Крячко Валентин Николаевич (укр. Валентин Миколайович Крячко; 1958 шеран 27 январехь, Комсомольски, Змиёвн кӀошт, Харьковн область, Украинийн ССР, ССРС) — советийн, украинин футболист а, тренер а, кегийрхойшна йукъара дуьненан чемпион (1977), ССРС дуьненайукъара классан спортан говзанча (1977).

Футбол
Крячко Валентин
Йуьззина цӀе Крячко Валентин Николаевич
Вина терахь 1958 шеран 27 январь({{padleft:1958|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:27|2|0}}) (66 шо)
Вина меттиг Комсомольски, Змиёвн кӀошт, Харьковн область, Украинийн ССР, СССР
Гражданалла
Позици турсло
Кегийрхойн клубаш
1974 Байракх ССРС Металлист
Клубан карьера[* 1]
1975—1981 Байракх ССРС Металлист 194 (1)
1982 Байракх ССРС СКА (Киев) 36 (1)
1983 Байракх ССРС Металлист 3 (0)
1984 Байракх ССРС Маяк (Харьков) 36 (0)
1985—1986 Байракх ССРС Металлист 27 (0)
1991 Байракх ССРС Ритм (Белгород) 42 (0)
1992 Байракх Российн (1991—1993) Салют 30 (0)
1994 Украинин байракх Металлист 2 (0)
1997—1998 Российн байракх Салют-ЮКОС 43 (0)
Тренеран карьера
1994 Украинин байракх Металлист тренер
1994—1995 Украинин байракх Темп тренер
1995 Украинин байракх Темп-АДВИС
1998—2001 Украинин байракх Арсенал (Харьков)
2001—2002 Украинин байракх Металлист тренер
2002—2003 Украинин байракх Металлист
2003—2004 Украинин байракх Гелиос (Харьков)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.

Футболан биографи

бӀаьра нисйан

Ловзархочун карьера

бӀаьра нисйан

Валентин футболех ловза волавелла ша вехачу йуьртахь Слобожански. ТӀаьхьа кхечира харьковн спортинтернатан дуьххьара гулйиначу классе, цигахь цуьнан тренер хилира Кольцов Николай Михайлович.

1974 шарахь, 9 классан дешархо волуш, дебют хилира харьковн «Металлистийн» дублёрашна йукъахь, ткъа 1975 шеран 9 августехь, хьалхарчу лигин командийн «Динамо» (Минск)«Металлист» дуьххьара аравелира ловза Харьковн коьрта командин йукъахь. Оццу шарахь деша вахара киевн спортинтернате тренер В. Киянченко волчу[1].

Дукха хан йаллале Крячкога кхойкху ССРС гулйина жимахойн команде, цигахь левзира шен нийсархошца а, 1958 шарахь динчу берашца, кхин баккхийчеран гулйина командехь а. 1976 шарахь Валентин хуьлу официалан йоцучу жимахошна йукъара Европин чемпионатан толамхо, иза хилира Мажаройчохь. Кхин а шо даьлча хилира кегийрхойн дуьненан чемпионат Тунисехь, цигахь Крячко ССРС гулйинчу командица йуха а хуьлу толамхо[1].

Къоначу йуккъера турслочун ловзаран тидам бахара дукха футболан тренерийн, Валентинега кхайкхира москохан «Локомотиве», шозза кхайкхира киевн «Динамо»[1]. Амма гӀараевллачу командашка дехьавала турсло ца хӀоьттира, Харьковхь висира иза. 1975 шарахь дуьйна левзира «Металлист» йукъахь, 1981 шарахь цуьнца йаьккхира лакхарчу лигехь ловза бакъо.

1982 шо даьхьира киевн СКА йукъахь, иза цига хьажийра тӀемлойн гӀуллакхе. 1983 шарахь йухавирзира «Металлисте», цунна йукъахь кхо матч а левзина шо чекхдаллалц дехьаваьккхира кхечу харьковн команде — «Маяке», цул тӀаьхьа йуха а гӀалин коьрта команде йухавирзира.

1986 шарахь лоьрашна карийра Валентинан деган болх нийса ца хилар — аритми, цул тӀаьхьа 28 шо долу футболистан дийзира ловзархочун карьера йита, тӀаккха тренеран болх бан волавелира[2]. ТӀаьхо масехаза карлайаьккхира ловзархочун карьера. 1990-гӀа шерийн йуьххьехь а, чеккхенгахь а левзира Белгородан профессионалан клубехь.

Тренеран карьера

бӀаьра нисйан

1986 - 1993 шерашкахь ДЮСШ «Металлистехь» бераш Ӏамош вара. Дезткъе итталгӀа шерашкахь спортан ишколехь тренер балхахь а волуш, ловзуш вара Белгородера «Ритм» клубехь[2].

1994 шарахь ассистент вара «Металлистан» тренеран Довбий Александран, ткъа иза дӀаваьллачул тӀаьхьа коьрта тренер хӀоттийра Камарзаев Виктор, киевн «Динамон» а, донецкан «Шахтёран» а дуьхьалара чемпионатан матчашкахь дакъалецира ловзархо волуш. 1994 шо чекхдолуш вахара Ткаченко Леонидан гӀоьнча болхбан лакхарчу лигера «Темп» (Шепетовка) клубе, иза дукха хан йаллале финансаш ца хиларна дӀасахийцира[2]. 1995 шеран августера ноябрь кхаччалц коьтехь лаьттира, хьалхалера клубах бисинчу ловзархойх йина, «Темп-АДВИС» клубан, амма дукха хан йаллале, оцу клубах хьалхарчих хилларг хилира.

1997—1998 шерашкахь Крячко йуха а футболан арене велира футболистан статусехь, российн Белгородера «Салют-ЮКОС» командехь.

1998 шарахь лаьттира харьковн футболан команда «Арсенал» кхолларан хьостехь , цигахь коьрта тренер лаьттира 2001 шо кхаччалц, цул тӀаьхьа йухавирзира «Металлисте», цигахь 2001 июлехь дуьйна йа Фоменко Михаилан ассистент хилира[3]. 2002 шеран ноябрехь хӀоттийра харьковн командин коьрта тренер, оцу даржехь болх бира 2003 шеран май бутт кхаччалц.

2003 шерера 2004 шеран апрель кхаччалц тренер вара кхин цхьаьна харьковн клубан — «Гелиосан».

Болх бира «Калина-Харьков» фирмехь, цигахь кхоьллира гӀалин чемпионатахь ловзу футболан команда[1]. Левзира Харьковн ветеранийн командашкахь.

ТӀаьхьа — Харьковн кӀоштан пачхьалкхан администрацин доьзалан, кегийрхойн, спортан гӀуллакхан декъан хьаькам[4].

  • Кегийрхошна йукъара дуьненан чемпион: (1977)
  • Жимахошна йукъахь Европин чемпион: (1976)
  • ССРС хьалхара лигин толамхо: (1981)
  • ССРС шолгӀа лигин толамхо: (1978)
  • Жимахошна йукъахь УССР чемпион: (1974)
  • ЕЛККС ЦК «Жималлин Кад» турниран толамхо: (1974)
  • ССРС къаьмнийн ишколхошна йукъара XIV Спартакиадин толамхо: (1976)

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан