Ки́нгстон (инг. Kingston) — Канадан Онтарио провинцин къилбехьара гӀала. Бахархой 123 000 стаг (2011), гергарчу кегийра гӀаланашца — 160 000.

Кингстон
Kingston

{{{куьг}}}

Кингстон (Онтарио) (Канада)

Координаташ: 44°13′53″ къ. ш. 76°28′51″ м. д.HGЯO

Урхалла
Пачхьалкх  Канада
Провинци  Онтарио
Карара статус 1846 (1846)
Демографи
Бахархой 123 000 адам. (2011)
Луьсталла 273 адам./км²
Официалан мотт ингалсан
Географи
Майда 450,39 км²
Сахьтан аса UTC-5
Веб-сайт http://www.cityofkingston.ca
Кингстон. Ратуша

Онтарио Ӏоман къилбаседа-малхбален бердаца, Сийлахь Лаврентийн доьду хин хьостан гергахь йолу порт. Гена доццуш гӀайренийн цхьа зӀе йу – архипелаг Эзар гӀайре.

Наггахь Кингстонах олу кир-маьӀдан гӀала («Limestone City»), хӀунда аьлчи цунах йина дукха гӀишлош йу цигахь. ГӀалин йукъ лаьтта шина доьду хин йукъахь – Катаракви (Cataraqui) малхбалехь, Жима Катаракви (Little Cataraqui Creek) малхбузехь. Административан йукъ Фронтенак графаллин (Frontenac).

XVII бӀешарахь хӀинцарерачу Кингстонан меттехь лаьттина индахойн эвла; 1673 ш. Ла Сала йиллира ГӀап-Фронтенак. Иза дӀалецира ингалсхоша ВорхӀшеран тӀамехь.

Кингстон лаьтта меттиг стратегин маьӀна долуш йу, хӀунда аьлчи Сийлахь Лавренти хи чуьра Сийлахь-Даккхий Ӏаьмнийн чувоьдийла терго йан таро йу, ткъа Рюдо татол даьккхинчул тӀаьхьа, Атлантикин Ӏапказ тӀебоьду керла некъ а. Цундела ингалсхоша йина Кингстонера тӀеман чӀагӀонаш, ца оьшу Квебек-ситин гӀопал бен.

Шен стратегин меттиг ладаме йоллушехь, Кингстон ца хилира ладаме 1812 шеран Йоккха Британин а, АЦШн а йукъарчу тӀамехь. Цигара схьадогӀу, Канадера британин дукхаха йолу чӀагӀонийн санна, цуьнан йац америкин агӀора «гергара» меттиг, уллехь доза а доллушехь, ладаме стратегин маьӀна а доллушехь.

Кингстон хилла Лакхара а, Лахара а Канадийн Цхьаьнатоьхна провинцийн коьрта шахьар, цунна йукъайагӀара хӀинцалера Онтарион а, Квебекан а дакъа. ТӀаккха а, Кингстон цахеддаш уьйр йолуш йу Канада кхоллайаларан историца, хӀунда аьлчи кхузахь волавелла болхбан Джон Макдональд, Канадан хьалхара премьер-министр.

1841 - 1844 шерашкахь Кингстон хилла цхьаьнатоьхна Канадин коьрта шахьар. 1844 шеран 10 майхь коьрта шахьар дӀайаьхьира Монреале.

Экономика

бӀаьра нисйан

Кингстон Сийлахь Лаврентийн хӀордан новкъа тӀиера ладаме порт, цуо зӀе латтайо Сийлахь-Даккхий Ӏаьмнийн а, Атлантикин Ӏапказан а хин системашна йукъахь. ТӀаккха а, цӀерпоштнекъан а, Рюдо татолан а транспортан маьӀна дожар бахьанехь, тахана Кингстонан экономика хьалха санна ца йозу транспортаца сурсаташ дӀасакхехьарх. Оццу хенахь, Кингстон, Эзар гӀайренашна гергара хилар бахьнехь а, цхьа могӀа оьздангаллин сийлаллаш бахьнехь а, туризман центр хилла.

Билгалйаккха йеза дешаран роль (шиъ провинцийн университет а, Канадехь цхьаъ бен йоцу федералан тӀеман колледж) а, тӀеман базийн роль а таханлерачу Кингстонан вастехь.

3 лакхара дешаран меттиг, царна йукъахь Квинс университет — Канадера уггаре йаккхийчех лдм.

Оьздангалла

бӀаьра нисйан

2 театр.

Кингстонехь йу Канадера уггаре шира 1943 шеран 10 сентябрехь йиллина спортан сийлаллин залДуьненайукъара хоккейн сийлаллин зал. 1965 шарахь дуьйна музей лаьтта Мемориалан центрехь (инг. Kingston Memorial Centre), аренан малхбалехьа, Йорк а, Альфред а урамийн маьӀигехь.

Кингстон уггаре хьалха йевза хьалхара Канадин премьер-министр Джон Макдональда шен политикин мур дӀаболийна а, шен дахаран алсама долу дакъа даьккхина а меттиг санна.

Кингстонехь вина капитан Сазерленд Джеймс Томас (инг. James Tomas Sutherland), Онтарион Хоккейн Ассоциацин (инг. Ontario Hockey Association йа ОХА (инг. OHA) в 19151918 шерашкахь, Канадан хоккейн марзбеллачеран ассоциацин (инг. Canadian Amateur Hockey Association), йа КХМА (инг. CAHA) 1919 шарахь президент. Дуьненайукъара хоккейн сийлаллин зал йуьллуш къахьегначех цхьаъ.

Кхин а гӀалахь бинайаздархо Аллен Грант, гӀарабевлла хоккеисташ Майк Смит, Дуг Гилмор, Кевин Лаланд, Джон Эрскин, Брайан Аллен, дуккха а бехира Берни Николз а, музыкахо Дэвид Ашер.

Кхин гӀараваьлла кингстонхо — Канадан рок-музыкахо Брайан Адамс.

Хьажа иштта

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан