Закарийя
Закарийя́ (Ӏаьр. زَكَرِيَّا) — иза исламан пайхамар ву жуьгтийн къоманна ваийтина. Къуръан чохь 8-зза хьахийна ву. Яхья пайхамаран да ву иза.
Закарийя | |
---|---|
Ӏаьр. زَكَرِيَّا | |
![]() | |
Вина терахь | 100 в. э. хилле |
Вина меттиг | Халиль, Бану Исраьил |
Кхелхина терахь | 20 шо |
Кхелхина меттиг | Халеб, Къудс-ГӀала, Бану Исраил |
Зуда | Элизабет[d] |
Лоруш волу динаш | Ислам, Керсталла, Иудаизм |
Биографи Нисйе
Закария пайхамар волчу заманахь Къудс-ГӀалин килсехь дийнахь а, буса а Далла гӀуллакх деш бара жуьгтий. Оцу килсан гӀуллакххой бара ХӀарон пайхамаран тӀаьхьенах. Цо Исраилан къоман йукъахь шен дине кхайкхар. Ӏимранан йоӀ Марьям кхобуш вара иза, цунна Товрат а Ӏамийнера цо. Ӏиса пайхамар винчул тӀаьхьа. Жуьгташа цуьнан цӀа чу а лилхина вийна иза.
Яхья пайхамар дуьнен чу валарх Нисйе
Закария пайхамаран а, цуьнан зудчунна Элисан а дукха хена дуьйна цхьа бера ца хилла, тӀаккха иза АллахӀ-деле доьхуш вара, шен кӀант валарца. АллахӀ-дала тӀеэцна хилла цуьнан дехар, цуьнга маликаш а дахкийтина, кхаъ баьккхина хилла цуьнга. ТӀаккха къанвелла Закария, бӀе шо долуш хиллачу хенахь, шекваьлла маликаш дийцинчух, цо хаьттина цаьрга и дешнаш бакъ хиларан хаам барх. Хаам гучубаьлла кхаа дийнахь Закария вистцахуьлуш.
Кхин хьажа Нисйе
Билгалдахарш Нисйе
ХӀара исламан адамех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |