Ков:СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
|
СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан Паччахьалла (Ӏаьр. المملكة العربية السعودية — Аль-Мамлакатуль Ӏарабиййатус-СуӀудиййату) — Азера Ӏаьрбийн ахгӀайренан йоккха пачхьалкх ю. Нефть доккхуш а, хьал долуш а бу СаӀудийчоьнан мохк. Къилбаседа-малхбалехьа ГӀажарийн аймаца гуо баьккхина бу, малхбузера — ЦӀен хӀорданца а.
Наггахь СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан цӀе йоккху: «Шина маьждиган мохк» олий, хӀунда аьлча, цигахь исламан коьрта сийлахь-еза ши гӀала ю: Макка а, Мадинат а.
Ӏаьрбийн маттахь мехкан йоцца цӀе: (Ӏаьр. السعودية — Ас-СуӀудиййат) ю. СаӀудийн Ӏаьрбийчоь хӀинцалерачу хенахь — дуьненан кхаа пачхьалкхех цхьаъ ю, шен урхаллин СаӀудийн династин цӀе лелош йолу
(кхидӀа…)