Зударий исламехьбусалбанийн йукъараллехь зударийн хьал таллар, ткъа кхин зударийн социалан институташца йолу йукъаметтигаш лелон низамийн а, бакъонийн а система. Зударийн хьал исламехь — ламаст хилла йемалийн меттиг йу бусалбанийн йукъараллин социалан хӀоттаман[1].

ШариӀато (исламан бакъо) гойту ладаме башхаллаш божарийн а, зударийн бакъонашкахь а, декхарашкахь а. Башхаллаш го зуда йалорехь, йитарехь, юрисдикцин статусехь, духарехь, дешарехь.

Историн бос нисйе бӀаьра

 
Ӏаьрбийн зударийн IV—VI бӀешерашкара ламаста духар

Исламо зудчун хьолан бен Ӏаткъаман мах хадабале хьалха хьажа веза исламал хьалхарчу Ӏаьрбийчохь хилла зударийн статусе. Исламал хьалхарчу Ӏаьрбийчохь зударийн хьал гӀоле хиларе сатийса мегар долуш хилла[2][3]. Хаамаш бу дайш-наноша шайн къоьлла бахьнехь керла дуьнен тӀе девлла зудабераш дойуш хиларх[4][5].

Исламо хийцина Ӏаьрбийн йукъараллин структура, хийцина гендеран ролаш. Профессор Монтгомери Уильяман талламашца, исламо тодина зударийн хьал, бакъонаш йелла царна[6]. Цхьаболчу талламхоша кхин тӀе чӀагӀдо, зударийн, исламаца, алсама бакъонаш хилла, XX бӀешо кхачале малхбуза мехкашкахь хиллачулла а. Масала, французийн бакъонаша зударийн бакъонашна тоьхна доза дӀа ца даьккхина 1965 шарахь[7] бен. Ной Фильдмана, Гарвардан университетан бакъонийн профессоро билгала доккху[8]:

  Ингалсхоша цхьацца колонешкахь бусулбачарна шайн йолу бакъонаш лелоран жамӀ цхьаъ хилла — исламан законаша йелла зударийн бакъонаш дӀайахар. Мегарий теша цунах зударшна а, божаршна а йукъара нийсаллин агӀора прогресс йу ала.  

Оксфордан дошамо гойту йукъара зударийн хьал ислам йукъадаьллачул тӀаьхьа тодалар, цуо билгалдоккху зударийн буьззина мах хилар[9].

Исламаца зуда йалор «барт» бар санна ду, зудчун лаамца хилар декхарийлахь ду. Зударшна бакъо кхаьчна дайх бисина бахамна, хьалха, ислам даржале, ирс кхочура гергарчу божаршна. Аннемари Шиммела боху, «исламал хьалхарчу муьре хьаьжчи, исламан законашца зударийн хьал хийцадалар, йоккха прогресс хилла; зудчун бакъо хилла законаца шен бахаман урхалла дан»[10].

Уильям Монтгомерис боху, Мухьаммад пайхамар шен заманан историн контекстехь зударийн бакъонаш тойина, хаъал тодина церан хьал коьрта бакъонийн гарантеш йелла.

Джон Эспозитос билгалдоккху, «Мухьаммад пайхамар зударшна бакъонаш а, доьзалан дахарехь, марехь, дешарехь, экономикин уьйранехь аьттонаш а белла. Бакъонаша йукъараллехь зударийн статус айина».

Исламан зудчун дахаран тайп-тайпана агӀонех долу Сийлахь тексташ нисйе бӀаьра

Гендеран ролаш нисйе бӀаьра

Къуръано боху «Боьрша нах Ӏуй бу зударийн, цундела АллахӀа цхьаъ айина вукхалла а, цара шайн бахамера харжар бахьнехь»[11].

Бусалбанийн ламастаца, зуда йерриг куьйгакӀела йу майрачун. Зудчун коьрта роль йуьгу доьзале, тӀаьхье йаре[12], берашна Ӏуналла даре, ткъа божарийн роль йу доьзална финансийн аьтто барехь. Нагахь зудчун лаам хилахь, цуьнан таро йу деша, болх бан, иштта кхин дӀа а, амма варисан пурбанца.

Хьиджаб а, маршо а нисйе бӀаьра

 
Зуда никъаб йоьхна, Яман

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. The status of women in the Arab world is a source of frequent criticism against Islam
  2. Панова В. Ф., Вахтин Б. Б. Пророк Мухаммед. — ISBN 5-222-00145-8.
  3. Abdul Ghafar Haji Don. Qur'anic General Account on the Arab Jahiliyyah's Socio-Economic Life. — С. 54—55.
  4. Литературная энциклопедия : в 11 т. — [М.], 1929—1939.
  5. Панова В. Ф., Вахтин Б. Б. Жизнь Мухаммеда
  6. Maan, Bashir and Alastair McIntosh. "The whole house of Islam, and we Christians with them'
  7. Badr, Gamal M. (Winter 1984), «Islamic Criminal Justice» // The American Journal of Comparative Law 32 (1): 167—169 [167-8]
  8. Noah Feldman (March 16, 2008). «Why Shariah?». New York Times.
  9. Women and Islam. Oxford Islamic Studies Online. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 22 май. Архивйина 2010-06-22 — Wayback Machine
  10. Schimmel (1992) p.65
  11. Коран, 4:34
  12. Горшунова О. В., Пешкова С. А. Фертильность и сакральное женское начало в среднеазиатских целительских и ритуальных практиках // Медицинская антропология и биоэтика. 2013, № 1(5), eISSN: 2224-9680