Индиана Хузерс (инг. Indiana Hoosiers) — Блумингтонера Индианин университетан студентийн баскетболан команда, ловзу NCAA баскетболан хьалхара баскетболан божарийн дивизионехь. Ловзу Блумингтонехь (Индиана штат). ХӀинца команда ловзу Big Ten конференцехь. ЦӀера матчаш ловзу «Эссембли-холлехь». Шен исторехь команда пхоьазза NCAA хьалхара дивизионан чемпион (1940, 1953, 1976, 1981, 1987) хилла — хьалхара шозза куьйгаллехь Маккрекен Бранч волуш, цул тӀаьхьара кхузза Найт Бобан куьйгаллица. Чемпионийн титулашца «Хузерса» кхоалгӀа меттиг боькъу Къилбаседа Каролиница, оцу гайтамца ЛАКУл (11) а, Кентуккил (8) а бен ца оьшу. Баскетболан «Хузерс» команда 1976 шарахь дуьйна йу тӀаьххьара иэшийна йоцу NCAA чемпион, дукхаха болчара лору иза студентийн баскетболан исторера уггаре дика команда[1][2][3][4].

Индиана Хузерс
Indiana Hoosiers logo.svg
Конференци Big Ten
Стадион Эссембли-холл
ГӀала Блумингтон
Коьрта тренер Том Крин
Форма
Форма
ЦӀера
Форма
ХьошалгӀара
ГӀалат: беснаш нийса дац турси.

«Хузерс» ворхӀалгӀа меттигехь йу левзина NCAA турнирийн барамца (39), ворхӀалгӀа меттигехь йу NCAA турнирашкара толамца (64), иссалгӀа йу Йеаннан финалехь ловзаран барамца (8), итталгӀа йу берриг толамашца[5]. «Хузерс» 22-зза чемпион хилла Big Ten конференцин, конференцин ловзаршкахь йу уггаре дика толамийн процент (60 % гергга). Индианин 53 ловзархо хаьржина Big Ten конференцин сийлаллин гулйина командин йукъа, иза а йу конференцин рекорд. «Хузерсо» кхин а бархӀолгӀа меттигехь йу АР рейтинг йукъайахаран барамца, йалхалгӀа меттигехь йу рейтинган хьалхарчу лоьмарехь йолуш кӀиранийн барамца[6].

Кхиамаш нисйе бӀаьра

  • NCAA чемпион: 1940, 1953, 1976, 1981, 1987
  • NCAA финалхо: 2002
  • NCAA ахфиналхо: 1940, 1953, 1973, 1976, 1981, 1987, 1992, 2002
  • NCAA чийрикфиналхо: 1940, 1953, 1973, 1975, 1976, 1981, 1984, 1987, 1992, 1993, 2002
  • NCAA 1/8 финалхо: 1953, 1954, 1958, 1967, 1973, 1975, 1976, 1978, 1980, 1981, 1983, 1984, 1987, 1989, 1991, 1992, 1993, 1994, 2002, 2012, 2013, 2016
  • NCAA йукъахь дакъа лацар: 1940, 1953, 1954, 1958, 1967, 1973, 1975, 1976, 1978, 1980, 1981, 1982, 1983, 1984, 1986, 1987, 1988, 1989, 1990, 1991, 1992, 1993, 1994, 1995, 1996, 1997, 1998, 1999, 2000, 2001, 2002, 2003, 2006, 2007, 2008, 2012, 2013, 2015, 2016
  • Конференци рогӀера толамхой: 1926, 1928, 1936, 1953, 1954, 1957, 1958, 1967, 1973, 1974, 1975, 1976, 1980, 1981, 1983, 1987, 1989, 1991, 1993, 2002, 2013, 2016

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. "Indiana's undefeated season would surpass Kentucky's". Chicago Tribune. 2015-03-07. Архивировано из оригинала 2015 ш. 04 июлехь. Дата обращения: 2015 ш. 03 июлехь.
  2. "Top 16 college basketball teams of all time". CBS Sports. 2012-03-21. Архивировано из оригинала 2015 ш. 04 июлехь. Дата обращения: 2015 ш. 03 июлехь.
  3. "1975-76 Undefeated Indiana team voted best-ever". USA Today. 2013-04-06. Архивировано из оригинала 2015 ш. 21 мартехь. Дата обращения: 2015 ш. 03 июлехь.
  4. "BOZICH: 1976 Indiana Hoosiers Honored As NCAA's Top Team". WDRB. 2013-04-05. Архивировано из оригинала 2015 ш. 04 июлехь. Дата обращения: 2015 ш. 03 июлехь. Архивйина 2015-07-04 — Wayback Machine
  5. Indiana Basketball Game Notes Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine, retrieved 20 March 2012.
  6. Total AP Men's BB Poll Appearances Summary - College Poll Archive - Historical College Football and Basketball Polls and Rankings. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 январь. Архивйина 2015 шеран 25 ноябрехь

Хьажоргаш нисйе бӀаьра