ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Йоккха депресси (ингалсан маттахь Great Depression)- 1929-чу шеран эсаран-беттан (октябран) 24-чу дийнахь бирж йохарца Америкин Цхьанатоьхначу Штаташкахь йолаелла дуьненан экономикин кризис яра. Чекхъяьлла 1939-чу шарахь. Ма-дарра аьлча, ХХ-чу бӀешеран 30-гӀа шераш Йоккхачу депрессин мур лору.

Йоккха депресси уггар чӀогӀа Ӏоттаелла Америкин Цхьанатоьхначу Штатийн а, Канадан а, Сийлахь-йоккхачу Британин а, Германин а, Францин а, иштта а хаалуш яра кхечу пачхьалкхашкахь.

Дукхачу хьолехь зен хиллера индустрийн гӀалийн а, ткъа цхьайолчу пачхьалкхашкахь гӀишлош йоттар сецира. Хьашташ жимдаларца юьртабахаман сурсатийн мехаш шовкзткъа а (40), кхузткъа а (60) проценте охьадаьллера.

Цхьайолчу мехкашкахь, масала Россехь, «Йоккха депресси» билгало АЦШ-хь хиллачу экономин кризис юьйцуш бен ца лелайо.

Йоккха депресси оьздангаллехь гайтар

бӀаьра нисйан

Исбаьхьаллин литература

бӀаьра нисйан

Жайнаш

  • 1937-чу шарахь Джон Стейнбекас язйина «Дехкий а, нах а» (Of Mice and Men). Йоккхачу депрессин хенан хилларгаш.
  • «ОьгӀазлонан хорханаш» (The Grapes of Wrath)- 1939-чу шарахь арахецна Джон Стейнбекан роман. 1940-чу шарахь цуьнан цӀapax фильм яккхира.
  • «Вон мох» (инг. No Promises in the Wind) — 1970 шеран Айрин Хантан роман. Йоккхачу депрессин муьрехь Чикагор-шахьарера шин вешин-кхиазхойн кхерстарх лаьцна чулацам бу цуьнан.
  • «Whistle Stop» кафе чохь кхерзина сийна памдораш- Флэгг Фэннин роман. Цхьана декъехь Йоккхачу депрессин хенах лаьцна дуьйцу романехь.
  • «ОьгӀазлонан хорханаш» (1940)- цхьаъ бен йоцу цӀарахчу романан экране хӀоттор.
  • «Багер Вансан дийцар» (The Legend of Bagger Vance) Саванна цӀе йолу жимачу шахьарера гольфхонах лаьцна спортан драма ю. Йоккхачу депрессин хенаш чоьх хилларш дуьйцу романехь.
  • «Карнавал»- Яьлла лелаш йолу цирках лаьцна америкин телевизионан сериал ю. Сериалехь хилларш Йоккха Депресси йолуш дара.
  • «Бонни а, Клайд а» (Bonnie and Clyde) — гӀарабевлла америкин талорхой болу Бонних а, Клайдах а лаьцна фильм ю.
  • «Кехатан бутт» (Paper Moon) режиссёр волу Богданович Питеран фильм ю, араяьлла 1973-чу шарахь.