Европехь меттанийн деза-де
Европехь меттанийн деза-де — 26 сентябрехь даздо Ӏида. Кхайкхийна Европин Кхеташоно (къобал дина Европин барто) Европин меттанийн шарахь — 2001 шеран 6 декабрехь[1]. Дийнан коьрта Ӏалашо — адаман дахарехь ишколашкахь а, царна арахьа а тайп-тайпана меттанаш Ӏамор къобал дар, цу тӀе европин меттанаш кхетам шуьйра маьӀна долуш ду Евробартан мехкийн-декъашхойн официалан меттанашка хьаьжча.
Ӏалашонаш
бӀаьра нисйанКегийра а, даккхийра а меттанаш Ӏалашбар а, кхиор а деклараци йеш ду Евросоюзан меттанийн политикин. Цуьнга кхачаран хьесапашна юкъахь дуьйцу цхьаннал сов кхечу мехкан мотт Ӏамор а, гӀеметтахӀоьттича а меттанаш Ӏамор дӀадахьар. Башха билгаладоккху кхечу мехкан масех мотт Ӏамо дезар.
Европехь меттанийн деза-ден коьрта Ӏалашонаш
бӀаьра нисйан- меттанаш Ӏаморан проблеман терго яхийтар оьздангаллин а, меттанашна а йукъара уьйранийн тӀегӀа айбар Ӏалашо йолуш;
- Европин меттанийн а, оьздангаллин а бес-бесара бахам гайтар;
- адаман дерриг дахарехь тайп-тайпана ишколашкахь, уьш йоцучехь тайп-тайпана меттанаш Ӏамор а, карадерзор а къобал дар.
Билгалъяха мегар долу факташ
бӀаьра нисйанЕвропин махкахь 225 автохтонан мотт бу, 2/3 декъал сов царех хӀинца я делла, я дӀадовла герга ду гуттаренна а хуьлу ассимиляци бахьнехь (масала, ирландхойн мотт а, кхин кельтийн меттанаш а).
Иштта, 2009 шарахь ЮНЕСКОс лерира Российн махка тӀиера 136 мотт бан кхерам болуш хилар[2].
Кхечу агӀора, Европин меттан сурт хаъал тоделла XX бӀешеран шолгӀачу декъехь дуьйна, оцу хенахь массашкахь экономикин а, политикин а миграцеш бахьнехь берриг аьлча санна европин мехкашкахь, дукхах дерг церан коьрта шахьаршкахь, хаза болабелира дуьненан дукха къаьмнийн меттанаш. Европин яккхийчех йолчу мегаполисехь (Москох), ткъа иштта Петарбухехь, хӀинца дукха бу украинийн, молдавийн, гӀиргӀазойн, узбекийн, таджикийн, ингалсан, французийн, цийн, вьетнаман, кхин дуккха а дуьненан меттанаш буьйцурш. Германехь хаало туркойн мотт хилар, Швецехь а, Францехь а —аьрбийн, Лондонехь тӀаьххьара талларца беха 336 мотт буьйцу къаьмнаш, царна юкъахь хӀинди, урду, тайп-тайпана африкин меттанаш, кхин дӀа а. Амма дукха хьолахь кхоалгӀачу мехкашкара мухажираш алсама бахкаро кегийрачу къаьмнийн автохтонан меттанийн хьал талхадо, хӀунда аьлча мухажираш Ӏамо гӀерта экономикин «гӀоле болу», дукха буьйцу мотт, ненан мотт цӀахь бен ца буьйцуш, кхин берш дӀа а тоьттуш. Иштта, Ирланде мухажираш бахкаро ирландийн мотт ингалсан меттан хьалха божабо, ткъа Финляндехь — шведийн финнийн меттан чоьтах.
ХӀинцалера Европин меттан статистика
бӀаьра нисйанУггаре баьржина Европин мотт (буьцучара лелориг шайн ненан мотт лорург) бу оьрсийн мотт географица а, мехкашца а (105 млн сов веха российн европин декъехь). 15 - 40 млн оьрсийн мотт буьйцурш, царна юкъахь ши мотт буьйцурш а, беха Украинехь (2001 шарахь хиллачу бахархой багарбаран белхан терхьашца - 30 % бахархой), 6 - 10 млн Белоруссехь (2001 шарахь хиллачу бахархой багарбаран белхан терхьашца - 58 %). Берриш схьаэцча оьрсийн мотт ненан мотт лору 150 миллион сов европахоша.
Цул тӀаьхьа богӀу немцойн мотт — 95 миллион стаг гергга, французийн мотт — 66 миллион, ингалсан мотт — 63 миллион, италихойн мотт — 60 миллион, испанийн мотт а, полякийн мотт а — 40 млн ший а, украиний мотт — 25-30 млн гергга.
ХӀокху заман тенденцеш
бӀаьра нисйанЕвропахоша лелош долу арахьара меттанех къастадо: ингалсан (38 %), немцойн (15 %), французийн (14 %), оьрсийн (7 %), испанийн мотт (5 %), италихойн мотт (3 %).