Касе́лья Пе́дро (испан. Pedro Casella; 1898 шеран 31 октябрь — 1971 шеран 18 июнь) — уругвайн футболист, кевнахо. 1924 шеран Олимпийн чемпион, резерван ловзархо. Къилба Америкин шозза чемпион.

Футбол
Каселья, Педро
Вина терахь 1898 шеран 31 октябрь({{padleft:1898|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:31|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1971 шеран 18 июнь({{padleft:1971|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:18|2|0}}) (72 шо)
Гражданалла Уругвайн байрак Уругвай
Позици кевнахо
Клубан карьера[* 1]
1918—1923 Уругвайн байрак Бельграно ? (?)
1924 Уругвайн байрак Универсаль ? (?)
1924—1926 Уругвайн байрак Рампла Хуниорс ? (?)
? Уругвайн байрак Насьональ ? (?)
СовгӀаташ а, мидалш а
Олимпийн ловзарш
Деши Париж 1924 футбол
Къилба Америкин чемпионаташ
Борза Буэнос-Айрес 1921
Деши Монтевидео 1923
Деши Монтевидео 1924
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.

Биографи нисйе бӀаьра

Каселья Педро жима волуш левзина Монтевидеора «Бельграно» командехь, 1918 шарахь цуьнца кхаьчна Уругвайн Примере. 1921 шарахь Каселья дуьххьара кхайкхира Уругвайн гулйина команде, дебют хилира шен командин хьалхарчу матчехь Парагвайн гулйина командин дуьхьала. Фиголи Эрнестос оцу ловзаре арахийцира экспериментан хӀоттам, тӀаккха къилбаамерикин хьалхейаккхаран керлачу командо иэшийра уггаре ондачарех континентан гулйина команда, сенсацица 2:1 чот йолуш. Фиголис Бразилица ловзуш кхо ловзархо хийцира. Каселья меттана йукъавелира Белоутас Мануэль. Оцу хийцамаша гӀо дира Бразили 2:1 йолуш иэшо, амма Аргентиница ловзуш «Селесте» йуха а ийшира, чемпионат чекхйаьккхира кхоалгӀачу меттигехь йалханнах ши очко йаьккхина[1].

1923 шарахь Каселья къоман командин коьрта кевнахо вара. Уругвайхоша толам баьккхира массаьргара а цӀахь йолчу чемпионатехь йерриг чот 6:1 йолуш, ткъа Касельяс цхьа буьрка бен чу ца тохийтира Бразилегара (2:1)[2].

1924 шеран Олимпийн ловзаршка Каселья вахара резерван кевнахо волуш. Кевнашкара йерриг матчаш Парижехь дӀайаьхьира Масали Андреса, цул хьалха иза Касельин дублер вара. Оцу хенахь Каселья ловзуш вара «Универсаль» клубехь, цунна йукъара дехьавелира «Белья Виста» йукъа Уругвай цӀа вирзича.

Резерван кевнахочун толаман хьал масех бутт баьлча а хӀоьттира — Касельяс йаьккхира шен шолгӀа а Къилба Америкин чемпионат, амма хӀинца оццу Монтевидеохь иза ца левзира цхьан а матчехь, Уругвайн гулйина командин резервехь лаьттира[3].

Йерриг Уругвайн гулйина командин йукъахь Каселья Педро левзира 7 матчехь, 9 гол чу а тохийтира.

1927 шарахь, «Рампла Хуниорс» шен исторехь дуьххьара а, тӀаьххьара а Уругвайн чемпион хуьлуш, Каселья оцу командехь вацара. Цуьнан кхин дӀа йолу биографех хӀумма а дац.

Титулаш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Martín Tabeira Southamerican Championship 1921 (ингалс.). rsssf.com (7 сентября 2007). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 1 майхь. Теллина 2011 шеран 19 ноябрехь.
  2. Martín Tabeira Southamerican Championship 1923 (ингалс.). rsssf.com (12 августа 2009). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 29 августехь. Теллина 2011 шеран 19 ноябрехь.
  3. Martín Tabeira Southamerican Championship 1924 (ингалс.). rsssf.com (12 августа 2009). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 4 сентябрехь. Теллина 2011 шеран 19 ноябрехь.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра