Конве́рт (нем. Kuvert[1], фр. couvert, couvrir — къовла) — кехаташ я чӀапа хӀума Ӏалашъен а, дӀасаяхьуьйта а, чудуьллу бот. Уггаре яьржина ю поштан конверташ.

Поштан конверт франкотипца а, рекламин суьртаца а, текстца а (АЦШ, 1905)
ССРС поштан конверт (1983): хьалхара а, тӀехьара а агӀонаш

Сурт хӀоттор

бӀаьра нисйан

Российн Федерацин Пачхьалкхан стандартехь «ПАСТ Р 51506-99. Поштан конверташ. Техникин бехкамаш. Тидаман хьесапаш» (2000) йелла иштта билгало:

Конверт — чӀапа нийса са болу кехатах я кхин цунах тера гӀирсах йина бот, дӀакъовлу, цуьнан цхьаьна агӀора долу, тӀелета негӀарца.

Изза ПАСТо, чекх са ца гар алсамдоккхуш, мухар тоьхна тӀелатийна кехат лелор могуьйту.

Классификаци

бӀаьра нисйан

Российн Федерацин ПАСТаца, конверташна классификаци йо хӀокху хьесапашца:

  • барамца;
  • кор хиларца;
  • дӀакъовлу негӀар меттигца;
  • адресан хаамаш хьоьхуш меттиг а, яздаран низаман куьйгалла а хиларца;
  • лела меттигца;
  • хьалхара агӀо кечъяран кепаца.

Барамца а, кор хиларца а

бӀаьра нисйан
 
C6, C6/C5 и DL конвертийн схема а, царна тӀехь долу абонентан адресан кораш (барамаш гайтина мм)

Барамашца конверташ билгалйоху С6, DL (ловзарга кхойкхурш), C5, C4, B4 тайпана:

Конвертан билгало
ISO 269[2]
Конвертан барамаш, мм
Локхалла H Йохалла L
С6 114 162
DL 110 220
C65 114 229
C5 162 229
C4 229 324
B4 250 353

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. В современном немецком языке обычно употребляется слово Umschlag или Briefumschlag.
  2. ISO 269-85. Конверты для переписки — обозначение и размеры.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
  • Почтовый конверт. Входы: Средства почтовой связи. Глоссарий.ru; Web-and-Press. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 20 июнь. Архивйина 2016 шеран 20 июнехь
  • Конверт. Русско-английский толковый словарь филателистических терминов — К. Юный филателист. Белпочта. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 20 октябрь.
  • Заметки о конвертах различных стран мира, имеющих филателистическое значение
  • Envelope (инг.). Articles on E. Memim Encyclopedia; Memim.com. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 20 июнь. Архивйина 2016 шеран 20 июнехь [^]