Иза юккъерачу дегӀехь хилла: лекха а воцуш, лоха а воцуш. Розин-кӀайн юьхь хилла цунна, бӀаьргаш — Ӏаьржа, месаш — юькъа, къегаш, лепаш, чӀогӀа хаза. Юьхь гонаха маж а. Месаш белшаш тӀе охьаяхна, Ӏаьржачу бесаца яра уьш. Болар тӀахъаьлла дара цунна. Доккхачу дегӀехь а вара ша.