Николай Александрович Дёмин (1924 шеран 15 август, Петровскан кӀошт — 1944 шеран 7 август, Мазовин воеводалла) — гӀашсалти, лейтенант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Николай Александрович Дёмин
Вина терахь 1924 шеран 15 август({{padleft:1924|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1944 шеран 7 август({{padleft:1944|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (19 шо)
Кхелхина меттиг
Эскаран тайпа пехота[d]
Дарж лейтенант
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина медаль «За оборону Кавказа»

Вина 1924 шеран 15 августехь Саратовн областан Петровски районан Кожевино юртахь. Иза Соьлжа-ГӀалахь ворхӀ-шаран школехь дийшира. Цул тӀаьхьа цо чекхйаьккхира фабрикан а, заводан а дешаран школа чекхйаьккхира. ТӀаккха цо Соьлжа-ГӀалан крекинг-заводехь сгонщик а, лакхара оператор а болх бира[1].

Цо дакъа лецира Къилбаседе-Кавказан а, Къилбан а, 1-ра Украинин а, 1-ра Белоруссин а фронташкахь. 1943 шарахь цо чекхйаьккхира Бакун эскаран гӀашсалтин училище. Цо дакъалецира Кавказера мостагӀ йухатухуш а, Украина а, Польша а мукъайоккхуш а тӀемашкахь. 1944 шеран июль кхачале Дёмин вара 1-ра Белоруссин фронтан 8-гӀа гвардин армин 11-гӀа танкан корпусан 65-гӀа танкан бригадан автоматчикийн батальонан куьйгалхо[1].

1944 шеран 19 июлин буьйсанна Дёминан рота Малбузе Буг цӀе йолу хих дехьа а ялла, дуьхьул бойлла мостагӀийн тоба хӀаллак а йина, схьабеккхира уллехь болу уггар лекха лам. Малх гӀоттуш хенахь мостагӀий и лам схьабаккха гӀерташ массийтуза тӀелетир, амма хӀора цӀера тӀелатар Дёминан ротас йухатуьхуьра. Оцу тӀемашкахь цара хӀаллаквира 80 немцойн салти а, эпсар а, кхиъ ис цара схьалецира. Цул тӀаьхьа ротас жигара дакъа лецира Польшин массийтта нах беха меттиг схьайоккхуш. 1944 шеран 7 августехь Дёмин винера Вислан малхбузе бердан тӀехь йолу Люцина цӀе йолу юртан уллехь. Иза дӀвоьллира Люцина юртахь[1].

1944 шеран 22 августехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца лейтенант Николай Дёминан Советски Союзан Турпалан цӀе йелира (веллачул тӀехь). Иштта цунна еллера Ленинан орден а, «Кавказ Ӏалашйаран» медаль а[1].

Дагахьлаттавар

бӀаьра нисйан

Дёминан цӀе йелла Соьлжа-ГӀалахь йолу школан а, ураман а[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 5   Николай Александрович Дёмин. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой». ТӀекхочу дата: 2021 шеран 26 октябрь.

Литература

бӀаьра нисйан
  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Румянцев Н. М. Люди легендарного подвига. — Саратов, 1968.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан