Иваница Михаил Михайлович (вина 1960 шеран 8 августехь, Украинийн ССР) — советийн футболист а, украинин футболан тренер а, левзина ахтурслочуьнан позицехь.

Футбол
Иваница Михаил
Йуьззина цӀе Иваница Михаил Михайлович
Вина терахь 1960 шеран 8 август({{padleft:1960|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (63 шо)
Вина меттиг Украина
Гражданалла  ССРС
 Украина
Позици ахтурсло
Кегийрхойн клубаш
1978 Байракх ССРС ДЮСШ №2
Клубан карьера[* 1]
1979—1981 Байракх ССРС Закарпатье (Ужгород) 65 (3)
1982—1982 Байракх ССРС Фрунзенец (Сумы) 35 (2)
1983—1985 Байракх ССРС Закарпатье (Ужгород) 63 (2)
1988 Байракх ССРС Звезда (Кировоград) 20 (0)
Тренеран карьера
1992—1996 Украинин байракх Верховина (Ужгород) гӀоьнча
1996—1998 Украинин байракх Ужгород
1998—2001 Украинин байракх Закарпатье гӀоьнча
2001—2002 Украинин байракх Закарпатье-2
2002—2009 Украинин байракх Закарпатье тренер
2009—2010 Украинин байракх Закарпатье-кег.
2010—2013 Украинин байракх Говерла гӀоьнча
2016 Украинин байракх Минай
2020 Украинин байракх Ужгород
2020—хӀ. а. Кеп:Мажарчоьнан байракх Торпо

  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.

Ловзархочуьнан карьера нисйе бӀаьра

Футболан карьера йолийна 1979 шарахь ужгородан «Закарпатьехь». 1982 шарахь лезира «Фрунзенец» (Сумы) командехь. ШолгӀачу шарахь йухавирзира Ужгороде. Михаилан карьеран тӀаьххьара клуб хилира «Звезда» Кировоград, цигахь 1988 шарахь чекхйаьккхира ловзархочуьнан карьера.

Тренеран карьера нисйе бӀаьра

Ловзархочуьнан карьера чекхйаьлча долийра тренеран гӀуллакх. 1992 шарахь гӀодеш вара Ужгородан клубан тренеран, оцу хенахь цуо цӀе хийцинера «Верховина» аьлла. Цул тӀаьхьа коьртехь вара марзбалархойн «Ужгород» клубан. 1998 шарахь йухавеира болх бан шен хьомечу клубе, оцу хенахь йуха а цӀе хийцира командо «Закарпатье» аьлла. Болх бира клубехь тайп-тайпанчу даржашкахь, ткъа 1998 шеран 21 апрелера 2009 шеран июнь кхаччалц а, 2013 шеран 1-17 июнехь а коьрта тренеран декхарш кхочушдира. 2016 шеран январера июль бутт кхаччалц коьрта тренер вара ФК «Баранинцы», иза ловзуш йара Карпаташнадехьара областан чемпионатан хьалхарчу лигехь. 2016 шеран августера шо чекъдаллалц куьйгалла дира «Минай».

Хьажоргаш нисйе бӀаьра