Кеп:Дийнахь хилларг:09-15
Коста-Рикан, Сальвадоран, Гватемалан, Гондурасан, Никарагуан маршонан де (1821, Испанех)
- 1835 — Чарльз Дарвин «Бигль» кеман тӀехь (сурт тӀехь) кхаьчна Галапагоссан гӀайренашка
- 1916 — Сомма тӀиерачу тӀамехь ингалсхоша тӀамехь зийра дуьненахь дуьххьарлера танк Mark I
- 1928 — ингалсан микробиолога Флеминг Александра дуьненахь дуьххьара даьккхира пенициллин
- 1935 — Нуьрнберган законашца немцойн жуьгтий гражданаллех баьхна, Германин пачхьалкхан символ хилла свастика
- 1950 — Корейн тӀом: америкин десант йоьссина Инчхон гӀалахь (Къилба Корей)
- 1959 — Никита Хрущёв советийн куьйгалхойх дуьххьара АЦШхь хилла
- 1971 — «Гринписан» дуьххьара кечйина акци (хьажийна йу Аляскехь хӀоьънан зийерашна дуьхьала)
- 1974 — Москохахь «Беляево» метрон гергахь бульдозерашца дӀахьаькхна художникийн-нонконформистийн гайтам