АллахӀ
АллахӀ (Ӏаьрб. اَلله ) — бусалба дин исламан цхьаъ волу, бакъ а волу Дела ву, дуьне а, маликаш, джиннаш, адамаш а кхоьллинарг ву иза, къематдийнан паччахь а ву. АллахӀ-дала шен Дин чӀагӀдеш ваийтина ву Мухьаммад пайхамар
.
АллахӀ | |
اَلله | |
![]() | |
«АллахӀ, Рахьман, Рахьим, Малик, Къуддус, Салам, Муъмин, МухӀаймин, Ӏазиз, Джаббар, Мутаккабир, Халикъ, Бариъ, Мусаввир, ГӀаффар, КъаххӀар, ВаххӀаб, Раззакъ, Фаттахь, Ӏалим, Къабид, БаситӀ, АӀла, Акрам, ИлахӀ, Хьафиз, СамиӀ, Басир, Хьаким, ЛатӀиф, Хабир, Хьалим, Ӏазим, ГӀафур, Шакур, Ӏали, Кабир, Мукъсит, Хьасиб, Карим, Ракъиб, Маджид, ВасиӀ, Хьаким, Вадуд, Маджид, Халакъ, ШахӀид, Хьаккъ, Вакиль, Къави, Матин, Вали, Хьамид, Шакур, Ӏалим, КъаххӀар, Къадир, Къариб, Хьайй, Къайум, Мали́к, Мавла, Вахьид, Ахьад, Самад, Къа́дир, Мукътадир, Мукъаддим, Муаххир, Ахир, ЗахӀир, БатӀин, Насир, МутаӀали, Барру, Тавваб, Джамиль, Ӏафувв, Рауф, Джавад, Хьаййи, Рафикъ, ГӀани, Сабур, Саййид, Зуль-Джалалиль Икрам, Шафи, ТӀаййиб, Мухьсин, МуӀтӀи, Маннан, Варис, Рашид, НафиӀ, Маликульмульк, Муджиб, Нур, ХӀади, БадиӀ, Бакъи » | |
---|---|
Динашкахь ларар | Ислам |
Кхидерш |
Къуръан Мухьаммад |
ХӀара яззам Нохчийн Википедин дикачарех бу. |
Доца ислам-динан билгалонан шахӀадат ду: «Цхьа дела вац, АллахӀ воцург, Делан элча Мухьаммад ву».
Мухьаммад пайхамара аьлла: «АллахӀ-делан дезткъе ткъесна цӀе ю, бӀе йоцург, уьш хиинарг ялсамани гӀур ву».
АллахӀ ву стигал а, латта а кхоьллинарг. АллахӀ-дала аьлла: «Ша кхоьллина ма-дац маликаш, джиннаш, адамаш а шена лолалла дайта бен». АллахӀ ву ша воцург кхин дела а воцуш, уггаре хаза цӀераш ерг а. Адамийн декхар ду, АллахӀан лолалла дар а, ламазаш дар а, гӀо дехар а, иманехь нисдар а. АллахӀ-дала шега адамо цадехча, ша оьгӀазвоьду боху. АллахӀан уллехь дерш маликаш ду: Джабраиль, Ӏазраиль, Исрапиль, Малик, Ризван а кхидерш. АллахӀ дуьххьара шен бакъ долу дин делларг ИбраьхӀим пайхамар ву. ИбраьхӀиман дин, Маккахь юха дендинарг ву Мухьаммад. Массо а пайхамарийн дин, АллахӀан дин (ислам) хилла.
Мухьаммад дуьненчу вале, АллахӀ-дела лоруш хилла Маккахь болчара, амма делахь а, цара тӀулгаш а хилла шайн делой санна лоруш. Мухьаммадас царна АллахӀ цхьаъ хиларх гайтина.
Къуръанан тӀехь
Къуръан — иза АллахӀан дуьхьал дӀа къамел ду, Мухьаммад-пайхамаре дина дехар дара, Джабраиль маликехула. АллахӀ-дала ша хьахийна, шен сийлахь долчу къуръанехь:
АллахӀ-дела бакъ хиларан билгалонаш
«Цхьа а дела вац, хинволу АллахӀ-воцург, цхьа а накъост воцуш волу, цуьнан долахь ду олалла, хастам бу цунна; цхьа дела вац, АллахӀ воцург; АллахӀ-дела воккха ву; цхьанне а ницкъ бац, АллахӀ воцчунна, Лекха а, Воккха а волчу». АллахӀа тӀадамех цӀийн улх кхоьллина, иштта даьӀахкаш а, тӀаккха адаман са а кхоьллина. АллахӀ ша адамашна елла хан ю, и хан чекхъяьлча адаман дӀакхелха. ТӀаккха Къематдийнахь массо а АллахӀ-дала денвийр ву. Баккъалла а, АллахӀ-делан карахь ду стиглахь дерг а, лаьттахь дерг а. Хиндерг а, хилларг а хууш ву иза, Къематдийнахь хиндол хьал хууш верг ву иза.
Адам кхоллар
Бакъдерг, сийлахь волчу АллахӀ-дала хьекъал кхоьллича, цунна тӀевирзина аьлла: «ДӀадерза оцу агӀор» — хьекъал дӀадирзина, «Вукха агӀор дӀадерза» — хьекъал дӀадирзина. ТӀаккха Сийлахь-АллахӀа аьлла: «Дуй боу ас, сайн сийлаллица, аса ца кхоьллина алсамо доккха кхоллар, хьо санна, хьо бахьанехь аса таӀзар дийр ду, хьо бахьанехь аса мах лур бу!».
Хьекъал бахьанехь адамах адам хилла. И хилла инзаре доккха АллахӀ-делан беркат. Адам, ша кхоьллинарг мила ву а цахууш, цуьнан омраш кхочуш ца деш верг а, хьекъале вац, нагахь санна-м, иза адамийн куьцах а вац.
Такбир (вазвар)
Такбир (Ӏаьрб. تَكْبِيرٌ — вазван) — исламехь: АллахӀ-дела вазвар ду, цуьнан дешнаш ду «АллахӀу акбар» (Ӏаьрб. اَللهُ أَكْبَر), Ӏаьрбийн маттара гоч дича, цуьнан маьӀна «АллахӀ-дела воккха ву» бохург ду. Такбир олу азан кхойкхучу хенахь, ламазехь, гӀурба дуьйш, зикр олучу хенахь а. «АллахӀу Акбар» аьлла фраза, масех пачхьалкхан байракхан тӀехь яздина ду.
Кхечу меттанашкахь йоккху цӀе
АллахӀ цӀе Ӏаьрбийн маттахь санна язйо: гӀажарий а, урду а иштта дӀ.кх. меттанашкахь.
- Ассамийн, Бенгалийн: আল্লাহ Allah
- Боснийн: Allah
- Китайн: 阿拉 Ālā, 安拉 Ānlā; 真主 Zhēnzhǔ, 胡大 Huda (Хода, ГӀажарийн маттара)
- Чехийн, Словакийн: Alláh
- Желтойн: Αλλάχ Allách
- Жуьгтийн: אללה Allah
- Хинди: अल्लाह Allāh
- Малаялам: അള്ളാഹ് Aḷḷāh
- Японийн: アラー Arā, アッラー Arrā, アッラーフ Arrāfu
- Мальтийн: Alla
- Корейн: 알라 Alla
- Полякийн: Allah, also archaic Allach or Ałłach
- Оьрсийн, Украинийн, Болгарийн: Алла́х Allakh
- Сербийн, Белорусийн, Македонийн: Алах Alah
- Испанхойн, Португалихойн: Alá
- Тайн: อัลลอฮ์ Anláw
- Пунжаби (Гурмухи): ਅੱਲਾਹ Allāh, archaic ਅਲਹੁ Alahu
- Туркойн: Allah.