Ков:Мухьаммад
Дика яззамаш | Проект | Форум | Проектан декъашхой |
![]() |
«Мухьаммадан» Ков Марша ДогӀийла! |
![]() |
Мухьаммад
Хаьржина йаззам
Мухьаммад ибн ӀабдуллахӀ ибн Ӏабдул-МуттӀелип ибн ХӀашим (Ӏаьрб. مُحَمَّد بِن عَبْدُ الله بِن عَبْدُ الْمُطَّلِب بِن هَاشِم; вина 571 шаран 22 апрелехь / 12 РабиӀуль авваль / Маккахь — кхелхина 632 шаран 8 июнехь, Мадинатехь) — Ӏаьрбийн хьехамча а, исламан пайхамар а, АллахӀан тӀаьххьаре пайхамар а, элча а ву. Мухьаммад вина Ӏаьрбийн махкахь — Маккахь, дӀавоьллина ву Мадинатехь. Тайпан Къурайш варa. Иза охьавоссина, АллахӀ-дала бусулба динa Ӏамаде а, даржде а нахана тӀе аьлла. Исламан хьехарехь ма-бохху, АллахӀ доссийна цуьнга шен деза жайна — Къуръан. Дуьненчу ша ваийтина хилла цхьа бӀе ткъе виъ эзар пайхамар чӀагӀвеш, АллахӀ-дала хӀоттийна мухӀар ву Делан элча — Мухьаммад
.
Хаьржина сурт
Хаий шуна, хӀара…
Иза юккъерачу дегӀехь хилла: лекха а воцуш, лоха а воцуш. Розин-кӀайн юьхь хилла цунна, бӀаьргаш — Ӏаьржа, месаш — юькъа, къегаш, лепаш, чӀогӀа хаза. Юьхь гонаха маж а. Месаш белшаш тӀе охьаяхна, Ӏаьржачу бесаца яра уьш. Болар тӀахъаьлла дара цунна. Доккхачу дегӀехь а вара ша.