- 998 — французийн паччахьан некъийн дас Гуго Капета паччахьалла шорйархьама шен кӀантана Роберт II Беркатесийдолчунна йалийна Сусанна Италихойн.
- 1269 — Гданан хӀордйистан элас Мстивой II-гӀачо вассалан байӀат дина Бранденбурган маркграфашна.
- 1340 — данихойн къоман турпалхочо Эббесен Нильса корта баьккхина немцой Данера сардалан Герхард III-гӀачун цуьнан вуьжучу цӀа чохь.
- 1545 — хӀокху заманан Боливи махкахь детин рудникаш дӀайиллинчул тӀаьхьа кхоьллина Керлачу Дуьненан уггаре йаккхийчех шахьар Потоси.
- 1572 — хӀордан гёзаша дӀалаьцна нидерландийн Зеланди провинцера Брилле шахьар, цунах сигнал хилира Нидерландашкара испанин колонин олаллин дуьхьала дерриг къоман гӀаттамна.
- 1579 — йиллина Виленан университет.
- 1625 — испанин-португалин тӀеман экспедицис Салвадор-да-Баия схьайаьккхина Голландин Вест-ХӀиндин компанегара.
- 1734 — Луйсбургехь (Керла Шотланди) дӀайиллина Канадехь хьалхара маяк (локхалла 24 метр).
- 1778 — керлаорлеанан бизнесмено Поллок Оливерана (инг. Oliver Pollock) дагайенина долларан билгало — $.
XIX бӀешоНисйе
- 1803 — французийн правительство ца магадо рузманна тӀехь йоцу цӀераш тахка.
- 1808 — император Александр I-чо гуттаренна а Финлянди Россех тохар кхайкхийна.
- 1828 — Петарбухехь даздарца хӀоттийна Исакъан килсан хьалхара богӀам, цуьнан бух чу йоьллина иэсан мидал.
- 1853 — АЦШн гӀала Цинциннатих хуьлу дуьххьарлера алапа лун цӀе йайаран белхалой.
- 1875 — Ингалсан «Таймс» газето дуьненахь дуьххьара зорба тоьхна хенан хӀоттаман прогнозан.
- 1877 — дуьххьара оьрсийн маттахь Мариински театрехь хӀоттийна опера «Аида».
- 1889 — Чикагохь йохка хӀоттийна дуьххьарлера пхьегӀаш йуьлу машен, иза йина Кокрейн Джозефинас.
- 1890 — бельгера мухажиро Ван Депуле Шарла (нидерл. Charles Van Depoele) АЦШхь йаьккхина хьалхара троллейбусан патент.
- 1891 — исбаьхьалча Гоген Поль МагӀселера Таити новкъа ваьлла.
XX бӀешоНисйе
- 1901 — XX бӀешеран хӀордан бохамех уггаре баккхийчех цхьаъ: туркойн кема «Аслана» тӀулгаш тӀе хина доьхна ЦӀен хӀорд чохь; бохамехь велла 180 стаг[4].
- 1902 — америкин накхаршлелорхочо Хеддон Джеймса (инг. James Heddon) патент йаьккхина дуьненахь дуьххьарлерачу чӀаралоцучу «The „Dowagiac“ Casting Bait» воблеран.
- 1918
- Кхоьллина Йоккха Британин хӀаваан ницкъаш.
- Альбертан провинцехь (Канада) тӀеоьцусь «Малар дӀадоккху закон».
- 1919 — Гропиус Вальтера дӀайиллина архитектурин ишкол Баухаус.
- 1923 — 5 шо зама йукъадоьллучул тӀаьхьа йуха арахеца долийна «ЦӀе» журнал.
- 1924 — Йийн путчан белхан кхел кхайкхийна. Гитлер Адольфан кхелйина пхи шо Ландсберг гӀопера набахтехь даккха.
- 1925 — Къудс-ГӀалахь йиллина «Жуьгтийн университет».
- 1925 — Ленинградехь Губсуьдехь кхоьллина Криминологин кабинет (Ӏалашо – зулахой а, зуламалла а Ӏамор)барам 300 стаг сов[5].
- 1926 — де Сент-Экзюпери Антуана зорба тоьхна шен хьалхара дийцар «Пилот».
- 1931 — Ленинан цӀарах оьздангаллин ГӀала схьайиллина
- 1931 — ГӀирмин медицинин институтехь йешна дуьххьарлера лекцеш (и де лдм кхоьллина де лору).
- 1933 — нацистийн Германехь дӀахьо дерриг къоман цхьаьна дийнан жуьгтийн фирмийн а, туьканийн а бойкот.
- 1936 — советийн соьман курс европин валютин тӀе ориентаци йина.
- 1937 — «Грознефтестрой» трест болхбан йолаелла
- 1937 — Йоккха Британис Британин ХӀиндин йукъара арайаьккхира Бирма.
- 1938 — Швейцарехь хилира йеша къаьхьуон дуьххьарлера шуьйра презентаци.
- 1939 — Испанера гражданийн тӀом чекхбалар. Франкос кхайкхабо шен буьззина толам.
- 1940 — Нью-Джерсехь дуьххьара гойту электронан микроскоп.
- 1946 — посёлок Саров хаьржина хьалхара советийн хоьънан центран йолу меттиг, хин йолу «Арзамас-16». ХӀинца — федералан хоьънан центр «Российн эксперименталан физикин Ӏилманан-талламан институт» (Нижегородски область).
- 1948 — Фарерийн гӀайренашна автономи йелла Данех.
- 1955 — ЭОКАс йолийна Йоккха Британин дуьхьала тӀеман кампани Ӏалашо йара Кипр Желтойчоьх дӀатохар.
- 1960 — хьалахецна спутник TIROS-1[en], цуо дуьххьара космосера телевизион гайтина.
- 1966 — Сенегалехь дӀайоьллу дуьненахь дуьххьарлера африкин говзаллин дуьненайукъара фестиваль.
- 1969 — Цийчоьнан компартин IX гуламо кхайкхадо «оьздангаллин революци» чекхйалар.
- 1969 — Новороссийскехь йолийна троллейбус лела.
- 1970 — президента Никсон Ричарда ца магийна радиохь а, телевизионехь а тонкийн сурсатийн реклама.
- 1972 — Intel компанис гайтина микропроцессор 8008.
- 1976 — Джобс Стива, Возняк Стива, Уэйн Рональда кхуллу Apple Computer Company.
- 1979
- Март чекхболуш йинчу дерриг халкъан референдуман жамӀашца, аятолла Хомейнис Иран исламан республика кхайкхийна.
- Берийн канал Nickelodeon гайта долийна АЦШ берриг махкахь.
- 1981
- Польшехь йукъадаьккхина дааран сурсаташ барамца декъар.
- ССРС йукъадаьккхина рогӀехь аьхкенан ханна дехьадовлар.
- 1984 — америкин музыкахо Гэй Марвин вийна шен дас шен 45 шо кочуш.
- 1985 — йохка йолийна дуьххьарлера легенда хила серера Air Jordan кроссовкаш.
- 1987 — америкахо Ньюмен Стивена[en] чекхдаьккхина диъ шо хьалха долийна дуьненна гуонах некъ бар, оцу деа шарахь гӀашша чекхваьлла 36 200 км йукъаметтиг, хилла пхеа континентан тӀера 20 махкахь.
БинаНисйе
Хьажа кхин а: Категори:Бинарш 1 апрелехь
- Таштемир Эльжуркаевич Эльдарханов (1870 шеран 1 апрель — 1934 шеран 14 ноябрь) — хьехархо, халкъан депутат, политикин белхало, серлонча
- Отто фон Бисмарк (Отто Эдуард Леопольд Карл-Вильгельм-Фердинанд герцог фон Лауэнбург князь фон Бисмарк унд Шёнхаузен; 1815 шеран 1 апрель — 1898 шеран 30 июль) — князь, политик, пачхьалкхан гӀуллакххо, хьалхара Германин империн (шозлугӀа рейхан) канцлер.
XX бӀешоНисйе
БеллаНисйе
Хьажа кхин а: Категори:Белларш 1 апрелехь
XIX бӀешо кхачалеНисйе
- 1404 — Суздалан Евфимий (вина 1316), Спасо-Евфимийн монастырьйиллинарг а, сийлахь Оьрсийн православин килсан архимандрит а.
- 1548 — Сигизмунд I Къенаниг (вина 1467), литвахойн сийлахь эла, полякийн паччахь (1506 шарахь дуьйна).
- 1602 — Фаччини Пьетро (вина 1562), италихойн исбаьхьалча.
XIX бӀешоНисйе
- 1802 — Дюплесси Жозеф (вина 1725), французийн исбаьхьалча-портретхо.
- 1856 — Вигель Филипп (вина 1786), оьрсийн йаздархо-мемуархо, Бессарабин вице-губернатор.
- 1863 — Штейнер Якоб (вина 1796), швейцарин математик, хӀокху заманан синтетикин геометри йиллинчех цхьаъ.
- 1865 — Паста Джудитта (йина 1798), италихойн оперин йишлакхархо.
- 1890 — Можайский Александр (вина 1825), оьрсийн кхоллархо, контр-адмирал.
XX бӀешоНисйе
- 1906 — Хетагуров Коста (вина 1859), поэт, хӀирийн литературин бухбиллинарг.
- 1915 — Аберт Иоганн Йозеф (вина 1832), немцойн композитор а, капельмейстер а.
- 1917 — Джоплин Скотт (вина 1818), афроамерикин композитор а, пианист а.
- 1918 — Ренненкампф Павел тоьпаш тоьхна (вина 1854), оьрсийн тӀеман гӀуллакххо, дошлошкара инарла.
- 1922 — Карл I (вина 1887), Австрин-Мажарчоьнан тӀаьхьара император (1916—1918).
- 1926 — Калмыкова Александра (йина 1850), оьрсийн революционер, йукъараллин гӀуллакххо.
- 1939 — Макаренко Антон (вина 1888), советийн хьехархо а, йаздархо а.
- 1947
- Георг II-гӀа (вина 1890), Желтойчоьнан паччахь (1922—1924 а, 1935—1947 а).
- Зельдте Франц (вина 1882), немцойн политик а, пачхьалкхан гӀуллакххо а, къинхьегаман рейхсминистр (1932—1945).
- 1962 — Гельдерод Мишель де (вина 1898), бельгин йаздархо а, драматург а.
- 1965 — Рубинштейн Элена (йина 1872), хьуьнарча, АЦШхь, Францехь, Йоккха Британехь косметикин асанаш йехкинарг а, туьканийн машанаш бехкинарг а.
- 1966
- Димов Димитр (вина 1909), болгарин йаздархо а, драматург а, фашисташна дуьхьала йолу романийн автор.
- Фланн О’Брайен (бакъ цӀе Бриан О’Нуаллан; вина 1911), ирландин йаздархо а, журналист а.
- 1968 — Ландау Лев (вина 1908), советийн физик, ССРС ӀА академик, Нобелан совгӀатан лауреат (1962).
- 1976 — Эрнст Макс (вина 1891), франкин-германин исбаьхьалча, скульптор.
- 1977 — Осенев Владимир (вина 1908), советийн актёр, РСФСР халкъан артист.
- 1981
- Барто Агния (йина 1901), оьрсийн советийн йаздархо, берийн байтийн автор.
- Рза Расул (вина 1910), Азербайджанийн ССР халкъан поэт, Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо.
- 1984 — Гэй Марвин (вина 1939), америкин йишлакхархо, аранжировщик, музыкахо-мультигӀирсхо, эшарийн автор а, музыкин продюсер а.
- 1985 — Тоидзе Ираклий (вина 1902), гуьржийн советийн суртдиллархо а, график а.
- 1987 — Попов Владимир (вина 1930), советийн исбаьхьалча а, мультипликацин кинон режиссёр а, сценарихо а.
- 1991
- Грэм Марта (вина 1894), америкин хелхарча, хореограф, хьехархо, режиссёр.
- Зелёная Рина (вина 1901), эстрадин, театран, кинон актриса, РСФСР халкъан артист.
- Роведдер Детлев Карстен (вина 1932), малхбузагерманин политик, трастан Treuhand фондан корта, ГДР предприятешна приватизаци лелийнарг.
- 1992 — Сергеев Константин (вина 1910), балетан артист, балетмейстер, хьехархо, ССРС халкъан артист.
- 1994 — Дуано Робер (вина 1912), гӀараваьлла французийн суьрташдохург.
- 1997 — Байтеряков Николай (вина 1923), Удмуртин халкъан поэт.
- 1998 — ша шена тоьхна велла Розз Уильямс (винчу хенахь Роджер Ален Пейнтер; вина 1963), америкин музыкахо, «Christian Death», «Shadow Project», кхин а тобанийн декъахо.
XXI бӀешоНисйе
- 2002
- Коваленко Александр (вина 1943), советийн футболист.
- Хяюхя Симо (вина 1905), финнийн иччархо, исторехь уггаре жамӀенарг.
- 2006 — Мазурок Юрий (вина 1931), оперин йишлакхархо (баритон), ССРС халкъан артист.
- 2008 — Дёмин Лев (вина 1923), советийн а, российн а малхбалейовзархо, дуьненайукъара журналист, историк.
- 2010 — Робертс Генри Эдвард (вина 1941), америкин инженер-электронщик, персоналан компьютеран «да».
- 2014 — Жак Ле Гофф (вина 1924), французийн историк-медиевист.
- 2015
- Леннон Синтия (йина 1939), британин музыкахочун Леннон Джонан хьалхара зуда.
- Мисао Окава (йина 1898), японера дукхайаьхнарг, дуьненан уггаре къена йахархо.
- 2016 — Томпсон Патрисия (йина 1926), америкин философ а, йаздархо а, Маяковский Владимиран йоӀ.
- 2017 — Евтушенко Евгений (вина 1932), оьрсийн советийн поэт а, прозаик а, ССРС а, РФ а Пачхьалкхийн совгӀатийн лауреат.
- 2018 — Давыдов Иван (вина 1918), советийн пачхьалкхан гӀуллакххо, ССРС махлелоран министран гӀовс (1969—1987).
- 2019 — Макинтайр Вонда (йина 1948), америкин йаздархо-фантаст.
- 2022 — Яковлева Александра (йина 1957), советийн а, российн а театран а, кинон а актриса, кинорежиссёр а, йукъараллин-политикин гӀуллакххо.
Хьажа кхин аНисйе
БилгалдахаршНисйе
- ↑ 1 апреля 2017 года. Православие и мир, православный календарь, 2018 г.
- ↑ Старый стиль, 19 марта, Новый стиль 1 апреля, воскресенье Архивйина 2018-03-28 — Wayback Machine. Православный церковный календарь
- ↑ Иэс святого мученика Панхария // Жития святых на русском языке, изложенные по руководству Четьих-Миней свт. Димитрия Ростовского : 12 кн., 2 кн. доп. — М.: Моск. Синод. тип., 1903—1916. — Т. VII: Март, День 19.
- ↑ Курушин М., Непомнящий Н. Великая книга катастроф Архивйина 2016-02-07 — Wayback Machine — М.: ОЛМА Медиа Групп, 2006. стр. 333
- ↑ Шерих Д. Ю. «Городской месяцеслов. 1000 дат из прошлого Санкт-Петербурга, Петрограда, Ленинграда.» К 290-летию Санкт-Петербурга. Издательство «Петербург — XXI век». 224 с., тираж 30000 экз. ISBN 5-85490-036-X