Исламехь йалсамани
Йалсаманӣ Ӏаьр. الجَنَّةُ, жаннат — «беш» — иза ислам динехь, Дала Шен дикачу лешна кечйина меттиг йу, беллачул тӀаьхьа а, гӀовттийначул тӀаьхьа а, хьесап динчул тӀаьхьа а, царна совгӀатна лун йолу. Гуш йоцчу хӀуманех йу иза, иза йовзаран гӀирс деккъа Къуръан а, пайхамаран суннат а ду. Йалсаманих а, и хиларх а тешар ТӀаьххьарчу дийнах тешаран цхьа дакъа ду, ткъа иза ийманан йалх арканех пхоьалгӀа рукн йу.