Кальмарах ловзар

«Кальмарах ловзар» (кор. 오징어게임 Оджино Геим, Ojing-eo Geim) — Къилба Корейн веб-сериал йу, дийна диса гӀертачу а, хиллачеран боевикан, триллеран, драман жанрехь. Йерриг исс эпизодийн режиссёр а, сценарин автор а ву Хван Дон Хёк.

Кальмарах ловзар
кор. 오징어 게임
кор. Оджинъо кеим
Жанр триллер, драма-фильм
Режиссёр
Сценарин
автор
Композитор
Кинокомпани Siren Pictures[d]
Пачхьалкх
Мотт Корейхойн мотт
IMDb ID 10919420
Официалан сайт
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Коьрта роль ловзош бара Ли Джон Джэ, Пак Хэ Су, О Ён Су, Ви Ха Джун, Чон Хо Ён, Хо Сон Тхэ, Анупам Трипати, Ким Чжу Рён. 2021-чу шеран товбецан (сентябран) 17-чохь сериалан премьера хилла интернетерчу Netflix платформехь.

Сериалехь дуьйцу адамийн тобанах, цера массера ахчанца халонаш йара. ТӀаккха цара тӀелоцу къайлечу турнирехь дакъалацарна кхайкхам. Цигахь дийна виса веза, ткъа финалехь тоьллачунна 45,6 млрд вон (38, 5 АЦШ млн доллар) кхочур ду.

Ша жима волуш финансашца халонаш хилар а, иштта Къилба Корейхь классийн нийсазалла хилар а бахьанца дагайеана Хван Дон Хёкна сериалан коьрта идей.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра