Кузнецова, Агния Александровна

Кузнецо́ва А́гния Алекса́ндровнаоьрсийн советийн берийн йаздархо.

Кузнецова Агния Александровна
Файл:Кузнецова Агния Александровна.jpg
Тиллина харц цӀерш: Агния Кузнецова[1]
Йина терахь 1911 шеран 12 (25) февраль({{padleft:1911|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:25|2|0}})
Йина меттиг Иркутск,
Российн импери
Кхелхина терахь: 1996 шеран 12 ноябрь({{padleft:1996|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (85 шо)
Кхелхина меттиг: Москох,
Российн Федераци
Гражданалла:  ССРС,  Росси
ГӀуллакхан тайпа: прозаик, берийн йаздархо, литератор
Хьажам: социалистийн реализм
Жанр: повесть
Произведенин мотт: оьрсийн
СовгӀаташ: РСФСР Пачхьалкхан Н. К. Крупскаян цӀарах совгӀат — 1977 Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден — 1981 Халкъийн доттагӀаллин орден — 1984 Орден «Сийлаллин Билгало»

Йина 1911 шеран 12 (25 февралехь) Иркутскехь кӀайчу эпсаран Кузнецов Александр Николаевичан доьзалехь. Йуккъера ишкол чекх а йаьккхина Ленинградан А. А. Ждановн цӀарах университетан историн-филологин факультетехь дийшира. Болх бира Ленинградан, Новосибирскан берийн а, кегийрхойн а газеташкахь литературин белхало даржехь, Иркутскан радиокомитетехь а. 1943 - 1946 шерашкахь йара РСФСР Йаздархойн бертан иркутскан декъан жоьпаллин секретарь. 1956 шарахь дуьйна йехира Москохахь.

Файл:Могила Маркова ГМ (Москва).jpg
Кузнецова Агнийн а, Марков Георгийн а каш.

Йелла 1996 шеран 12 ноябрехь. ДӀайоьллина Москохахь Троекуровн кешнашкахь; уллехь дӀавоьллина ву цуьнан майра, йаздархо Марков Георгий.

Кхолларалла

бӀаьра нисйан

Хьалхара дийцарийн жайна араделира 1932 шарахь Новосибирскехь.

Зорба туьйхира «Керла Сибрех» альманахехь, «Роман-газет» журналехь, «Къоналла» а, кхин а муьран арахецаршкахь. Дерриг кхоллараллин белхан дохаллехь йаздира берех, берашна, къоналлина. Автор йу очеркийн, дийцарийн, повестийн.

Кузнецован кхоллараллин бохь — повесть «Сужда», лерина йу хьехархочун къинхьегам хасторан, даго ма-бохху хьехархочун васт кхолларан.[2]

Язйира пушкинан тема, «Сан мадонна» жайно цхьаьнатуху Гончарова Натальях а, Пушкинан берех а повесташ.

Произведенеш гочйина кхечу мехкан меттанашка.

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан

Хаьржина библиографи

бӀаьра нисйан
  • Чулыман тайгахь. — Иркутск, 1939
  • ШайтӀан дужа. — Иркутск, 1946
  • Хьан цӀа. — Новосибирск, 1951
  • Дахаро кхойкху. — Красноярск, 1958
  • Тешаме комсомолан. — М., 1959
  • Серло-буц. — М., 1967
  • Тхо Коршунера ду. — М., 1970
  • Буьйса йаьккхира дешийн мархо… — М., 1971
  • Дукха некъаш ду латта тӀехь. — М., 1972
  • Сужда. — дуьххьара «Октябрь» журнал тӀехь, 1976
  • Къиза кхолламан дарц кӀела. — Пермь, 1979
  • Сий: Повесташ. — М.: Мол. гвардия, 1980. — 446 с. — 200000 экз.
  • Кхолларийн гулам: Кхаа томехь. — М.: Дет. литература, 1982—1984. — 543+447+718 с. — 100000 экз.[5]
  • Иркутскехь Кузнецова Агния йаьхначу цӀенна тӀе, цуьнан иэсан, хӀоттийна мемориалан у[6].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Агния Маркова в ФЭБ ЭНИ «Словарь псевдонимов»
  2. Русские детские писатели XX века. — С. 247.
  3. Семёнова В. А. Вместе с бурями века: Краткий обзор имён и книг к 75-летию Иркутской писательской организации. — Иркутск: Иркутский писатель, 2007. — С. 59. — 64 с. — 3000 экз.
  4. Агния Кузнецова Архивйина 2013-05-14 — Wayback Machine на сайте Писатели Приангарья — детям
  5. Сведения приведены по данным Генерального алфавитного каталога книг
  6. В Иркутске установят мемориальные доски сибирским писателям Георгию Маркову и Агнии Кузнецовой. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 23 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 24 мартехь

Литература

бӀаьра нисйан
  • Абрамович А. Ф. А. А. Кузнецова: Биогр. очерк // Литературная Сибирь. — Иркутск: Вост.-Сиб. кн. изд-во, 1971. — С. 190—193. — 336 с. — 5000 экз.
  • Писатели Восточной Сибири: Биобиблиографический указатель. — Иркутск: Вост.-Сиб. кн. изд-во, 1973. — С. 133—134. — 332 с. — 5000 экз.
  • Разумневич В. А. Проводы в совершеннолетие: Очерк творчества А. Кузнецовой. — М., 1974.
  • Кеп:РДП

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан