 |
Литература (лат. lit(t)eratura, ма-дарра — яздинарг, lit(t)era — элп) — исбаьхьаллин коьртачех цхьа кеп; шуьйрачу маьӀнехь муьлххачу а йозанийн вовшахкхетар. Термин лелош ю йозанца язйина йолу произведенеш, шайн юкъараллин маьӀна долу, къастош. Иштта «литература» дашо къастайо адамийн кхоллараллин произведенеш, шайца билгалъеш адамийн истори йолу.
Билггалчу кепехь «литературица» къастайо йозанан произведенеш, ша-тайпа йоза. Литературин дуккха а кепаш ю, шайца цхьаьна Iилманан литература, публицистикин, эпистолярни, исбаьхьаллин, иштта кхидӀа а. Литература талларехь болх беш ю филологин а, литературалелоран а дисциплинаш.
|