Жанна д’Арк
Жа́нна д’Арк, Орлеанан йоӀ-стаг (совр. фр. Jeanne d'Arc[2]; 1412 шеран 6 январь — 1431 шеран 30 май) — Францин халкъан турпал, БӀешеран тӀамтӀехь французийн эскаран куьйгалхох цхьаъ. бугӀгунхойн кера йахача цара иза ингалсхойга дӀайелира. Ингалсхойш иза цӀера тӀехь йагийра холмачхо йу аьлла. ТӀаьхьа иза католикаш баьхказа йаккхина йазйира.
Жанна д’Арк | |
---|---|
Бакъ цӀе | хууш дац |
ГӀуллакхан тайпа | военнослужащий |
Йина терахь | 1412 шеран 6 январь |
Йина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1431 шеран 30 май (19 шо) |
Кхелхина меттиг | ГӀуан, Лакха НогӀманди, Франци |
Гражданалла | Франци |
Да | Жак д’Арк |
Нана | Изабелла де Вутон |
Куьг таӀор | |
Жанна д’Арк Викилармехь |
Биографи
бӀаьра нисйанСуд йар
бӀаьра нисйанСуд йолайелла 1431 шеран 21 февралехь. Жаннин суд Ӏосаллех бехке йина килсано йеш йалахь а, амма набахтехь ингалсаш ларйеш йара тӀеман йийсархо санна. Суьдан коьртехь вара епископ ПьегӀ Кошон, Францехь ингалсийн оьшучун луьра агӀонча.
Ингалсан правительство лечкъа а ца дора шеш д’Арк Жаннин йеш йолу суьдан декъахь хилар, оцу суьдан шеш луш долу ладамалла а. Цара шайн тӀелецира йерриг харж а. Дисина долу а, НогӀмандехь зорбане даьхна долу а ингалсан хазналлин кехаташ гойту, и харж кӀезиг ца хилар.
Венецихочун Морозинин хроникашкахь дуьххьала дӀа аьлла ду: «Ингалсаша йагийна Жанна цуьнан аьттонаш бахьнехь, хӀунда аьлчи французаш чӀагӀлуш бара, гуттаренна а чӀагӀлуш лаьттара бу а моттара. Ингалсаша элира, и йоI лийр йу, аьтту кхин богӀур бац дофинан». Суд йоьдуш хиира, Жанна бехкейан атта хир доций — суьдехь йоI латтара цецвоккхучу майраллица, дуккха а йина кӀелонан гуонаха чекх а йолуш, галл ца йолуш дӀататтара Ӏосаллех, шайтӀанца берта йахарех буьллу бехк. Ӏосаллех болу бехк шайга тӀе ца лацабалийтича, суд йолайелира тӀетийжа деридар оьшуш доцу кхечу факташна — масала, божарийн духар леладар, Килса авторитет ца хетар, кхин а гӀертара Жаннин хезна долу аьзнаш шайтӀанера хезаш дара аьлла. Килсан суьдан низам дохош Жаннина бакъо ца йелира Папега арздан а, тергал ца дира Жаннин дика долу Пуатьера процессан жамӀаш.
Тутмакхан майралла йайархьама иза латтайо къизачу хьолехь, ингалсан хойша йемалйо иза, 9 майхь лееш кхерамаш тийсира ницкъ бийрбу бохуш, амма мел дийриг а пайденна дацара — Жанна йухаерйолуш йацара, бехк тӀе ца лоцура. Кошон кхетара цуо дери а ца деш ша Жаннин йиеран кхел йахь, тӀаккха цуьнан гонаха бехказа йийначун ореол хир хиларх. 24 майх лечкъа а ца деш йамартло лелийра — тутмакхан гайтира иза йагийна йиен кечйина кийча цӀе, цӀеран уллехь дош делира иза ингалсан набахтера килсан набахте дехьайаккха, ткъа цигахь цуьнга дика хьовсур бу, нагахь цуо кехат тӀехь куьг йаздахь Ӏосаллех а, Килсане ла ца догӀарх а дӀахедар йу аьлла. Цу тӀе деша хууш йоцучу йоьӀан йешна текст йолу кехат, кхечуьнца хийцира, цу тӀехь ша йуьззина дӀахеда шеен «Ӏехайаларх» аьлла дара, оцу кехат тӀе Жаннас жӀар йиллира. Хууш дара, Кошона ойла а ца йора шен дош кхочушдан, иза йуха а хьалхалерачу набахте дӀахьажийра.
Масех де даьлча Жаннас йуха а божарийн духар доьхна аьлла (зударийнарг цуьнгара ницкъала схьадаьккхинера), иштта иза йуха а «галйаьлла» аьлла трибунало йиеран кхел йира. 1431 шеран 30 майхь д’Арк Жанна дийна йоллушехь Руанера Ширачу Базаран майданахь йагийра. Жаннин коьрта тӀе кехатан куй а тиллина «Ӏесаниг, мунафикъ, ширкаш дийриг» аьлла йаздина, цӀеран тӀейигира. «Епископ, со леш йу хьо бахьнехь. Аса Делера кхел йоьху хьуна!» — лакхара мохь туьйхира Жаннас, дийхира шега жӀар йалар. Чалтачо кховдийра жӀар йина чӀийш. ЦӀаро йаго йолийча цуо мохь туьйхира масийттаза: «Ӏийса!» аьлла. Берриш аьлча санна къахеташ боьлхуш бара. Цуьнан чим баржийра Сена тӀехула. Шинон гӀалан музейхь Ӏалашйеш йу дийцарехь Жаннах йисанарг, Ӏилманчийн талламаша уьш цуьнан йац боху.[4]
Йиццайар
бӀаьра нисйан- ХӀора шарахь 8 майхь Францехь даздеш ду «Жанна д’Арк де»
- Жанна д’Арк цӀе тиллина 1872 шарахь карийна астероидан (127) Жанна.
- Жанна д’Арк цӀе тиллина 1964 шарахь дина французийн крейсер-вертолетоносцан.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Pernoud R. J'ai nom Jeanne la Pucelle (фр.) — Éditions Gallimard, 1994. — P. 15.
- ↑ Цуьна цӀе тайп-тайпа йазйора XIX бӀешо йуккъе кхаччалц. [Р. Перну. М.-В. Клэн. Жанна д’Арк: с. 220—221]. Цо ша шен цӀе йазйора Jehanne аьлла (см. www.stjoan-center.com/Album/, части 47 и 49).
- ↑ Эта статуя охраняется государством как исторический монумент с 30 октября 2002
- ↑ Declan Butler. Joan of Arc’s relics exposed as forgery «Nature», 446 (5 April 2007)
Литература
бӀаьра нисйан- Процесс Жанны д’Арк: Материалы инквизиционного процесса. М.; СПб., 2007.
- А. П. Левандовский. Жанна д’Арк. — М.: Молодая гвардия, 1962; 1982 (2-е издание); 2007 (3-е издание). ISBN 978-5-235-03039-8
- Р. Перну. М.-В. Клэн. Жанна д’Арк. — М.: Прогресс, 1992. ISBN 5-01-002054-8
- В. Райцес. Процесс Жанны д’Арк Архивйина 2004-11-17 — Wayback Machine
- А. Сикари. Святая Жанна Архивйина 2007-01-08 — Wayback Machine
- Марк Твен. Жанна д’Арк Архивйина 2007-03-01 — Wayback Machine
- Дмитрий Мережковский. «Жанна д’Арк» Архивйина 2015-09-23 — Wayback Machine
- П. В. Крылов. Мужской костюм Жанны д’Арк: неслыханная дерзость или вынужденный шаг? Архивйина 2007-09-14 — Wayback Machine
- В. Тропейко. Жанна д’Арк
- Ален Деко. Великие Загадки Истории: Была ли сожжена Жанна д’Арк? Архивйина 2007-09-30 — Wayback Machine
- О. Велейко. Оклеветанная Жанна, или разоблачение «разоблачений»
- Оболенский С. С. Жанна — божья Дева. Париж YMCA-PRESS 1987 г. 506 с.
- Бернард Шоу. Святая Жанна (Saint Joan, 1923)
- Тогоева О. И. Вольтер, Жанна д’Арк и осел. К истории одного мотива // Французский ежегодник 2008. М., 2008. С. 25-46.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйанJeanne d'Arc Викилармехь |
- Жанна Д’Арк — жизнь как шедевр. Программа «Эха Москвы» из цикла «Всё так»
- Проект «Святая Жанна» библиотеки «Una Fides»
- Сайт, посвящённый Жанне д’Арк с подборкой документов
- Проект Maid of heaven
- Анри Валлон. Жанна д’Арк
- Протоколы обвинительного процесса Жанны д’Арк
- Материалы по альтернативной версии Архивйина 2009-06-04 — Wayback Machine
- Осада Орлеана(франц.)
- Миссия Жанны д’Арк и загадки истории (Евгений Хацкельсон).