Жеромский, Стефан
Сте́фан Жеро́мский (пол. Stefan Żeromski; 1864 14 октябрехь, Стравчин Кельцен гергахь — 1925 20 ноябрехь, Варшава) — полякийн йаздархо, драматург, публицист.
Стефан Жеромский | |
---|---|
Stefan Żeromski | |
Тиллина харц цӀерш: | Maurycy Zych, Józef Katerla, Stefan Iksmoreż |
Вина терахь | 1864 шеран 14 октябрь |
Вина меттиг | Стравчин Кельцен гергахь |
Кхелхина терахь: | 1925 шеран 20 ноябрь (61 шо) |
Кхелхина меттиг: | Варшава, Польшин Республика |
Гражданалла: |
Российн импери Польша |
ГӀуллакхан тайпа: | прозаик, драматург |
Хьажам: | реализм |
Жанр: | дийцар, повесть, роман |
СовгӀаташ: | пачхьалкхан литературин совгӀат |
Куьг: | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Биографи
бӀаьра нисйанВина къиенъеллачу шляхтхойн доьзалехь. Дегара 1863 шеран гӀаттаман декъахь хиларна бахам дӀабаьккхира, цуо аренде ийцира фольварк.
Жеромский доьшуш вара Кельцера гимназехь, кхечарна йукъахь, цуьнан хьехархо вара литературин йемалхо Бем Антони Густав. Кхиаран аттестат даланза, деша хӀоьттира Варшаверачу Лакхарчу ветеринарин Ӏамоле. Чу а воьллира патриотин гӀуллакх бахьнехь. 1889 шарахь долара хьехархо болх бира. 1880-гӀа шерашкахь долийра литературин гӀуллакх. 1892 шарахь вахара Вене, Цюрихе, Мюнхене, масех бутт баьккхира Краковехь, Закопанехь. Василевский Зигмундца цхьаьна библиотекаран гӀоьнча болх бира Польшин музейхь Рапперсвилехь (1892—1896). Варшаве йухавирзача хилира ЗамойскигӀеран библиотекин библиотекарь (1897—1904). Дуьххьарлера прозаикан гуламаш зорба туьйхира 1895 шарахь[1]. ТӀаьхьуо вехира литературин белхаца.
Ваьхна Закопанехь, Наленчувехь, 1906 шарахь вахна Итале. 1908 шарахь лаьцна агитацин-серлонан болх бахьнехь[1]. ДӀахецначул тӀаьхьа 1912 шо кхаччалц ваьхна Парижехь. Польше йухавирзича, ваьхна Закопанехь а, Краковехь а. Хьалхара дуьненан тӀом болалуш йукъавахна Пилсудскийн легионашна, амма сихха йитира. 1914 шеран декабрехь Закопанехь Каспрович Янаца цхьаьна кхоьллира дерриг Польшин латтанаш цхьаьнатохаран ойла кхайкхон къайлаха политикин меже. ТӀом чекхбаьлча ваьхна Варшавехь а, цунна бухарчу Констанцинехь. Дакъа лаьцна тайп-тайпана политикин, йукъараллин, оьздангаллин кампанешкахь, Литературин академи йилларан хьалханча хилла, кхоьллина Польшин литературин клуб (Polski Klub Literacki, ПЕН-клубан дакъа). 1924 шарахь Нобелан литературера совгӀатан кандидат хилла, амма иза йелира Реймонт Владиславан. 1925 шарахь делира пачхьалкхан литературин совгӀат «хӀорд тӀиера мох» („Wiatr od morza“) роман йазйарна. 1924—1928 шерашкахь ССРС арахийцира Жеромскийн 24 жайна, роман „Przedwiośnie“ арайелира пхеа гочдарехь.
Кхолларалла
бӀаьра нисйанЛитературин болх болийна 1880-гӀа шерашкахь. Хьалхара дийцарш зорба тухура хӀора кӀиран газеташкахь «Тыгодник Повшехны» („Tygodnik Powszechny“) а, «Глос» а („Głos“). Дуьххьарлера дийцарш а, повесташ а арахецна «Дийцарш» („Opowiadania“, 1895), «Къийгаша зӀакарш еттар йу вайна» („Rozdziobią nas kruki, wrony“, 1895)[1], «Прозан кхолламаш» („Utwory powieściowe“, 1898) цӀе йолчу гуламашкахь йу. Уьш литературин историкаша лелайо полякийн Болеслав Прусан, Ожешко Элизин, Конопницкая Мариян емалийн реализман тӀаьхьен ламаст санна. Амма «позитивхойн» кхоллараллех Жеромскийн кхолламаш къаьста шен ойланийн чулацамца а, литературин башхаллашца а: социалан кхиаман скептикан йукъаметтиг го, шайн ойланаш кхочушйан гӀертачу турпалхойн иэшам хиларан суьрташкахь.
XIX бӀешарахь Польшин къам-маьшадаккхаран къийсамах лаьцна йу романаш «Чим» („Popioły“, 1902—1903; экранаш тӀейаьккхина иштта цӀе йолчу фильмехь кинорежиссёра Вайда Анджейс 1965 шарахь), «Дахаран хазалла» („Uroda życia“, 1912), «Тешаме эрк» („Wierna rzeka“, 1912), историн драма «Сулковский» („Sułkowski“, 1910).
«Сизифан къинхьегам» („Syzyfowe prace“, 1897), «ЗӀенар» („Promień“, 1897) дийцарийн, «Ровзан» („Róża“, 1909) драман, «Лекъ деда соьх» („Uciekła mi przepióreczka“, 1924) комедин, «ШайтӀанца дов латтор» („Walka z szatanem“, 1916—1919) кхаа жайнан, «ХӀусам йоцурш» („Ludzie bezdomni“, 1900), «Къинойн истори» („Dzieje grzechu“, 1908), «БӀаьсте йолуш» („Przedwiośnie“, 1924) романийн, кхечу кхолларийн автор.
Арахецарш
бӀаьра нисйан- С. Жеромский. Собрание сочинений. СПб., 1908-1914 (вышли тома 1—6, 8—9, 13)
- С. Жеромский. Избранные сочинения. 1—4 т. Москва: Гослитиздат, 1957—1958.
- С. Жеромский. Весна идёт. 1925
- С. Жеромский. Бездомные. Л., 1926
- С. Жеромский. Верная река. Л., 1926
- С. Жеромский. Вчера и сегодня. Л., 1926
- С. Жеромский. История греха. Л., 1926
- С. Жеромский. Откровение любви. Л., 1927
- С. Жеромский. Бездомные. М., 1949
- С. Жеромский. Рассказы. М., 1950
- С. Жеромский. История греха. М., 1961 г. 504 с.
- С. Жеромский. Верная река. М., 1963
- С. Жеромский. Пепел. М., 1967
- С. Жеромский. История греха. М., 1987 г. 480 с.
Литература
бӀаьра нисйан- Беларуская энцыклапедыя: У 18 т. Т. 6: Дадаізм — Застава / Рэдкал.: Г. П. Пашкоў і інш. — Кеп:Мн.: БелЭн, 1998. — С. 426. — 576 с.: іл. — 10 000 экз. — ISBN 985-11-0106-0.Кеп:Ref-by
- Витт В. Стефан Жеромский. — М., 1961.(оьр.)
- Mały słownik pisarzy polskich. Część pierwsza. — Warszawa: Wiedza powszechna, 1966. — S. 197—199.(поляк.)
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 Жеромский Стефан // Железное дерево — Излучение. — М. : Большая российская энциклопедия, 2008. — С. 42. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 10). — ISBN 978-5-85270-341-5.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Stefan Żeromski (биография и тексты)(ингалс.)(поляк.)
- Stefan Żeromski(ингалс.)
- Stefan Żeromski(поляк.)