Интермаша-жигаралла
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Интермаша-жигаралла (иштта йевза хааман-пропагандан болх, кибержигаралла, электронан агитаци, электронан жигаралла) – тайп-тайпанчу жигараллин электронан технологин уьйранаш лелор, масала электронан пошта, «Дуьненан маша», подкасташ, сихха хаийтархьама гражданийн жигараллех, дуьненан шуьйра аудиторин ша хаам бала.
Интермаша-технологеш лелайо гӀоьналлин ахча гулдархьама, йукъараллаш, лоббиш, кхолламаш кхоллархьама.
Тайпанаш
бӀаьра нисйанАвторо Сэндор Вейс йоькъу онлайн жигаралла кхаа коьртачу категорин: Хууш хилар / пропаганда, кхоллар / мобилизаци, ткъа иштта дар / реакци.
Интермаша маьрша жигархойн йа электронан жигархойн коьрта ресурсех цхьаъ ю. «Адаман бакъонаш забар йоцуш йохош хилча, Интермашо лелайо ладаме роль зулам арахьарчу дуьненан гучудаккхархьама»[1]. Испискаш дӀасакхехьийтар, масала, BurmaNet, Freedom News Group гӀо до керланаш даржош, кхечу агӀора уьш хуур дацара оцу мехкашкахь.
Жигархоша иштта йаржайо электронан петицеш, уьш дӀакхачорхьама пачхьалкхан, йукъараллин, доларчу кхолламашка. Иза до реза ца хилар гойтуш йа политикехь дикачу агӀора хийцамашка кхойкхуш, тайп-тайпанчу областашкахь: герз дохкарера косметикан тесташ, медицинан препараташ дийнаташ тӀехь тесташ йаре кхаччалц. Дукхаха йолу коммерцин йоцу а, диканаш даран а кхолламаша леладо и хьесапаш, шайн испискашна тӀехь болчарна электронан поштехула петицеш йохьуьйту, хӀунда аьлча цара оцу дӀасакхехьийтаршна тӀеязвелла. Интермашано таро ло йукъараллин кхолламашна адамашца йаккхий харжаш а йоцуш, хан ца йойуш къамел. Гуламаш а, реза ца хиларш а кечдан тарло хьалха бевллачара а, декъашхоша а дакъа лоцуш. Электронан поштехула дӀасаяхьийтаро атта йо лобби йар, кӀезиг харжаш а йеш массашкахь дӀасайохьуьйтуш. С.Вейн концепци «кхоллар / мобилизаци», масала, йеккъа онлайн-ражехь йа йеккъа офлайнехь хуьлчу белхан йукъайаха тарло, амма Интермашехь кхоьллина, йа онлайн а, офлайн а цхьанатоьхна. Уггаре йаьржина социалан машин сайташ (коьртаниг Facebook.com) иштта ло уьш лелочарна электронан ажигараллин тайп-тайпана гӀирсаш.
Цул сов, DoS-тӀелатарш, сайташ дӀалецар, вандализм, зуламан программаш схьаэцар, электронан поштан бумбанаш йеттар (цхьаьна электронан адрес тӀе массашкахь кехаташ дахьийтар) иштта масала ду интермашан жигараллин. Кхин масалаш ишттачу тайпана «нийса белхан»[2].
Жигаллин масалаш хьалхарчу муьрехь
бӀаьра нисйанУггаре гӀарадаьлла, Интермаша хьалхарчу муьрехь жигараллин гӀирс санна лелоран масала ду Lotus компанин MarketPlace. 1990 шеран 10 апрелехь Lotus гайтина маркетинган хаамийн база нисса дӀасайахьийтаран кечам, царна тӀехь йара 120 млн АЦШ гражданийн цӀераш, адресаш, церан харжаш. И хаамаш хьалха а тӀекхачалуш белахь а, нехан долара дахар лардархоша сагатдора цхьаьнатоьхна хаамийн база йукъайаларо. Цул сов, и хаамаш дӀайазбан таро йара компакт-экъан тӀе, керла компакт-экъа йукъадаллалц латто таро а йара.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ «Classifying Forms of Online Activism: The Case of Cyberprotests Against the World Bank» in Cyberactivism: Online Activism in Theory and Practice, Eds. Ayers, Michael D., Mccaughey, Martha, pp. 72-73. Copyright 2003, Routledge, New York, NY
- ↑ Classifying Forms of Online Activism" in Cyberactivism: Online Activism in Theory and Practice, pp. 71-95. Copyright 2003, Routledge, New York, NY