Кеп:Дийнахь хилларг:05-26
Российн хьуьнараллин де, Ненан де Польшехь а, Францехь а, Гуьржийчоь Маьршайаларан де
- 451 — куьйгаллехь Вардан Мамиконян волуш эрмалой ийшира Аварайран тӀамехь.
- 1093 — оьрсийн элашна а, половхошна а йукъара Стугна хин тӀиера тӀом.
- 1538 — Женеван бахархоша кхаа шеран арабаьхна Кальвин а, цунна тӀехьахӀиттинарш а.
- 1799 — Суворов тӀамца Итали вахар: оьрсийн эскарш Турин чудахна.
- 1805 — Миланан килсанехь Бонапарт Наполеонан тӀетиллина Ломбардин Эчиган таж.
- 1828 — Нюрнбергехь гучуваьлла Хаузер Каспар (сурт тӀехь).
- 1897 — Стокер Брэма зорба тоьхна «Дракула» роман.
- 1931 — Харбинехь кхоьллина дозанал арахьанан баккхийчех кхоллам— Российн фашистийн парти.
- 1972 — Москохахь Никсон Ричарда а, Брежнев Леонида а куьг йаздина Ракетех лардаран системашна дозатохаран барт тӀехь.
- 1991 — Гуьржийчохь хьалхарчу президентийн харжамашкахь толам баьккхина Гамсахурди Звиада.