Зезагийн парк
«Зезагийн парк» (оьрсийн маттахь «Цветочный парк») Соьлжа-гӀалин юккъехь а, Грозни-сити цӀе йолу тӀехлекхачу гӀишлош йистехь йиллина парк ю.
Парках лаьцна хаамаш
бӀаьра нисйанПарк схьайиллина 2017-чу шеран товбецан-беттан (сентябран) 17-чу дийнахь. Цу дийнахь нохчийн зудчун Де даздеш дара. Цуьнан 4,5 гектар майда ю. Диъ бӀе кхузткъе ворхӀ аьчкан меженаш (конструкцеш) тӀехь бӀе шовзткъе итт эзар зезаг хилар бахьана долуш «Зезагийн парк» цӀе тиллина цунна.
Паркехь кхуьуш 18 эзар колл а, 500 дитт а (даькхнаш а, леганаш а, пальмаш а) ду. Ораматашна хи тоха лелош ю керла юкъаяьлла хи туху система. Паркехь нохчийн гӀаланаш йолуш фонтан ду, цуьнан локхалла берхӀийтта метр ю. Иштта дийнатийн куьцаш (черчий а, мермаӀа а, «Шрек» чура вир а) ду паркехь[1].