Карлаболу ницкъ
Карлаболу ницкъ я карлайолу («баьццара») энерги- карлайолу хьостанах йоккху энерги ю. Иштта ницкъо маьӀданан (лаьттара йоккхучу) ягорг санна дукха парникийн газ а, Ӏалам бехдеш йолу хӀуманаш а ара ца хоьцу. Адамаш дукха а шерашкахь дуьйна пайдаоьцура ламастан могӀан ницкъах а, гидроэнергетиках а, биоярогах а, маьлхан энергих а. ТӀаьххьарчу заманахь дукхачу пачхьалкхашкахь даьржаш а, гӀарадолуш а ду ишттачу ницкъан массийн арахецар.
«Баьццара» энерги Ӏаламан гӀирсах йоккхуш ю, масала: маьлхан нуьрах а, хин Ӏоврах а, могӀах а, хӀорд тӀекхетарах а, геотермалан йовхонах а, уьш карлаяккхалуш ю, иштта биоягоргах а: дечигах а, ораматийн даьттанах а, этанолах а.
2018-чу шарахь карлайоккхучу ницкъашца кхачо йира дуьненна хьашташна 26-чу проценте кхаччалц[1].
Кхиаран тенденцеш
бӀаьра нисйан2006-чу щарахь карлайоккхучу энергица гергга 18 % хьашташна кхачам бира. Ткъа царах 13 % ламастан биомассах- дечиг дагадарца-йаьккхина яра.
2010-чу шарахь дуьненан 16,7 % энерги яйар карлабоккхучу ницкъо кхочуш йира. Ткъа 2015-чу шарахь и гайтам 19,3%-е кхаччалц хьалабелар.
Ламастан биомассан дакъа тӀаьхь-тӀаьхьа лахлуш ду, ткъа кхузаманан карлайоккхучу энергин гайтам лакхаболуш бу.
2004—2013 шерашкахь Европин бертахь арахоьцуш йолу карлайоккху электроницкъ баран гайтам 14 % тӀера 25 % тӀекхаччалц лакхабаьлла[2]. 2018-чу шарахь Германехь «баьццарчу» хьостанашца 38 % электроницкъ арахецна[3].
Хьостанаш
бӀаьра нисйан- ↑ World gross electricity production, by source, 2018 – Charts – Data & Statistics - IEA
- ↑ Евгения Сазонова, Алексей Топалов. Европа устала от солнца и ветра . 2016-02-07. Газета.ru. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 7 февраль.
- ↑ Андрей Гурков Deutsche Welle 03.11.18 Плохая погода для «Газпрома»: газ проигрывает в ФРГ ветру и солнцу