Ибн Касир
Ӏимадуддин Абул-Фидаъ ИсмаӀил ибн Ӏумар ибн Касир ад-Димашкъи (Ӏаьр. عماد الدين أبو الفداء إسماعيل بن عمر بن كثير الدمشقي; 3101, Маждал — 1373, Димашкъ) — иза бусалба Ӏеламстаг а, мухьаддис (хьадисан Ӏилманча) а, муфассир (Къуръан туьдург) а, факъихӀ (исламан бакъонан Ӏилманча) а ву.
Ибн Касир | |
---|---|
Ӏаьр. ابن كثير | |
Говзалла | мухьаддис, факъихӀ, муфассир, историк, экзегет |
Вина терахь | 1301[1][2] |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1373[3] |
Кхелхина меттиг | Димашкъ, Шема |
ДӀавоьллина меттиг | Макъабиру-с-Суфийят |
Динлелор | ислам, суннаталла |
МазхӀаб | шафиӀийн |
Динан Ӏилманан гӀуллакх | |
ГӀарадевлла белхаш | Тафсир Ибн Касира, Аль-Бидая ва-н-Нихая, Ихтисар улюм аль-хадис, Джами ас-Сунна ва-ль-Мусанид ли-Ибн Касир, Сира ан-Набавиййа ли-Ибн Касир, Истории пророков Ибн Касира, Ṭabaqāt al-Shāfiʻīyīn |
Дахар дӀайаздар
бӀаьра нисйанЖималла
бӀаьра нисйанИза вина 1301-чу шарахь Бусрана уллохь йолчу Маждал шахьарахь, Шемахь[4]. 1307-чу шарахь шен да дӀакхелхиначул тӀаьхьа, шен вешица Камалуддинца Димашкъе дӀавахара иза.
Ӏилма Ӏамор
бӀаьра нисйан1311-чу шарахь Къуръан дагахь а Ӏамийна, чекхдаьккхира цо, иштта Къуръанан къирааташ а Ӏамийра, тӀаккха тафсир а гулдира. 1318-чу шарахь ШафиӀийн мазхӀабера «Ат-танбихӀ» олучу жайнин матн (текст) дагахь Ӏамийра цо. Иштта «Мухтасар Ибнул-Хьажиб» олу жайна а дагахь Ӏамийра. Шина шайхера, БурхӀануддин аль-Фирразера а, Камалуддин Ибн Къади ШубхӀатера а фикъхӀ Ӏилма схьаийцира цо. Цу заманахь масийтта хьуьжарна тӀехӀоттийна хилла волчу, шайхул-ислам Ибн Таймийятера дуккха а Ӏилма схьаийцира цо, цуьнца цхьаьна а Ӏийра иза, цуьнан Ӏилманех пайда а ийцира.
Ӏакъийдат
бӀаьра нисйанАшӀариташ а, салафиташ а къовсабелла цуьнан Ӏакъийдатан (динах тешаран) хьокъехь. АшӀариташа иза ашӀарийн Ӏакъийдатехь хилла ву боху. Ткъа салафиташа боху, иза ахӀлул-хьадисан Ӏакъийдате вирзина хилла ву, ткъа хӀара хилатарлург ду[5].
Белхаш
бӀаьра нисйан- «Тафсирул-Къуръанил-Ӏазим», гӀарадаьлла ду «Тафсир Ибн Касир» аьлла.
- «Аль-бидаяту ван-нихӀаяту» — иза йоккха энциклопед йу, адам кхолларна тӀера дӀаволавелла, хӀижрин IIX-чу бӀешаре кхаччалц шена чохь хилларг дӀайаздина.
- «Ас-сиратун-Набавийя либни Касир».
- Аль-Бухарин цо дина шархь (кхетор) а, ткъа иза дайна ду.
- «Китабу тӀабакъати-ш-шафиӀийят».
Хьосташ
бӀаьра нисйан- ↑ AA.VV. Encyclopaedia of Islam, Encyclopédie de l’Islam (фр.) — 1913.
- ↑ Али-заде А. Ибн Касир // Исламский энциклопедический словарь — М.: Ансар, 2007.
- ↑ Bibliothèque nationale de France идентификатор BNF (фр.): اوپن ڈیٹا پلیٹ فارم, платформа відкритих даних, платформа открытых данных, plateforme de données ouvertes, piattaforma di dati aperti, Opendata-Plattform, otevřená data platforma, åben-data-platform, տվյալների բաց շտեմարան, platforma za odprte podatke, plataforma de datos abierta, plataforma de dados aberta, платформа адкрытых даных, платформа на отворените данни, platforma otwartych danych, ашық деректер платформасы, ачык маалыматтарды платформа, açıq məlumat platforması, ochiq ma'lumotlar platforma, açık verilerin platformu, платформа отвореног података, platforma otvorenih podataka, platforma otvorenog podataka, platforma otvorených údajov, πλατφόρμα ανοικτών δεδομένων, platformu atklātā datu, platforma atvira duomenų, platvormi avatud andmete, avoimen datan foorumi, nyílt adatok platformja, პლატფორმა ღია მონაცემები, платформа за отворени податоци, нээлттэй мэдээллийн тавцан, platformă de date deschise, platformo de malferma datumoj, open data platform, плятформа адкрытых зьвестак, Усьтэм даннойёслэн платформазы, асыҡ мәғлүмәт платформаһы, açıq malümat platforması, açıq malümat platforması, ачык малюмат платформасы, öppen dataplattform, платформаи додаҳои боз, ачык кӧргӱзӱлердиҥ платформазы, гом бæрæггæнæнты платформæ — 2011.
- ↑ البداية والنهاية لابن كثير/ ثم دخلت سنة إحدى وسبعمائة
- ↑ عقيدة الحافظ ابن كثير - الإسلام سؤال وجواب