Ильяшенко, Георгий Данилович

Георгий Данилович Ильяшенко (1918 шеран 1 май, Зеленокумск, Ставрополан губерни[d]1987 шеран 2 август, Каспийск, ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республика) — кеманхо, лейтенант, советан-японан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Георгий Данилович Ильяшенко
Вина терахь 1918 шеран 1 май({{padleft:1918|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1987 шеран 2 август({{padleft:1987|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:2|2|0}}) (69 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа авиаци[d]
Дарж лейтенант[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза орден Ленина орден Отечественной войны I степени

Биографи нисйе бӀаьра

Ильяшенко вина 1918 шеран 1 майхь Ставрополан губернин Воронцово-Александровски юртахь ахархон доьзаллехь. Цо чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалан № 3 школехь ворхӀ класс. ТӀаккха цо эчиг некъан белхалойн клубехь фотограф болх бира. Цул совнах цо дийшира Соьлжа-ГӀалан аэроклубехь[1].

1939 шо дуьйна Ильяшенко ХӀордан Эскарехь вара. Цо чекхйаьккхира Ейскан ХӀордан Эскаран авиацин училище. Цо дакъа лецира 1945 шарахь хилла болу советан-японан тӀамехь[1].

Ильяшенко вара Тийна океанан флотан ХӀаваан Эскаран ницкъан 2-гӀа минийн а, торпедийна а авиацин дивизин 4-гӀа минийн а, торпедийн а авиацин полкан кеманхо. Иза кхузза тӀеман тӀемавалар кхочуш дийра Расин портан тӀе а (хӀинца Корейн Халкъан Демократин Республикан Начжин гӀала), япоски хӀордан эскаран некъашна тӀа а. Авиацин звенон декъахь цо шиъ мостагӀийн транспорт хибуха дахийтира. Шен тӀаьххьара тӀемавалар хенахь цо мостагӀин хинкеман торпедаш туьйхира, амма цуьнан кеманах цӀе елийра. Ильяшенкос шен догуш долу кема хин тӀе охьахаийра[1].

1945 шеран 14 сентябрехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца цо гайтина майралла бахьнехь кеманхон лакхара лейтенантан Георгий Ильяшенкон йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].

1947 шо дуьйна лакхара лейтенант Георгий Ильяшенко тӀаьхьаллоне велира. Иза Каспийскехь Ӏаш вара. Ша пенсе вахаллалц цо болх бира Махачкалан кеманийн предприятехь. Иза велира 1987 шеран 2 августехь.

Дагахьлаттавар нисйе бӀаьра

Каспийскехь болу ураман тиллира Ильяшенкон цӀе. Иза Ӏийна цӀин тӀехь хӀоттийна мемориалан у[1]

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра