ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Кирилл Патриарх (бакъ цIе Гундяев Владимир Михайлович) вина 1946 шеран 20-чу ноябрехь Ленинградехь. Оьрсийн Керста динан Килсан епископ. 2009 1 февралин дуьйна Москохан а, Йерриг Россин Патриарх. Патриарши интронизаци ялле Смоленан а, Калининградан а митрополит. 1989 14 ноябрь- 2009 шеран 1 февраль кхаччалц  килсан арехьар зIенашан синодальни отделан пирсдатал, Сийлахь-Деза Синодан даимлера декъашхо.    

Кирилл
оьрс. Кирилл
Сурт
Бакъ цӀе Владимир Михайлович Гундяев
ГӀуллакхан тайпа мозгIар
Вина терахь 1946 шеран 20 ноябрь({{padleft:1946|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})[1][2][…] (78 шо)
Вина меттиг
Викилармин логотип Кирилл Викилармехь

2009 шеран 27 январехь Оьрсийн Керста динан Килсан Поместный соборо Москохан а, Йерриг Россин Патриарх хьаржина.

Доьзал а, дешар а.

бӀаьра нисйан

2 лоьмар йолу ишколехь доьшуш хилла и (хIинца Красносельски кIоштан Александр Березански цIарах йолу 270-гIа ишкола).  

8-гIа класс чекхйаьккхинчул тIаьхьа Къилбаседа-Малхбузан геологин урхаллин Ленинградан комплексни геологин экспедицехь техник-картограф белхаш бина.

1965 шарахь Ленинградан семинаре деша дIахIоьттина, йуха- Ленинградан динан академи.

Ленинградан митрополит Никодимс тӀедождарца цхьан шарахь ши курс чакхйоккхура.

Кириллан да- Михаил Васильевич Гундяев. Вина 1907 шеран 7-гIа ноябрехь, кхелхина 1974 шеран 13-гIа октябрехь)- мозгIар хилла.

Нана- Гундяева Раиса Владимировна (йоӀстагаллехь хилла цIе- Кучина). Йина 1909 шеран 7-чу ноябрехь, кхелхина 1984-чу шеран 2-чу ноябрехь. Немцойн меттан хьехархо.

Да-нана Петарбухан Большеохотски кешнашкахь дIадоьллина ду.

Воккхаха ваша- протоиерей Николай Гундяев- Петарбухан динан академи профессор а, ректор а хилла.

Жимаха йиша- Елена. Йина 1949 шеран 8-чу майехь. Керста гимназин директор, Петербухан динан академин культурин проректор а, регентски отделенин доладархо.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан