Мухьаммад

исламан тӏаьххьара пайхамар а, элча а

Мухьаммад (Ӏаьр. ٌمُحَمَّد‎‎; 570 шеран 22 апрелехь, Макка632 шеран 5 июнехь, Мадийнат, Хьижаз, Ӏаьрбийн ахгӀайре) — иза Делан пайхамар а, элча а ву, ислам дин даржо а, дӀакхачо а массо адамашка а, жинашка а ваийтина волу[4]. Иза улул-Ӏазм олучу пхеа элчанех хьалхарниг ву. Иза Ӏаламаш Дела цхьаъваре а, Цунна Ӏибадат даре а йухадерзо ваийтина ву. Цуьнан гӀуллакх массо пайхамарийн а, элчанийн а гӀуллакх хилла, царах тӀаьххьарниг а ву иза. Дала доссийна цуьнга Жибрил маликехула Сийлахь долу Къуръан. Мухьаммад ﷺ нахалахь уггар везаниг а, адамийн эла а ву. Дала къинойх ларвина ву иза. Иза хьахийча бусалба наха салават дуьллу цунна: «Делера салам-маршалла хуьлда цунна» (صَلَّى اللهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ‎), наггахь тӀетуху «цуьнан доьзална а» (وَآلِهِ‎), иштта «цуьнан асхьабашна а» (وَصَحْبِهِ‎) олий, Къуръан чохь а, пайхамаран хьадисашкахь а деана долу дела цунна и салават дилларе нах тӀехьехар. Мухьаммад пайхамаро ﷺ йоккха лар йитина бусалбанийн дегнашкахь, царна и везар а, и вазвар а гучудалар чӀагӀделла цуьнан омранашна а, цуьнан дахаран куьцана а, цо Далла Ӏибадат дарна а уьш тӀаьхьабазарца. Цо цхьаьнатоьхна Ӏаьрбийн ахгӀайре исламан цхьана хьукман низамехь. Ткъа Къуръан а, цуьнан Ӏилма а, и диллар а пачхьалкхан хьукман бух хилла. Жуьгтийн йаздархочо Майкл Харта, Мухьаммад ﷺ дерриг адамаллин исторехь уггар чӀогӀа лоруш волу стаг ву аьлла лерина хилла: «Цхьаъ бен воцу стаг ву исторехь, динан а, дуьненан а даржера буьззинчу кхиаме кхаьчна».

Мухьаммад
Ӏаьр. مُحَمَّدٌ‎‎
Мухьаммадан ﷺ цӀе «сулюс» йозанца
Мухьаммадан ﷺ цӀе «сулюс» йозанца
«Ахьмад, Абул-Къасим, Набийют-тавбат, Набийюррахьмат, Набийюл-мархьамат, Набийюл-Малхьамат, Рахьматул-мухӀдат, саййиду валади Адам, ХьабибуллахӀ, аль-Мухтар, аль-МустӀафа, аль-Мужтаба, ас-Садикъ, аль-Масдукъ, аль-Амин, сахьибуш-шафаӀати вал-макъамил-махьмуд, сахьибул-василати вал-фазилати вад-даражатиррафиӀат, сахьибут-тажжи вал-миӀраж, имамул-муттакъин, саййидул-мурсалин, Къаидул-ГӀуррил-Мухьажжалин, ан-Набийюл-Уммий, РасулуллахӀ, ХалилуллахӀ, Хатамун-набиййин, Расулул-АӀзам, ас-Сиражул-Мунир, Ан-Нур,[1][2] Ар-Рауфуррахьим, Аль-Ӏурватул-Вускъа»
Говзалла Ӏу, экспедитор, совдегар, пайхамар, хьехамча, политик, баьчча
Вина терахь 570 шеран 22 апрелехь
Вина меттиг Макка, Хьижаз, Ӏаьрбийн ахгӀайре
Кхелхина терахь 632 шеран 5 июнехь (63 шо)
Кхелхина меттиг Мадийнат, Хьижаз, Ӏаьрбийн ахгӀайре
ДӀавоьллина меттиг Сийлахь Ровзат, Ан-Набави маьждиг, Мадийнат
Къам, некъе Ӏаьрбий, къурайш, Бану ХӀашим
Да ӀабдуллахӀ ибн Ӏабдул-МуттӀалиб
Нана Аминат бинт ВахӀб
Зуда Хадижат бинт Хувайлид
Савдат бинт ЗамӀат
Ӏаишат бинт Абу Бакр
Хьафсат бинт Ӏумар
Зайнаб бинт Хузаймат
Умм Саламат бинт Абу Умайят
Зайнаб бинт Джахьш
Джувайрият бинт Хьарис
Умм Хьабибат бинт Абу Суфьян
Райхьанат бинт Зайд
Сафият бинт Хьуяй
Маймунат бинт аль-Хьарис
Марьят аль-КъибтӀият
Бераш йоӀарий: ФатӀимат, Умм Кулсум, Рукъайят, Зайнаб
кӀентий: ИбрахӀим, ӀабдуллахӀ, Къасим
Силсила Мухьаммад ибн ӀабдуллахӀ ибн Ӏабдул-МуттӀалиб ибн ХӀашим ибн Ӏабд Манаф ибн Къусай ибн Килаб ибн Муррат ибн КаӀб ибн Луай ибн ГӀалиб ибн ФихӀр ибн Малик ибн Ан-Надр ибн Кинанат ибн Хузаймат ибн Мудрикат ибн Ильяс ибн Мудар ибн Низар ибн МаӀадд ибн Ӏаднан[3]
Динлелор ислам
Дешархой Анас ибн Малик, ӀабдуллахӀ ибн Ӏаббас, Укба ибн Амир, Зайд ибн Сабит
Лоруш волу динаш ислам, бабаизм, бахӀаизм, ахьмадие, каодай
Доссийна жайна Къуръан
ТӀеман гӀуллакх
Эскар вовшахкхетар Мухьаммад пайхамаран эскар
ТӀемаш
ТӀетоьхна хаамаш
КуьгтаӀор КуьгтаӀор

Иза дуьнен чу ваьлла 570-чу шарахь, Пилан шарахь Маккахь, рабиӀул-аввал баттахь, хӀижрат далале 53 шо хьалха. Иза дуьнен чу ваьлла да воцуш, дукха жима волуш ненах а ваьлла иза, цул тӀаьхьа иза кхиъна шен дедас Ӏабдул-МуттӀалиба Ӏуналла а деш. Цул тӀаьхьа цуьнан девашас Абу ТӀалиба кхаьбна иза, и кхиъначохь. Цу заманахь жа дажош болх беш вара иза, цул тӀаьхьа йохк-эцаран болх а бира цо. Шен ткъе пхи шо долуш цо йалийна Хувайлидан йоӀ Хадижат, дерриге а бераш цо дина дара цунна, ИбрахӀим воцург. Ислам дин далале хьалха иза Маккахь даьржина хилла долу хӀуьппалгашна Ӏибадат дар а, ширкан Ӏадаташ а йухатухуш вара. Иза шаволуш а, Ӏибадат деш а вара «Хьираъ» олучу хьех чохь масийтта буьйсанна. Цуьнан шовзткъа шо долуш, 610-чу шарахь цунна деана цу хьех чу Жибрил малик. Иштта дуьххьара Делера хаам (вахьйу) схьаийцира цо. 613-чу шарахь цунна тӀе доьссира Жибрил малик, цуьнан шовзткъа шо долуш элчаналла а тӀедиллира цунна. Кхаа шарахь къайлаха кхайкхаде аьлла омра дира цуьнга, цул тӀаьхьа кхин итт шо дӀадаьхьира цо Маккахь, цуьнан бахархошка гуш-хезаш ислам дине кхойкхуш. 622-чу шарахь, шен шовзткъе кхойтта шо долуш, къурайшин элаша шена дуьхьал къайлаха барт бинчул тӀаьхьа, цуьнан кхайкхамна дуьхьалбевлла и вен гӀиртинчул тӀаьхьа, цо хӀижрат дира Мадийнате, цу хенахь цунах «Ясриб» олура. Цигахь кхин итт шарахь Ӏийра иза, ислам дине а кхойкхуш. Цигахь кхоьллира цо исламан цивилизацин тӀум, тӀаьхьо шорйелла йолу, Макка а, кхийолу Ӏаьрбийн гӀаланаш а, тукхамаш а чу а лоцуш. Иштта дуьххьара Ӏаьрбий Дела цхьаъваран дин тӀехь а, цхьана пачхьалкхана тӀехь а цхьаьнатуьйхира цо. Цо кхайкхира расизм а, тукхаме расизм а духатохар.

Дахаран хьостанаш

Мухьаммад пайхамаран ﷺ меттиго боккха Ӏаткъам бина исторехь. Баккъалла а, цуьнан дахар а, цо лелийнарг а, цуьнан ойланаш а, шуьйрачу дийцаре диллина хилла цуьнан агӀончаша а, цуьнан мостагӀаша а бӀешерашкахь. Бусалбанашна хьалха а, хӀинца а цуьнан дахар довза ма-лаара, и бусалба динан Ӏамалан некъ а лоруш, исламан Ӏеламнаха дуккха а жайнаш йаздина цуьнан дахар дуьйцуш, цуьнан дерриг дахар чу а лоцуш, цуьнах мел дозург йукъадалош[5].

Къуръан

 
Къуръан, Мухьаммад пайхамаран ﷺ дахаран коьрта тешаме лоруш долу хьоста

Къуръан Мухьаммад пайхамаран ﷺ дахаран коьрта хьоста (источник) лоруш ду, цуьнан дахаран хьостех шира а, тешаме а хьоста и долу дела, Мухьаммад пайхамаран ﷺ шена замане и йухадоьрзуш а долу дела, массо а бусалбанийн барт ма-хиллара цуьнан цхьана копина тӀехь, исламан тобанаш дукха йоллушехь. Къуръано цуьнан дерриг дахар чу ца леццехь а, цо дукха ишарш до цуьнан дахарна тӀенисвеш, йа къегина схьааларца йа ишар дарца йа йукъадалорца. Цу чохь хьехийна йу цуьнан амалш а, цуьнан пайхамараллин билгалонаш а, цуьнан гӀиллакхаш а, цуьнан дегӀан хьолах лаьцна а дуьйцуш. Иштта цу чохь хьехийна ду цуьнан гӀазотех лаьцна а. Цу чохь деана ду гӀазотех лаьцна дуьйцуш 280 гергга айат (Къуръанан 4,65% барамца догӀуш ду уьш). Царах цхьадерш ишарш дарца даьхкина ду, ткъа кхидерш къегина дийцина ду: Бадруна а, Ухьудан а, Хандакъан а, Хьудайбиятан а, Хубайран а, Макка йаккхаран а гӀазоташ санна. Масала, сурат аль-Ахьзаба чулаьцна ду шен зударшца а, шен асхьабашца а хилла долу Мухьаммадан ﷺ дахар, цу сурато тобанийн гӀазотах лаьцна ма-дарра дуьйцуш чулацаре терра.

Хьадисан жайнаш

 
МуваттIаъ Малик

Пайхамаран ﷺ дахаро хьадисан жайнийн доккха дакъа дIалаьцна. Хьадис йаздеш волчу хIораммо а леррина йаздеш хилла дакъош а, кортош а, книгаш а, къаьсттина Мухьаммад пайхамаран ﷺ дахарах хIотталуш дерг а, цуьнан кхайкхамах а, паходех а, цуьнан асхьабех лаьцна а. Амма и дакъош хронологин рогIехь (заманан къепехь) дац. Цул совнаха, и жайнаш йаздинчеран Iалашо хилла пайхамаран ﷺ къамелаш а, цуьнан белхаш а, сацамаш а, хьукманаш а гулдан. Цу жайнашкахь йогIуш цуьнан дахаран кеп хилла, шарIан хьукманна шайца делил лацархьама. Цундела доцца хьахийна хилла дахар, наггахь дацлуш хилла и цу цхьадолчу дийцаршкахь, хьадисан дай хьадисийн риваяташка (версешка) хьаьжжина.

Бусалбанийн Iеламнехан бартхилла пайхамаран ﷺ дахаран хаамех доьттина уггар гIарадаьлла а, шира а жайна «МуваттIаъ Малик» ду аьлла. Цу чохь цо могIа балийна пайхамаран ﷺ дахарах а, и дIайаздарах а хIоттабелла. Иштта жихIадах дозуш дерг а хьахийна цо. И санна дерг имам аль-Бухарис а йаздина шен сахьихь чохь. Цу чохь хьахийна цо Мухьаммад пайхамар ﷺ ваийтале а, веана чул тIаьхьа а хилла йолу цуьнан дахаран аспекташ. Цо леррина йазйина гIазотех лаьцна книга а, ткъа кхиерг жихIадах лаьцна а. И саннарг Муслим ибн аль-Хьажжажа а йаздина шен сахьихь чохь. Царал тIаьхьа мел веанарг оццу кепара тIаьхьаваьзна царна, бен-берсаллица дакъош декъарехь а, къепе далорехь а, сунанин дайш санна: Абу Давуд а, ат-Тирмизи а, Мухьаммад ибн МаджахI а, ад-Дарими а, Ахьмад ибн Хьанбал а.

Дахаран жайнаш

Пайхамаран ﷺ дахар а, походаш а дӀайазйар доладелла хьадисаш йаздарах тӀехтиллачу муьрехь, асхьабаш цуьнан дахар багахула дӀакхачорца гӀайгӀа беш хиллехь а. Дуьххьара цуьнан дахар дӀайаздан гӀайгӀа бинарг ма-дарра аьлча, Ӏурват аз-Зубайр ву (дӀакхелхина хӀ. 92), цул тӀаьхьа Абан ибн Ӏусман ву (дӀакхелхина хӀ. 105), цул тӀаьхьа ВахӀб ибн МунаббихӀ ву (дӀакхелхина хӀ. 110), цул тӀаьхьа Шарахьбил ибн СаӀд (дӀакхелхина хӀ. 123), цул тӀаьхьа Ибн ШихӀаб аз-ЗухӀри ву (дӀакхелхина хӀ. 124). Амма кхара мел йаздина долу жайнаш дайна ду, царах вайга схьакхаьчча хӀумма а дац, дӀасакхиссина бухадиснарг доцург, ткъа царах дерг ат-ТӀабарис дийцина[6].

Дикаллийн а, билгалонийн а жайнаш

 
XVIII-чу бӀешарахь Мухьаммадан дикаллаш йуьйцу кечдина куьйгайоза

«Аш-шамаил» (дикаллаш) боху жайнаш, Мухьаммад пайхамаран ﷺ дахар довзаран коьрта хьостех лоруш ду. И жайнаш йаздинчеран Ӏалашо Мухьаммадан ﷺ гӀиллакхаш а, цуьнан амалш а, цуьнан дикаллаш а хьахоран гӀайгӀа бар хилла.

«Аш-шамаил аль-Мухьаммадийя» (Мухьаммадан дикаллаш) олу тема хьалххе дуьйна бусалбанийн Ӏеламнаха гӀайгӀа беш хилла йу. Иза хьадисан жайнийн Ӏалашонех цхьа Ӏалашо хилла йу церан. Цул тӀаьхьа мухьаддисаша и тема схьакъастийна дозушдоцучу (независимый) жайнашкахь.

Билгалонийн жайнаш — цара чулоцу бусалбанашна гуш долчо ма-бохху, делилаш, Мухьаммадан ﷺ пайхамаралла а, элчаналла а бакъхилар гойтуш долу, шайгахь цхьа а къовсам боцуш долу къегина делилаш ду уьш. Царна чохь цуьнан муӀжизатийн делилаш ду, царна инкарло йечарна йеш дуьхьало а йу.

Ислам далале хьалха Ӏаьрбий

 
Ӏаьрбийн ахгӀайренгара Ӏаьрбийн коьрта тайпанаш, ислам далале хьалха

Политикин агӀора аьлча, Ӏаьрбийн ахгӀайре йаьржина хилла йу, цхьа а пачхьалкхо вовшахтоьхна а йоцуш, йа урхалла деш Ӏедал а доцуш. Неждехь а, Йеменехь а, Ӏиракъан а, Шеман а агӀора гӀевттина хилла йолу тиша пачхьалкхаш йайна дӀаевлла хилла. ТихӀамера а, Хьижазера а гӀаланаш дӀахьулйинера акха Ӏарбоша. Ткъа тайпа, политикин а, йукъараллин а барам (единица) хилла. Маккина урхалла деш цхьа тоба хилла Дарун-Надват чохь. Ткъа Мадийнат хилла аль-Авс а, аль-Хазрадж а олучу шина тайпанан гуттарлерчу къовсаман хьолехь.

Ткъа экономин агӀора аьлча, акха Ӏарбой жа дажоран экономина тӀетевжаш хилла. Ткъа Ӏаьрбийн тайпанаш Ӏаш хилла хиш долчу меттехь, шайн эмкалшна а, уьстагӀашна а, гезаршна а хи малош[7].

Ткъа динан агӀора аьлча, деланийла дара Ӏаьрбийн ахгӀайренгахь урхалла деш. Цара Ӏибадат дора тӀулгех а, дечигех а йинчу хӀуьппалгашкахь шайн суьрташ хӀиттош хиллачу тайп-тайпанчу делошна. КаӀбатан гонаха 360 хӀуьппалг йара, хьаьжан куьйгалла дечу тайпанаша шайн Ӏибадат деш, царна гӀурбанаш а дойъуш, нузарло а деш[8]. Мухха делахь а цергахь йисна хилла ИбрахӀиман динах бухадисначун билгалонаш: КаӀбат даздар а, цунна тӀаваф дар а, хьаьж дехкар а, Ӏумрат а[9]. Дела цхьаъ веш берш, ИбрахӀиман а, ИсмаӀилан а миллатах болуш нах а хилла, царах хьанифаш олу. Иштта кӀезиг кхин динаш а хилла, масала: Йеменехь а, Мадийнатехь а жуьгталла хилла, Нажранехь а, Хьиратехь а, Давматул-Жандалехь а, Шеман йисташкахь а насаралла хилла. Иштта кӀезиг мажусийн дин а хилла, гӀажарийн махкара схьадеана[10].

Гергарло

Иза ву: Абул-Къасим Мухьаммад ибн ӀабдуллахӀ ибн Ӏабдул-МуттӀалиб (цуьнан цӀе Шайбат йу) ибн ХӀашим (цуьнан цӀе Ӏамр йу) ибн Ӏабд Манаф (цуьнан цӀе Аль-МугӀират йу) ибн Къусай (цуьнан цӀе Зайд йу) ибн Килаб ибн Муррат ибн КаӀб ибн Луай ибн ГӀалиб ибн ФихӀр ибн Малик ибн ан-Назр (цуьнан цӀе Къайс йу) ибн Кинанат ибн Хузаймат ибн Мудрикат (цуьнан цӀе Ӏамир йу) ибн Ильяс ибн Музар ибн Низар ибн МаӀадд ибн Ӏаднан. ХӀара шена тӀехь бартхилла силсила йу. Ткъа цул лакхарчуьнгахь дуккха а къовсам бу. Амма Ӏаднанан силсила чекхйолу ИсмаӀил ибн ИбрахӀимна тӀехь[11].

Къурайш тайпанан чуьра цхьа а га дац Мухьаммадца ﷺ гергарло доцуш. Дала Мухьаммад ﷺ хаьржина хилла цӀенчу тайпанашкара, цӀенчу кийрашкара а, баккъашкара а. Иштта цо аьлла: «Баккъалла а АллахӀа хаьржина ИсмаӀилан берех Кинанат, Къурайшах хӀашимхой а, ткъа со хӀашимхойх хаьржина»[12].

Цуьнан да ву: ӀабдуллахӀ ибн Ӏабдул-МуттӀалиб ибн ХӀашим. Ткъа цуьнан нана йу: ФатӀимат бинт Ӏамр ибн Ӏаиз ибн Ӏимран ибн Махзум ибн Якъазат ибн Муррат ибн КаӀб ибн Луай ибн ГӀалиб. ӀабдуллахӀ вара Ӏабдул-МуттӀалибан уггар дика а, догцӀена а, хьоме а доьзалхо. Цуьнан берашна йукъахь жимаха верг а ву иза. И ву-кх Далла гӀурбана дӀавелларг, йуха шен дас мохина бӀе эмкал йелларг а.

Цуьнан нана йу: Аминат бинт ВахӀб ибн Ӏабд Манаф ибн ЗухӀрат ибн Килаб. Ткъа цуьнан нана йу: Буррат бинт Ӏабдул-Ӏузза ибн Ӏусман ибн Ӏабдуддар ибн Къусай ибн Килаб. Аминат йара цу заман чохь сий долу зуда лоруш, тайпангахь а, хьолехь а. Цуьнан да Бану ЗухӀрат тайпанан эла вара, тайпангахь а, сийлахь а.

Цуьнан девежарий бу: Аль-Ӏаббас а, Хьамзат а, Аз-Зубайр а, Аль-Мукъаввам а, Аль-Хьарис а, Аль-ГӀайдакъ а, Ӏабдул-КаӀбат а, Хьажл а (цуьнан цӀе Аль-МугӀират йу), Абу ЛахӀаб а (цуьнан цӀе Ӏабдул-Ӏузза йу), Абу ТӀалиб а (цуьнан цӀе Ӏабд Манаф йу), Дирар а.

Цуьнан дейижарий бу: Ӏатикат а, Умаймат а, Арва а, Умм Хьаким а (цуьнан цӀе Байзаъ йу), Сафият а, Баррат а.

Царах ислам тӀеэцнарг ву Хьамзат а, аль-Ӏаббас а, Сафият а. Ткъа Ӏатиката а, Арвас а тӀеэцна йа ца эцна аьлла къовсам бу. Цуьнан цхьаъ бен ненаваша ца хилла, цуьнан цӀе Ӏабд ЯгӀус ибн ВахӀб йу.

 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Къусай
(вина 400)
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Ӏабдул-Ӏузза
 
 
 
 
 
 
 
 
Ӏабд Манаф
(вина 430)
 
 
 
 
 
 
 
Ӏабдуддар
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Асад
 
 
 
МуттӀалиб
 
 
ХӀашим
(вина 464)
 
 
 
Навфал
 
 
 
Ӏабд Шамс
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Хувайлид
 
 
 
 
 
 
 
 
Ӏабдул-МуттӀалиб
(вина 497)
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Аль-Ӏаввам
 
Хадижат
 
Хьамзат
 
 
ӀабдуллахӀ
(вина 545)
 
 
 
Абу ТӀалиб
 
 
Ӏаббас
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Аз-Зубайр
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Мухьаммад
(вина 570)
 
Ӏали
(вина 599)
 
Ӏакъил
 
ДжаӀфар
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
ФатӀимат
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Муслим
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Хьасан
(вина 625)
 
 
 
 
 
 
Хьусайн
(вина 626)
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 


Ваийтале хьалха дахар дӀайаздар

Дуьнен чу валар

ӀабдуллахӀин берхӀийтта, йа ткъе пхи шо кхаьчначу хенахь, цуьнан дас Ӏабдул-МуттӀалиба цунна йалийра ВахӀбан йоӀ Аминат, иза шен девешица ВухӀайб ибн Ӏабд Манафца Ӏаш йара. ӀабдуллахӀа йалийнера иза Маккахь, цул тӀаьхьа Мухьаммадца берах а хилира иза. Амината дуьйцуш хилла, ша берах йолчу хенахь шега цхьамма ван а веана аьллера аьлла: «Баккъалла а хьо хӀокху умматан элаца доьзалхочух йу, и лаьтта тӀе воьжча ахь алалахь: „Со ларло Цхьаъ волчуьнца хӀор а хьагӀлелочун вонах“». Цул тӀаьхьа цунна цӀе «Мухьаммад» тиллира. Цуьнан да ӀабдуллахӀ кхин цӀахь ца висира Шема махка ваххалц, йохк-эцар лело. Мадийнатан тӀехвелира иза. Цигахь цомгуш хилла баттахь Ӏийра иза. Цул тӀаьхьа цигахь дӀакхелхира иза шен ткъе пхи шо долуш. ТӀаккха дӀавоьллира иза «НабигӀатан хӀусамехь» (иза Бану Ӏади ибн Наджар тайпанах цхьа стаг вара). Цу хенахь Аминат Мухьаммадца берах йолу ши бутт хан йара (дукхах болчу Ӏеламнехан ойла йу хӀара). Шел тӀаьхьа цо йитина хилла пхи эмкал а, масех уьстагӀ а, хьабашийн гӀарбаша йолу «Баракат» а, цуьнан харц цӀе «Умм Айман» йу[13]. Мухьаммад ﷺ шен ненан кийрахь волуш, кхоччуш исс бутт кхаьчча дуьнен чу велира Абу ТӀалибан чӀаж чохь. И вар тӀелаьцнарг Ӏабдуррахьман ибн Ӏавфан нана Аш-Шифаъ йара[14].

 
Мухьаммад дуьнен чу ваьлла меттиг, Абу ТӀалибан чӀаж. Мухьаммад ибн Юсуфа эцна хилла цӀа ду и, Аль-Хьажжаж ибн Юсуфан вашас, цо Ӏакъил ибн Абу ТӀалибера эцна хиллера иза, Мухьаммада Маккара Мадийнате хӀижрат динчу хенахь. Цул тӀаьхьа цуьнах маьждиг дира, и тӀаьхьо дохийра. Цул тӀаьхьа цуьнан саьлнех (руинех) «Маккин библиотека» йира 1951-чу шарахь.

Мухьаммад ﷺ дуьнен чу ваьлла оршотан дийнахь[15], 8-чу рабиӀул-аввал баттахь, йа 9-чу раӀул-аввалехь, йа 12-чу рабиӀул-аввалехь (хӀара суннатан охӀланна гергахь гӀарадаьлларг ду)[16], йа 17-чу рабиӀул-аввалехь (шиӀашна гергахь гӀарадаьлларг ду)[17], Пилан шарахь, хьабашийн паччахь АбрахӀат аль-Ашрам Макки чу а веана, КаӀбат дохо гӀиртина чул тӀаьхьа. Цул тӀаьхьа цхьа бутт баьлча аьлла а ду, йа 4 де даьлча, йа 50 де а аьлла (хӀара гӀарадаьлларг ду)[18]. Вайн терахьца и нисло 571-чу шеран 20, йа 22 апрелехь нийса долчунна тӀе а доьгӀна (йа 570, йа 568, йа 569, цхьаболчу талламаша ма-бохху)[19].

Иштта дийцина ду, Мухьаммад ﷺ цӀонга хадийна а волуш, самукъа даьлла а волуш дуьнен чу ваьлла аьлла. Кхин а дийцина ду, Ӏабдул-МуттӀалиба и вина ворхӀалгӀачу дийнахь иза хадийна, цунна той а хӀоттийна аьлла[20]. Цуьнан нанас дуьйцуш хилла, ша цунца берах йолчу хенахь, кхечу берах болчу зударшна хаалуш йолу йозалла а, йа чӀогӀа лаам а шена хаа ца лора аьлла. Ткъа цо и винчу хенахь, Мухьаммад ﷺ лаьтта вуьйжира къилбе вирзина а волуш, шен корта стигал хьалаайбина а болуш, шен куьйган буй бина, хьажо пӀелгаца ишар деш а волуш[21]. Цунна гина хилла ша и вича, Шеман гӀаланаш серла а йохуш шен кийрара цхьа нур арадолуш санна[22]. Умм Ӏусман бинт Аби аль-Ӏаса дийцина: «Мухьаммад вечу хенахь йеана йара со. И охьавиллича цӀа гира суна нуьрех дуьзна, седарчий а гира суна гергадогӀуш, уьш сайна тӀеоьгур ду мотталц»[23]. И винчу хенахь Амината цуьнан деда волчу цхьаъ вахийтанера, цуьнан кӀентан кӀантаца цунна кхаъ боккхуш. Цо иза схьа а эцна КаӀбат чу вигира, Далла баркалла олуш[24]. Цо элира: «ХӀокху сан кӀантана цхьа гӀуллакх хир ма ду»[25]. Цо цунна «Мухьаммад» цӀе тиллира. Цу заман чохь Ӏаьрбоша туьллуш хилла йац и цӀе, цхьа кхоъ воцчунна. Оцу кхаан дайшна лиъна хиллера Мухьаммад хьахош а, цуьнан зама герга хилар а, ТихӀамехь и вуссур а ву аьлла царна хезначу хенахь, и шайн кӀант хилийта[26]. ТӀаккха жуьгташна хезнера Мухьаммад ﷺ вина аьлла. Хьассан ибн Сабита дуьйцу: «Делаца дуй ма буу ас, сан ялх, йа ворхӀ шо дара. Суна дагадогӀу сайна мел хезнарг. Жуьгтийчо чӀогӀа мохь туьйхира бӀов тӀехь Ясрибехь: „ХӀай жуьгтий!“ - аьлла. Уьш цунна тӀегулбелча цара элира: „Дакъаза валарг, хӀун хилла хьуна?“. Цо элира: „Тахана буьйсанна Ахьмадан седа схьакхетта, и шеца вина болу“»[27].

Кхиар

Нанас вакхийна чул тӀаьхьа цхьа кӀира даьлча, дуьххьара и вакхийнарг Сувайбат йу, Абу ЛахӀабан азатхо (хилла лай). Цо маьрша йитина хилла иза, цундела цо масех дийнахь Мухьаммад ﷺ вакхийра шен кӀантана Масрухьан малош йолчу шурица. Цул хьалха цо вакхийна хиллера цуьнан деваша Хьамзат а, иштта Абу Саламат аль-Махзуми а[28]. И шиъ цо цуьнца цхьаьний вакхийна аьлла а ду[29]. Сахьихь аль-Бухари чохь деана ду: Абу ЛахӀаб веллачу хенахь цуьнан доьзална гӀенах гина хиллера, цуьнга хаьттира цара: «ХӀун карийра хьун (веллачул тӀаьхьа)?». Цо жоп делира: «Суна ца карийра шул тӀаьхьа (вуьшт аьлча, суна ца карийра шул тӀаьхьа цхьа а дика хӀума), Сувайбат маьршайитар бахьнехь, сайн хи малор доцург (кхин хӀумма а ца карийра)»[30]. Андаваллалц и кхаьбна хилла Умм Аймана. Цо цуьнах «сан нана!» олура[31]. Цуьнга хьаьжча олуш хилла цо: «ХӀара сан цӀийнан доьзалх бухайиснарг йу»[32].

Ӏаьрбойн Ӏадат хилла аренашкахь шайн бераш дакхо зударий лоьхуш. ТӀаккха Бану СаӀд тайпанах зударий баьхкира дакхо бераш лоьхуш. Мухьаммад ﷺ кхечира Зуайбатан йоьӀна Хьалиматна, шен кӀантаца, ӀабдуллахӀца и вакха а веш Бану СаӀдан тогӀи чохь, шега схьаийцира цо. Цу хенахь чӀогӀа декъа шо деана хиллера Бану СаӀд тайпанга. Ткъа Мухьаммад ﷺ веъча, Хьалиматан хӀусамаш йухайеара баьццара а йолуш, шаннаш дуьззина уьстагӀий а долуш. Мухьаммад ﷺ цуьнца шина шарахь Ӏийра, ша некхах ваккхалц. Хьалимат хӀор баттахь цуьнан нана йолчу вигора иза, и йолчу йоьдуш. Цу юкъ ши шо даьлча цо шен нана йолчу йухавалийра Мухьаммад ﷺ, цунна доладар дахде шена аьлла цуьнца бартбан, цу хенахь Маккахь баьржина болчу баланах кхоьруш, Мухьаммадера ﷺ шена гина долу беркат бахьнехь а. Аминат резахилира[33]. Цуьнан диъ, йа пхи шо кхаьчначу хенахь, цунна хилира цуьнан накъа батӀоран хилам, дахар дуьйцуш долчу жайнашкахь масийттаза хьехийна болу. И хиллачул тӀаьхьа Хьалимата цуьнан нене йухаверзира иза[34]. Имам Муслима дийцина хьадис ду шен сахьихь чохь: «Мухьаммад волчу деана хилла Джибрил малик, иза кӀентаршца ловзуш Ӏаш волуш, лаьтта охьа а виллина, цуьнан накха батӀа а бина дог арадаьккхира цо. Цул тӀаьхьа цу чуьра цӀийн улх арадаьккхира цо. ТӀаккха элира: «ХӀара шайтӀанан дакъа ду хьуна чуьра». ТӀаккха цо иза дилира деших динчу тас чохь. Цул тӀаьхьа цо меттахӀоттийра иза, шен метте йуха а верзийра. Бевдда цуьнан нана йолчу баьхкира кӀентий (вуьшта аьлча, и вакхош хилларг йолчу), цара элира: «Мухьаммад вийна!». ТӀаккха царна Мухьаммад ﷺ дуьхьалкхетча, йуьхь хийцайелла вара иза»[35]. Анаса дийцина: «Со вара цуьнан некхана тӀехь дӀатегна йолчу меттиган лар гуш».

Аминат дӀакхелхина цуьнан ялх шо долчу хенахь, цуьнан ненавежарий болчу баханчуьра уьш йухабогӀуш. И дӀайоьллира «Аль-Абваъ» олучу меттехь. Цул тӀаьхьа Умм Аймана кхебира иза. Йуха цуьнан дедега Ӏабдул-МуттӀалибе дӀаваьхьира цо иза, цуьнга цунна Ӏуналла дайта а, цуьнан берашна йукъахь и Ӏайта а. Цуьнан бархӀ шо кхаьчча Ӏабдул-МуттӀалиб дӀакхелхира, цунна доладан а, цунна гӀуллакх дан а шен кӀант Абу ТӀалиб хаьржина чул тӀаьхьа.

Жималла

 
Басрахь, Шемахь йолу мозгӀар Бахьиран монастырь

Цуьнан деваша Абу ТӀалиб дукха хьал долуш вацара. Цундела Мухьаммад ﷺ волавелира жа дажо, цу тӀехь алапа а эцара цо, шен девешина гӀо деш[36]. Цо аьлла: «Дала ца ваийтина цхьа а пайхамар, цо жа дажийний бен. ТӀаккха цуьнан асхьабаш хаьттира: „Ткъа хьо“? Цо элира: „ХӀаъ, со а вара уьш дажош Маккин бахархойн караташ (дирхӀамийн а, динарийн а дакъош) тӀехь“»[37]. ШиӀаша инкарло йина цо жа дажоран хабарна[38]. Шен шийтта шо долчу хенахь, йохк-эцар лело шен девешица Шема махка вахара иза. Уьш Шемахь «Басра» олучу шахьаре кхаьчча, мозгӀаран тӀехбевллира уьш, цуьнан цӀе «Бахьира» йу[39]. Иза инжил девзаш вара. ТӀаккха Мухьаммаде ﷺ хьежа волавелира иза, ойланаш а йеш, цул тӀаьхьа цо Абу ТӀалибе элира: «Вухаверза хьайн вешин кӀантаца, жуьгтех ларавелахь иза. Делаца дуй ма буу ас, нагахь царна и гахь, цуьнгара суна хиънарг царна хаахь, цара зе дийр ма ду цунна. Баккъалла а хьан вешин кӀантана хир дерг доккха гӀуллакх ма ду, тхуна и карадо тхайн жайнашкахь а, тхан дайшкара оха схьаэцначуьнгахь а»[40][41].

Мухьаммадах ﷺ «Аль-Амин» (Тешамениг) олура Маккахь. Наха шайн тешамаш (къайленаш) цуьнах тешна буьтура[42]. Царна хууш дара иза хӀуьппалгна сужуд деш воций, къурайшашна йукъахь и даьржина доллушехь[43][44]. Цо дакъа ца лоцура церан кегийхойн синкъерамехь а, ловзарехь а[45]. Амма цо дакъалоцура церан баккхийчара тӀом бечахь а, цара вовше гӀо дечохь а. Цуьнан дейтта шо долуш, йа ткъа шо долуш, Бану Кинанна а, Бану Къайс Ӏиланна а тайпанашна йукъахь «Аль-Фижар» олу тӀом буьйжира. Мухьаммада ﷺ дакъалецира къурайшашца кинанхошна йукъахь, хӀунда аьлча, къурайшаш кинанхойх бара. Ткъа церан мостагӀий бара къайсхой а, Ӏиланхой а, царах схьадевлла тайпанаш а. Царна йукъахь дакъалеццера Мухьаммада ﷺ а[46].

КаӀбатана тӀе кхевсина догӀа деанчу хенахь, цуьнан пенаш доха а деш, къурайшаша мукӀарло дира шаьш и йухадуттур ду аьлла. И дуттучу хенахь, уьш бекъабелира Ӏаьрж тӀулг шен метте хьамма буьллур бу аьлла. ТӀаккха церан бартхилира дуьххьара шайна тӀевеанчо и буьллур бу аьлла. ТӀаккха царна Мухьаммад ﷺ тӀевеъча, цуьнан ткъе пхи шо дар цу хенахь, цара элира: «ХӀара аль-Амин (тешамениг) ву, тхо реза ду тхуна йукъахь цо кхел йарна»[47]. Цо омра дира цхьа бедар йан аьлла, тӀаккха Ӏаьрж тӀулг цу йуккъе а биллина, хӀор тайпанга омра дира цо цу бедаран йисташ хьалаайба аьлла. Цул тӀаьхьа и тӀулг схьа а эцна, шен метте биллира цо.

Хадижат йалор

 
Аль-МуӀаллаъ кешнашкахь Хадижатан кошана тӀехь йоьгӀна хилла йолу бохь (купол)

Хадижат йара хьал долуш а, сий долуш а йохк-эцар лелош зуда[48]. Мухьаммадах а, цуьнан тешамах а лаьцна хабар кхаьчна хиллера цуьнга. Цо тӀедиллира Мухьаммадна, совдегар хилла Шема махка гӀо аьлла, ша совдегархошна лучух уггар диканиг а лур ду аьлла. И тӀе а лаьцна, Мухьаммад вахара шеца цуьнан кӀант «Майсарат» а волуш. И шиъ дӀакхечира Шема махка. Басра олучу шахьарахь сецира и шиъ, «НастӀур» олучу мозгӀаран лаппагӀана гергахь долчу цхьана диттан ӀиндагӀехь. Майсаратна йуххе а веана мозгӀаро элира цуьнга: «Кху дитта буха цкъа а воьсна ма вац пайхамар бен». Йовхо чӀагӀйелча, Майсаратна ши малик гора Мухьаммадна малхах ӀиндагӀ латтош, и шен эмкална тӀехь хиъна Ӏаш а волуш. Макка йухавеанчу хенахь, Хадижат йолчу вахара иза цуьнан даьхний а эцна. Хадижата ша доккхуш хилла чул шозза сов даьккхира. Цул тӀаьхьа ша маре йига элира цуьнга Хадижата, шен доттагӀ Нафисат бинт Манийятан гӀоьнца. Мухьаммад реза хилира цунна. ТӀаккха цо и захало довзийтира шен девежаршна. Цуьнца аравелира цуьнан деваша Хьамзат, цуьнан девеше «Ӏамр ибн Асаде» и йеха. Цуьнан девашас Абу ТӀалиба йехна аьлла а ду. Цо йалийра иза томана жима ткъа эмкал йелла чул тӀаьхьа. Мухьаммадан ткъе пхи шо дара, ткъа Хадижатан шозткъа шо дара. Хадижат йара Мухьаммада дуьххьара йалийна зуда, цунна тӀе кхин зуда ца йалийра цо и йаллалц, шеца иза ткъе пхеа шарахь Ӏийна чул тӀаьхьа. Суннатхоша ма-бохху, Хадижат Мухьаммада йалайалале шозза марехь хилла йу. Дуьххьара Ӏатикъ ибн Ӏабида йалийна хилла иза, йоӀ-стаг а йолуш, цунна йоӀ «ХӀинд» а йина цо. Цул тӀаьхьа и велча, и йалийра Абу ХӀалат ан-Набаш ибн Зураата, цунна ши йоӀ «ХӀинд а, ХӀалат а» йина цо. И бакъ ца дина шиӀаша, цара аьлла Мухьаммада иза йоӀ-стаг а йолуш йалийна йу.

Мухьаммадна Хадижатах хилира массо а бераш, цхьа ИбрахӀим воцург. Мухьаммада и йалийначу хенахь, цо маьршайитира и кхиийна йолу Умм Айман, тӀаккха и маре а йелира цо Ӏубайд ибн Зайде. Цо цунна кӀант вира «Айман» цӀе йолуш. Ӏубайд вара Мухьаммад вахийтинчу хенахь цунна накъосталла деш, Хьунайнан дийнахь, йа Хайбаран дийнахь шахӀид а волуш дӀакхелхира иза. Хадижатан лай вара Зайд ибн Хьарисат, цо Мухьаммадна веллера иза. ТӀаккха цо иза маьрша а витина, цунна Умм Айман йалийра. Цунна Усамат вира цо. Мухьаммад дӀакхелхина пхи бутт баьлча дӀакхелхира Умм Айман а[49].

Ваийтале хьалха даьхна кхаьънаш

Бусалбанаш тешаш бу, Дала цхьа а пайхамар ваийтина вац цуьнгара чӀагӀо эцний бен: «Нагахь ша дийна а волуш Мухьаммад ваийтахь, ас цуьнга иман дуьллур ма ду, цунна гӀо а дир ма ду, шен къомане цуьнца омра а дийр ма ду» — аьлла[50]. Мухьаммад пайхамаро ﷺ олуш хилла: «Со — ИбрахӀиман доӀа ду, ткъа соьца тӀаьххьара кхаъ баьккхинарг Марьяман кӀант Ӏиса ву»[51]. Цуьнан дахаран жайнашкахь дийцина ду, жуьгтийн молланаша а, керстанех а, Ӏаьрбийх а болчу хиндерг дуьйцуш болчара а Мухьаммадан ﷺ гӀуллакх дуьйцуш хилла и ваийтале хьалха, цуьнан зама гергайеанчу хенахь. Ткъа Ӏаьрбийх болчу хиндерг дуьйцучарна тӀеоьхуш жинаш хилла, цара шайна стиглахь хезнарг дӀадуьйцуш хилла церга. Йуха Дала оцу стигалах генадаьхна уьш, седарчий а детташ, Мухьаммад пайхамар ﷺ ваийтаран седаца а[52]. Ткъа жуьгтийн молланашна а, керстан мозгӀаршна а шайн жайнашкахь карийна хилла цуьнан а, цуьнан дахаран а куц дуьйцуш, пайхамарш шаьш и вагӀахь цунна тӀаьхьахӀуьттур а ду, цунна гӀо а дийр ду аьлла йина чӀагӀонаш а карийна хилла.

Ваийтинчул тӀаьхьа, хӀижрат даллалц дахар дӀайаздар

ДӀаделладалар доссар

 
Хьираъ хьех, Дала Мухьаммаде ﷺ дуьххьара дӀаделладалар доссийна меттиг
 
Маккара Нур лам

Шозткъа шо кхаьчначу хенахь, Мухьаммадан ﷺ Ӏедал дара «Ан-Нур» олучу лам чохь йолчу «Хьираъ» хьех чу воьдуш, Маккина ши миля генахь йолчу. Цуьнан йохалла 2.16 метр йу, ткъа шоралла 0.945 метр йу. Шеца схьаэцара цо йуург а, мала хи а, цу чохь буьззина цхьа бутт баккха, Далла гӀуллакх а деш, ойла а йеш[53]. 17 рамаданехь[54], йа 24 рамаданехь[55], йа 21 рамаданехь, керстан терахьца 610-чу шеран 10 августехь, Хьираъ хьех чохь дуьххьара Делера хаам боьссира Мухьаммаде ﷺ. Ӏаишат бинт Абу Бакра дуьйцу Делера хаам дӀаболабаларан дийцар, шийӀаш цуьнах дукхахдерг бакъ ца дина долу: «Делан элчанна хаам боссар дӀадоладелира дика гӀенаш гарца, Ӏуьйренан сатасарах терра даьхкина. Цул тӀаьхьа цунна дезаделира ша́ къастар (ша́ва́лар), ша во́луш вара иза Хьираъ хьех чохь, цу чохь Далла Ӏибадат а деш масийтта буьйсанашкахь шен доьзале вухаверзале. Цул тӀаьхьа Хадижат йолчу вухавеара иза, шена оьшуш йолу хӀума схьа а оьцуш ша́ ва́ла, ша Хьираъ хьех чохь а волуш шега бакъдерг даллалц. ТӀаккха и волчу малик а деана цо элира: «ДӀадеша». Мухьаммада ﷺ жопделира: «Суна деша ца хаьа». ТӀаккха цо схьа а лаьцна, Ӏевддина мараваоьллира иза, цуьнгара гӀора кхачадаллалц, йуха дӀа а хецна элира цо: «ДӀадеша». ТӀаккха Мухьаммада ﷺ жопделира: «Суна деша ца хаьа». ШозлагӀа а цо схьа а лаьцна, Ӏевддина мараваоьллира иза, цуьнгара гӀора кхачадаллалц, тӀаккха дӀа а хецна элира цо: «ДӀадеша». Мухьаммада ﷺ жопделира: «Суна деша ца хаьа». КхозлагӀа цо схьа а лаьцна Ӏевддина мараваоьллира иза, тӀаккха дӀа а хецна элира цо: ﴾ДӀадеша хьайн Делан цӀарца﴿ ﴾дерриге а кхоьллина волчу﴿ ﴾Адам кхоьллина Цо цӀийн улхах﴿ ﴾ДӀадеша, хьан Дела ву массарел а комаьршаверг﴿ ﴾Цо Ӏамийна къоламан гӀоьнца﴿ ﴾Ӏамийна адамна цкъа а цунна хууш цахилларг﴿ [Къуръан:94—1-2-3-4-5]. Цул тӀахьа дог дегош йухавеара иза Хадижат йолчу. Цо элира: «ДӀахьулвейша со, дӀахьулвейша со». ТӀаккха цара дӀахьулвира иза, цуьнгар кхерам дӀабаллалц. Цо дийцира Хадижате шена хилларг: «Сайх кхоьру со» — элира цо. Хадижата элира: «Делора, хьо цкъа а йуьхьӀаьржа хӀоттор ма вац Дала. Баккъалла а ахьа гергарлонаш хӀиттадо, гӀийлачунна мохь текхош гӀо а до, таройоцучунна декъа а доькъу, хьешана хьошалла а до, (царна) кхолламан харцхьаралла лан гӀо а до». Хадижат иза а эцна шен девешин кӀант Варакъат ибн Навфал волчу йахара. ЖехӀил заманахь насарийн дин тӀеэцна воккха стаг хилла иза. Ӏебархойн Жайна йаздеш а хилла цо. Ӏебархойн маттахь Инжил чуьра Далла цо йаздан лиинарг йаздеш хилла цо. БӀаьрзе воккха стаг вара иза. Хадижата элира цуьнга: «Ва сан девешин кӀант, хьан вешин кӀанте ладогӀа». Варакъата элира Мухьаммаде ﷺ: «ХӀун го хьуна, хӀай сан вешин кӀант?». Делан элчано ﷺ дийцира цуьнга шена гинарг. Варакъата элира тӀаккха: «Иза Намус ду, Дала Мусана тӀе доссийна долу. Къона велара со, дийна хир велара со, хьан къомо хьо эккхочу хенахь». Делан элчано ﷺ элира: «Цара эккхора ву со кхин?». Варакъата жопделира: «ХӀаъ, ахь деанарг дохьуш цхьа а стаг веана ма вац, (наха) шеца мостагӀалла лелийний бен. Цу дийнахь со дийна хилахь, ас сайн ницкъ ма-кхоччу гӀо дийр ду хьуна»».

Бусалба Ӏеламнаха ма-тиддара Товрат чуьра Кхарлабаьккхина хьехам олучу тептар чохь деанарг, иза Мухьаммаде ﷺ хаам (вахьйу) боссаран дийцарах лаьцна пайхамаралла ду аьлла:

Деша ца хуучуьнга дӀа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Суна деша ца хаьа».

ЕшаӀ-ЯхӀу:29-12

И хилам хиллачул тӀаьхьа Делера хаам (къайле йа дӀаделладалар) цхьана ханна дӀахедира цуьнах. Аль-Ӏалакъ суратан йуьхьиг йоссийначул тӀаьхьа, Къуръан чуьра дуьххьара доссийнарг Аль-Къалам суратан йуьхьиг а, Аль-Муддассир а, Аль-Муззаммил а, Аз-Зухьа а, Аль-Лайл а сураташ дара.

Кхайкхам дӀаболабалар

 
Абу Бакр ас-Сиддикъан цӀе. Мухьаммад пайхамара ﷺ аьлла: «Ислам дине ас цхьаьнгге а кхайкхина ма дац шегахь нийсалла ца хилар а, шеконехь хилар а, ойла йар а хиллий бен, Абу Бакр Ибн Абу Къухьафат воцучуьнга. Ас цунна и хьехочу хенахь йуха а ца кхийтира иза, йа цунах шеконехь а ца хилира иза».

Бусалбанаш тешаш бу Мухьаммад ﷺ массо а адамна ваийтина хиларх. Цо аьлла шех лаьцна: «Дийна а волуш, со тӀекхаьчначун а, сол тӀаьхьа дуьнен чу вер волчун а элча ву со». Аль-Муддассир суратан аяташ диссиначул тӀаьхьа, иза волавелира воккхачуьнга а, жимачуьнга а, маьршачуьнга а, ле̄га а, божаршка а, зударшка а ислам дине кхайкха. Суннатан дийцаро ма-бохху, дуьххьара цуьнга ийман диллинарг цуьнан зуда Хадижат бинт Хувайлид йу, цул тӀаьхьа цуьнан девешин кӀант Ӏалий ибн Абу ТӀалиб ву (шийӀашна гергахь иза дуьххьара ийман диллинарг лоруш ву), иза цу хенахь буожабер хилла 10 йа 8 шо а долуш, Мухьаммада ﷺ Абу ТӀалибна гӀодеш кхобуш хилла иза. Цул тӀаьхьа Мухьаммадан йалхочо Зайд ибн Хьарисата ийман диллира. Мухьаммадан ﷺ тӀеэцна кӀант хилла иза, ислам дино и хьарам далале хьалха. Ӏалий ибн Абу ТӀалиб дӀаваьллачул тӀаьхьа дуьххьара ислам тӀе а эцна, ламаз дина боьршастаг хилла иза. Аз-ЗухӀрийн дийцарехь деана ду Зайд дуьххьара ийман диллина боьршастаг вара аьлла. Цул тӀаьхьа ийман диллира Мухьаммадан ﷺ йуххерчу доттагӀчо Абу Бакр ибн Абу Къухьафата. Цхьаболчара цо Ӏалийс дилале ийман диллина аьлла. Абу Хьанифата аьлла: «Амма божарех дуьххьара ийман диллинарг иза (Абу Бакр) ву, ткъа берех дуьххьара ийман диллинарг Ӏалий ибн Абу ТӀалиб ву»[56].

Абу Бакра ислам дин тӀеэцначу хенахь, цо нахана гучудаьккхира ша ислам тӀеэцар. Ислам гучудаьккхинчарах дуьххьарлераниг вара иза. Шеца охьахуьйшуш болчу, шен къомах болчу нахе ислам дин кхайкхо волавелира иза. Цо кхайкхар бахьана долуш, ислам тӀеийцира Ӏусман ибн Ӏаффана а, Ӏабдуррахьман ибн Ӏавфа а, ТӀалхьат ибн ӀубайдуллахӀа а, Аз-Зубайр ибн аль-Ӏаввама а, СаӀд ибн Абу Ваккъаса а. Дийцина ду, ислам тӀеэцале хьалха Абу Бакрана гӀенах Макка чу буссуш бутт гинера. ТӀаккха гира цунна иза Маккин массо а хӀусамашна тӀехула дӀасабаьржаш, йуха хӀора а хӀусам чу кхечира цуьнан дакъа. ТӀаккха шен хӀусамехь и гуллуш болуш санна гира цунна. Цо и гӀан дийцира цхьаболчу Жайнин ОхӀланах болчаьрга, цара цунна тидира иза: «Хьо тӀаьхьахӀуттур ву шен зама ӀиндагӀехь латтор волчу ларвеш волчу пайхамарна, и бахьанехь нахалахь ирсе верг а хир ву хьо»[57].

Йуьхьанца ислам дине къайлаха, къурайшех ларлуш, кхаа шарахь кхойкхуш Ӏийра Мухьаммад пайхамар ﷺ[58]. Динан хьукманех дуьххьара доссийнарг — ламазде аьлла омра дара. Ткъа ламаз — Ӏуьйранна ши ракӀат а, пхьуьйранна ши ракӀат а дан дезаш дара. Ламаз хан тӀейеача Мухьаммада ﷺ а, цуьнан асхьабаша а чӀажашка а боьдий, шайн къомах къайла а бовлий, ламаз дора. Дуьххьарлера бусалбанаш Мухьаммадца ﷺ къайлаха вовшахкхетара. Уьш ткъе итт стаг а, зуда а хилча, Мухьаммада ﷺ хьаьржира царна «Дарул-Аркъам» олу цӀа, Сафа ломана уллохь, цу чохь цаьрца вовшахкхетархьама. Цу чохь цхьана баттахь Ӏийра уьш. Уьш шовзткъа гергга стаг а, зуда а хилча, элчане ﷺ Делера хаам боьссира, ислам дин нахана гуш-хезаш дӀакхайкхаде аьлла[59].

Даррехь кхайкхам

 
Маккара Аль-Хьарам маьждиг чуьра Сафа лам. Мухьаммад пайхамаро ﷺ цунна уллохь дуьххьара гуччахь (даррехь) кхайкхам бина.

Мухьаммад ﷺ кхаа шарахь къайлаха нахе дин кхайкхош Ӏийра. ТӀаккха Дала шега омрадинчул тӀаьхьа, къайлаза (даррехь) кхайкхо волавелира иза. Ӏалий ибн Абу ТӀалибах дийцина ду: «﴾Хьехамбе хьайн уллорчу гергарчарна а﴿ боху айат доьссинчу хенахь, Делан элчано ﷺ шен гергарнаш гулбинера. Ткъе итт стаг гулвелира и волчохь йууш а, молуш а. ТӀаккха цо хаьттира цаьрга: „Мила хир ву сан метта сан декхаршна а, сан чӀагӀонашна а йукъара, соьца йалсаманехь а хир волуш, сан доьзалехь сан когаметта а хир волуш?“. Ӏалийс жопделира: „Со ву-кх“».

Ибн Ӏаббаса дийцина: «﴾Хьехамбе хьайн уллорчу гергарчарна а﴿ боху айат доьссинчу хенахь, Делан элчано ﷺ Сафа ломана тӀе а ваьлла, мохь туьйхира: «ХӀай нах!». Къурайшаша хаьттира: «ХӀун хилла хьуна, ва Мухьаммад?». Цо элира: «Ва Ӏабдул-МуттӀалибан тӀаьхье, ва ФихӀран тӀаьхье, ва Луай тӀаьхье! Ас шайга хӀокху ломана тӀехьара мостагӀийн дошлой (говра) гучу а йаьлла, шуна тӀелетар йу аьлча, сох тешар дарий шу?». Цара массара а и чӀагӀдеш жопделира. Цо элира: «Со шуна кхерамча (дӀахьедархо) ву доккхачу Ӏазапан хьалха. Ва Ӏабдул-МуттӀалибан тӀаьхье, ва Ӏабд Манафан тӀаьхье, ва ЗухӀратан тӀаьхье! Дуьнен чохь шуна бан пайда а бац сан, йа эхартахь дала дакъа а дац, аша АллахӀ воцург кхин дела вац алар доцург». Цуьнан девашас Абу ЛахӀаба элира: «Де чекхдаллалц хӀаллакхийла хьо, цундела гулдинера ахь тхо?». ТӀаккха Дала доссийра: ﴾Шен ши куьг хIаллакхуьлда Абу ЛахIабан! ХIаллакхили иза﴿ [Къуръан:11-1]».

Къурайшаш Мухьаммадна ﷺ дуьхьал ца бевлира церан хӀуьппалгаш (цӀунаш) а, царна текъар а йемалдеш айаташ диссийначул тӀаьхьа бен, дукхаха болчу Къуръан туьдуш болчара (муфассираш) а, сиратан йаздархоша а даррехь (гуччахь) ислам дӀакхайкхор дола деллачу хенахь, уьш духьалбевлира бохушшехь[60]. ТӀаккха Мухьаммадца ﷺ а, цуьнан асхьабашца долу къурайшийн мостагӀалла чӀагӀделира, ислам дине вогӀучунна таӀзар а деш, йетта а йетташ, шад а йетташ, вага а веш, Ӏазап кӀелахь царах леш верг валлалц. ӀабдуллахӀ ибн МасӀуда аьлла: «Маккахь дуьххьара ислам гучудаьккхинарг ворхӀ ву: Делан элчий ﷺ, Абу Бакрий, Билалий, Хаббабий, СухӀайбий, Ӏаммарий, Сумайятий. Ткъа Делан элча а, Абу Бакр а шаьшшиннан къомо вухатуьйхира. Ткъа бисинарш, аьчка гӀагӀнаш тӀе а дуьйхина, малхехь лалийра. Ткъа Абу ЖахӀл, Сумайят йолчу а вахана, гоьмукъ а Ӏоьттина, иза йийра цо»[61].

Хьостанаш

  1. تفسير آية (قَدْ جَاءكُم مِّنَ اللّهِ نُورٌ وَكِتَابٌ مُّبِينٌ)، من تفسير القرطبي، الجزء السادس صفحة 77، موقع إسلام ويب
  2. تفسير آية (قَدْ جَاءكُم مِّنَ اللّهِ نُورٌ وَكِتَابٌ مُّبِينٌ)، من تفسير البغوي، الجزء الثالث صفحة 33، موقع إسلام ويب
  3. الصحيح من سيرة النبي الأعظم، جعفر مرتضى العاملي، ج2، ص63-68، دار السيرة، بيروت، ط1995
  4. تفسير السعدي، تفسير سورة الأحقاف، تفسير قوله تعالى وإذ صرفنا إليك نفرا من الجن يستمعون القرآن
  5. الشبكة الإسلامية: أهم مصادر السيرة النبوية، أكرم ضياء العمري
  6. "دراسة تحليلية للسيرة النبوية، عباس زرياب خوئي"
  7. الشبكة الإسلامية: الجزيرة العربية "الحالة السياسية والاقتصادية" عند ظهور الإسلام - أكرم ضياء العمري تاريخ الوصول 28 يونيو 2011 Архивйина 2023-07-03 — Wayback Machine
  8. ر الإسلام - أكرم ضياء العمري تاريخ الوصول 28 يونيو 20ӀӀ
  9. Ар-Рахьикъул-Махтум, Аль-Мубаракфури
  10. ور الإسلام - أكرم ضياء العمري تاريخ الوصول 28 يونيو 2011
  11. Ар-Рахьикъул-Махтум, Аль-Мубаракфури
  12. Сахьихь Муслим, №2276
  13. Ат-ТӀабакъатул-Кубра, Ибн СаӀд аль-БагӀдади
  14. Нурул-йакъин фи сирати Саййидил-мурсалин, Мухьаммад ибн Ӏафифи аль-Худри, агӀо 7-21.
  15. Ат-ТӀабарис шен Тарих жайни чохь дийцинчу хьадисехь деана ду, агӀо 293.
  16. Хьадаикъуль-анвари валь-матӀалиӀул-асрари фи сирати-н-набиййи-ль-мухтар, Мухьаммад ибн Ӏумар аль-Хьадрами, агӀо 105-122.
  17. الصحيح من سيرة النبي الأعظم، جعفر مرتضى العاملي، ج2، ص63-68، دار السيرة، بيروت، ط1995.
  18. Аль-Бидаяту ван-НихӀаят, Ибн Касир, агӀо 319-332.
  19. Watt (1974)، p. 7.
  20. الاستيعاب في معرفة الأصحاب، ابن عبد البر، ج1، ص10-17.
  21. الروض الأنف، السهيلي، ج1، ص278-296.
  22. رواه ابن تيمية في الردّ على البكري، عن العرباض بن سارية، رقم:61.
  23. الروض الأنف، السهيلي، ج1، ص278-296.
  24. الرحيق المختوم، المباركفوري، ص1-48.
  25. الطبقات الكبرى، ابن سعد البغدادي، ج1، ص94-108، دار صادر، بيروت.
  26. الروض الأنف، السهيلي، ج1، ص278-296
  27. السيرة النبوية، ابن هشام، ج2، ص295-298، تحقيق: طه عبد الرؤوف سعد، دار الجيل، بيروت، ط1990.
  28. تاريخ الرسل والملوك، الطبري، ج1، ص327-328.
  29. ألفية السيرة النبوية، عبد الرحيم العراقي، ص1-3.
  30. Сахьихь аль-Бухари, № 5101
  31. السيرة النبوية عرض وقائع وتحليل أحداث، علي الصلابي، ص14-96.
  32. الطبقات الكبرى، ابن سعد البغدادي، ج8، ص224، دار صادر، بيروت.
  33. Ар-Рахьикъул-Махтум, Аль-Мубаракфури, агӀо 1—48.
  34. فقه السيرة النبوية، محمد سعيد رمضان البوطي، ص69-102، دار الفكر المعاصر، ط1991.
  35. Сахьихь Муслим, агӀо 101, № 162
  36. السيرة النبوية عرض وقائع وتحليل أحداث، علي الصلابي، ص14-96.
  37. Сахьихь аль-Бухари, № 2262
  38. الصحيح من سيرة النبي الأعظم، جعفر مرتضى العاملي، ج2، ص83-98، دار السيرة، بيروت، ط1995.
  39. ألفية السيرة النبوية، عبد الرحيم العراقي، ص1-3.
  40. تاريخ الطبري، الطبري، ج2، ص287.
  41. دلائل النبوة، أبو نعيم الأصبهاني، ج1، ص125.
  42. نور اليقين في سيرة سيّد المرسلين، محمد بن عفيفي الخضري، ص7-21، دار المعرفة، ط2004.
  43. السيرة النبوية الصحيحة، أكرم ضياء العمري، ج1، ص104.
  44. السيرة النبوية عرض وقائع وتحليل أحداث، علي الصلابي، ص14-96.
  45. السيرة النبوية سير وعبر، مصطفى السباعي، ص13-29، المكتب الإسلامي.
  46. السيرة الحلبية في سيرة الأمين المأمون، علي بن برهان الدين الحلبي، ج1، ص127-129، دار المعرفة.
  47. المختصر الكبير في سيرة الرسول، عز الدين بن جماعة الكتاني، ص1-13.
  48. نور اليقين في سيرة سيّد المرسلين، محمد بن عفيفي الخضري، ص7-21، دار المعرفة، ط2004.
  49. زاد المعاد في هَدْي خير العباد، ابن القيم، ج1، ص82.
  50. في تفسير ابن كثير، سورة الأنعام: «قال علي بن أبي طالب وابن عمه عبد الله بن عباس، رضي الله عنهما: "ما بعث الله نبيًا من الأنبياء إلا أخذ عليه الميثاق، لئن بعث محمّد وهو حيّ ليؤمننّ به ولينصرنّه، وأمره أن يأخذ الميثاق على أمّته لئن بعث محمّد ﷺ وهم أحياء ليؤمننّ به ولينصرنّه»".
  51. Ас-СуютӀис дийцина аль-джамиӀу-с-сагӀир чохь, Ӏубадат ибн Самитер, № 2703, и хьадис хьасан ду а аьлла.
  52. Аль-Бидаяту ван-НихӀаят, Ибн Касир, агӀо 374—386.
  53. عيون الأثر في فنون المغازي والشمائل والسير، ابن سيد الناس، ج1، ص109-120، مؤسسة عز الدين، بيروت، ط1986.
  54. الطبقات الكبرى، ابن سعد البغدادي، ج1، ص190-198، دار صادر، بيروت.
  55. Аль-Бидаяту ван-НихӀаят, Ибн Касир, агӀо 5—33.
  56. ابن كثير (1990)، ج. 3، ص. 39.
  57. السهيلي (1992)، ج. 1، ص. 414-437.
  58. البوطي (1991)، ص. 105.
  59. البغدادي (2001)، ج. 1، ص. 199.
  60. ابن هشام (1990)، ج. 2، ص. 92-163.
  61. العسقلاني (1995)، ج. 4، ص. 335.