Зубков, Виктор Алексеевич (баскетболхо)

Зубков Виктор Алексеевич (1937 24 апрелехь, Дон-тӀера-Ростов, РСФСР, ССРС2016 16 октябрехь, Москох, Российн Федераци[1]) — советийн баскетболхо, ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1961), Олимпийн ловзарийн шозза вице-чемпион: Мельбурнехь (1956) а, Румехь (1960) а, ССРС гулйина командин йукъахь кхузза Европин чемпион. Советийн баскетболан уггаре дика центровойх цхьаъ[2].

Зубков Виктор Алексеевич
Файл:Зубков, Виктор Алексеевич (баскетболист).jpeg
Карьера чекхйаьккхина
Позици Центровой
Локхалла 202 см
Возалла 88 кг
Гражданалла  ССРС Росси
Вина терахь 1937 шеран 24 апрель({{padleft:1937|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:24|2|0}})
Вина меттиг Дон-тӀера-Ростов, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь: 2016 шеран 16 октябрь({{padleft:2016|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:16|2|0}}) (79 шо)
Кхелхина меттиг Москох, Росси

Командаш
1955—1956 Байракх ССРС Буревестник (Дон-тӀера-Ростов)
1957—1967 Байракх ССРС ЦСКА
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Дети Мельбурн 1956 баскетбол
Дети Рим 1960 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Борза Бразили 1963
Европин чемпионаташ
Деши София 1957
Деши Истамала 1959
Деши Белград 1961
Пачхьалкхан а, ведомствийн а совгӀаташ
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча Орден «Сийлаллин Билгало» — 1960

Да — Зубков Алексей Иосифович (1911—1951). Нана — Зубкова Ольга Ивановна (1914 ш.й.). Зуда — Зубкова Лариса Тимофеевна (йина 1938 шеран 19 апрелехь).

Баскетболе веира 15 шо долуш. Ӏемира ростовн «Буревестникан» баскетболан декъехь тренеран Рыбникова Валентина Ивановна йолуш.

1955—1956 шерашкахь левзира «Буревестник» (Дон-тӀера-Ростов) клубехь, 1957—1967 — москохан ЦСКА йукъахь.

1956 шарахь РСФСР гулйина командин тренеро Г. Т. Никитина йукъатуьйхира шен командин йукъа, ростовхочо чӀогӀа дика гайтира ша ССРС къаьмнийн Спартакиадехь, цигахь российхоша йаьккхира йоьлгӀа меттиг. Къоначу центровойн тидам бира ССРС гулйина командин лакхара тренеро С. С. Спандаряна. Цуо кхайкхира спортхочуьнга, Мельбурнера Олимпийн ловзаршна кечлуш йолчу мехкан коьрта команде.

1956—1963 шерашкахь ССРС къоман гулйина командин йукъахь вара, 1963 шарахь вара цуьнан капитан. Чилехь хилла дуьненан чемпионатан а, Истамалехь хилла Европин хьалхейаккхаран а жамӀашца (1959) къобал вира континентан уггаре дика центровой санна.

Бразилера дуьненан чемпионат (1963) чекхйаларца «Спортан ловзарш» журналехь йаззам йазбира. Кхечарна йукъахь командин коьрта тренеран Гомельский Александран гӀалаташна реза ца хилар дара. Масала,

«Мегар ма дац цхьаболчаьрга „Гошенька а, Сашенька а“ баха, ткъа кхечаьрга — фамили а ца йоккхуш».

ДЧ-63 хилира майхь, ткъа гурахь ЕЧ-63 Вроцлавехь, Зубков гулйина командехь вацара. Из адӀаваьккхира гулйина командера 26 шо долуш[3].

1966 шарахь чекхйаьккхира баскетболех ловзаран карьера.

1957 шарахь чекхйаьккхира Ростовн хьалхара автомобилан-некъийн техникум, говзаллица техник-гӀишлошйархо. 1968 шарахь чекхйаьккхира ГЦОЛИФК, говзалла — физикин оьздангаллин хьехархо.

1966 – 1975 шерашкахь — ТӀеман-инженерин В. В. Куйбышевн цӀарах академин лакхара хьехархо, 1975 – 1979 шерашкахь — кафедрин куьйгалхочун гӀовс.

1979 – 1981 шерашкахь тренер болх бира Республика Мозамбикин къоман гулйина командехь. Советийн Союзе йухавирзинчул тӀаьхьа 1994 шо кхаччалц йуха а хьийхира ТӀеман-инженерин В. В. Куйбышевн цӀарах академехь. ТӀемлойн цӀе — полковник.

1994 шарахь дуьйна пенсехь вара. Велира 2016 шеран 16 октябрехь Москохахь. ДӀавоьллина Троекуровн кешнашкахь[4].

Спортан кхиамаш

бӀаьра нисйан
  • 1956 а, 1960 а шерашкара ОЛ детин совгӀатхо.
  • ДЧ-63 борзанан совгӀатхо.
  • 1957, 1959, 1961 шерашкара Европин чемпион. ЕЧ-59 хилира континентан уггаре дика центровой.
  • ССРС чемпион (1959—1966)
  • ССРС къаьмнийн Спартакиадийн толамхо (1959, 1963)
  • «Сийлаллин Билгало» орденца совгӀат дина (1960).

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Умер Виктор Зубков
  2. Звездные мгновения Виктора Зубкова
  3. 100 лет российского баскетбола: история, события, люди: справочник / Автор-составитель В. Б. Квасков. — М.: Советский спорт. — 274 с.
  4. Виктор Алексеевич Зубков

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан