Кузнецова, Варвара Григорьевна
Кузнецова Варвара Григорьевна (йина 1912 шеран 31 октябрехь (13 ноябрехь) Спас-Талица Орелан уезд, Вяткан губерни, Российн импери) — советийн этнограф-къилбаседаӀаморхо, чукчийн дахарех лаьцна уггаре нийса аренан хаамаш гулбина Чукоткан ахгӀайрен талламхо[1]. ЕКП(б) декъашхо, Ленинградан гуонехь йисина хилларг.
Кузнецова Варвара Григорьевна | |
---|---|
оьрс. Кузнецова, Варвара Григорьевна | |
Йина терахь | 1912 шеран 31 октябрь (13 ноябрь) |
Йина меттиг | Спас-Талица Орелан уезд, Вяткан губерни, Российн импери |
Кхелхина терахь | 1977 |
Кхелхина меттиг | Петарбух, РСФСР, ССРС |
Пачхьалкх | |
ГӀуллакхан тайпа | этнограф |
Ӏилманан кхоче | этнографи, къилбаседаӀаморхо |
Белхан меттиг | ССРС къаьмнийн этнографин пачхьалкхан музей, ССРС ӀА Н. Н. Миклухо-Маклайн этнографин институт |
Альма-матер | ЛПУ истфак |
Ӏилманан дарж | кандидат исторических наук |
Ӏилманан цӀе | Историн Ӏилманийн кандидат |
Ӏилманан куьйгалхо | Н. Н. Степанов |
Йоьвзу сана | аренан талламхо-чукчашӀамориг |
СовгӀаташ а, премеш а | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Биографи
бӀаьра нисйанВарвара Григорьевна йина 1912 31 октябрехь (13 ноябрь) Спасо-Талица эвлахь (хӀинца — Оричин кӀоштан Кировн областера). 1926 шарахь да веллачул тӀаьхьа кхелхира цуьнан даймахка — Марийн АССРн Йоккха Руял эвла. Оцу хенахь Варварин 13 шо дара, доьзалехь йалх бер дара, ткъа иза йоккхаха йерг йара. 1929 шарахь цуо чекхйаьккхира хьехархойн агӀонца йолу Мари-Биляморски исс шеран ишкол. Цул тӀаьхьа кхаа шарахь хьехархо болх бира: йуьхьанца Шолнер эвлара йуьхьанцара ишколан хьехархо, цул тӀаьхьа хьийхира оьрсийн мотт а, литература а Карлыган эвлара марийн ворхӀ шеран ишколехь.[2]
1932 шарахь иза кхелхира Владивостоке, ишколехь хьийхира, деша хӀоьттира Владивостокан хьехархойн институте. Институтехь цхьана баттахь дешна, обкомо хьажийна йахара хьун кеччо, цигахь ши бутт гергга хан йаьккхина, кхин Владивостокан хьехархойн институте йуха ца йеира.
1933 шарахь кхелхира Ленинграде, деша ийцира Ленинградан пачхьалкхан университетан историн факультете, иза чекхйаьккхира 1939 шарахь.
1939—1942 шерашкахь болх бира экскурсилелорхо — ССРС Пачхьалкхан къаьмнийн этнографин музейн (ПЭМ) Ӏилманан белхахо. Музейхь гӀуллакхехь йолуш цуо Ӏилманан гӀуллакх теллира: «Петр I хийцамаш», «Сибрехан къаьмнаш (чукчаш, эвенкаш»), «Малхбуза Украина а, Малхбуза Белорусси а»; «ЖехӀалчу нехан ПЭМ дохаршан лар тӀехула» цӀе йолу экскурси кечйира.
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш йисира Ленинградехь. Музейн кхечу белхахошца уггаре мехала коллекцеш эвакуацин кечйира. ТӀеман хьалхарчу дийнахь дуьйна хилира музей ларъен цӀеран декъан тӀемало. Кхин а дакъалецира гӀала ларйаран белхашкахь: Шимскехь, Погорельехь, Йоккхачу Кузьмино-Детски эвлахь, Обуховхь. 1941 шеран 5 декабрехь айп йира музейн гӀишлон чу бумба йоьжна. 1942 шеран 20 январехь болх беш йара № 78 йолу эвакуацин госпиталехь диетйишин даржехь, иза йиллинера Ленинградан Пачхьалкхан лоьрийн говзалла айаран институтехь, цигахь болх бира гуо басталц. 1942 шо кхаччалц Варвара лаьттира ЕЛККС декъашхо.
1944 шеран мартехь Варвара Григорьевна йухаеира Пачхьалкхан этнографин музей, шен балха. 1944 шеран сентябрехь дӀаийцира ЕКП(б) декъашхойн кандидаташка. 1944 шеран 1 декабрехь хӀоьттира ССРС ӀА Этнографин институтан аспирантуре «Къилбаседа Азин этнографин» говзаллийца. 1946 шарахь дӀаийцира ЕКП(б) декъа. 1947 шеран августехь доклад йира аспирантийн семинарехь, тема «ХӀордан йистера а, сайнийн а чукчийн бахам».
1948 шарахь боьдуш бара Чукотке йоьду экспедицин кечам. Экспедицин Ӏалашонехь дара антропологин, этнографин, археологин агӀора Чукоткан ахгӀайре Ӏамор. Экспедицис гулбина хаамаша Къилбаседа Азин а, Къилбаседа Америкин а ширачу бахархойн йукъаметтигаш, Америке адамаш ховшаран хан а, некъаш а серладаха дезара. Экспедицин этнографаша, гӀарайаьллачу америкин, шена йукъахь дика дакъа лаьцна оьрсийн этнографаша В. Г. Богораза а, В. И. Иохельсона а, Джезупан экспедицин талламаш дӀахьур болуш санна хетара Ӏилманийн Академин. Иштта, Варвара Григорьевнин доккха сий хилира оцу талламийн когаметта хила. Аспиранткан кечам бан велира и.Ӏ.д. И. С. Вдовин, иза вара уггаре дика говзанча чукчашӀаморехь, чукчийн мотт Ӏамо волавеллера В. Г. Богоразан куьйгаллийца. Чукоткан комплексан экспедицин дерриг куьйгалла а деш вара б.Ӏ.д. Г. Ф. Дебец.[3]
1948 шеран 17 мартехь из адӀайахара экспедице. Аренан болх беш бара кӀоштан йаккъашна уггаре генарчу тундран дакъошкахь, Амгуэма эркан майданахь. Варварас 3 шо сов даьккхира оцу хала кхочучу меттигашкахь, чукчийн меттаметтанашца цхьаьна кхерсташ лелаш.[4] Талламхочун дерриг дахар дӀадахара экстремалан хьолашкахь, чукчаш цхьан а озабезам ца бора цуьнан кхерстаран дахаран кийча ца хиларна[5][6].
Йухайирзича, цуо йаздира диссертации, тема «Чаунан а, Амгуэман а чукчаш (комплексехь гайтар)» йолуш. 1951 шеран 28 ноябрехь дӀаэцна ССРС ӀА Этнографин институтан Ленинградан декъан Сибрехан этнографин секторан лахара Ӏилманан белхахо дарже.
Амма 1953 шарахь Варвара Григорьевнин могашалла дика телхира, цамгар йоьзна йара функци йохарех, ткъа цул тӀаьхьа йуккъера нервийн система йохарца, коьртан хье чохь жижиг кхиар бахьнехь. Цуьнан дийзира еххачу хенахь больницехь Ӏан, болх бан ца лора. Институто кхаа шарахь латтийра цунна штатан дакъа, 1956 шеран 6 сентябрехь из адӀайаьккхира йехачу хенахь цамгар латтарна.[2]
Йелира 1977 шарахь[7]. ДӀайоьллина Керла-Волковски кешнашкахь Петарбухехь.
Ӏилманан белхаш
бӀаьра нисйанВарвара Кузнецова ца кхуьура Ӏилмане баха ша гулбина белхаш, оцу белхийн таро йара ма-йарра а, практикехь чулацам болу а чукчийн-сешлелорхойн XX бӀешеран дахаран энциклопеди хӀотто. Цхьаъ бен йоцу тӀекхача йиш йолу экспедицин белхан жамӀ хилира, цуо зорба тоьхна «Амгуэман сенийн чукчийн Ӏиданех а, Ӏадатех а хаамаш» цӀе йолу йаззам. Ткъа иштта экспедицехь даьхна суьртийн йоккха коллекци. И коллекци чӀогӀа дика документан тешалла ду меттигерачу къаьмнех а, оьздангаллех а лаьцна, хӀинца шен коьртачу декъехь тӀекхача йиш йу РӀА Антропологин а, этнографин а Сийлахь Петран цӀарах музейн (Кунсткамера) сайт тӀехь. Кузнецован аренан дневникаш Ӏалашйо музейн архивехь.
- Чукчи / В. В. Антропова, В. Г. Кузнецова (в основу описания дореволюционного быта положена статья Г. И. Мельникова) // Народы Сибири / Под ред. М. Г. Левина, Л. П. Потапова. — М. : Изд-во Академии Наук СССР, 1956. — С. 896—933. — 1084 с. — (Народы мира. Этнографические очерки). — 5000 экз.
- Кузнецова В. Г. Материалы по праздникам и обрядам амгуэмских оленных чукчей // Труды института этнографии им. Н. Н. Миклухо-Маклая. Новая серия. — 1957. — Т. XXXV : Сибирский этнографический сборник, II. — С. 263–326.
- Кузнецова В. Г. Из неопубликованных материалов Чукотской экспедиции 1948—1951 гг. / Вступ. ст., подгот. текста, примеч.: Е. А. Михайлова // Материалы полевых этнографических исследований / Отв. ред. Е. Г. Федорова; РАН. МАЭ им. Петра Великого (Кунсткамера). — СПб : МАЭ РАН, 2004. — Вып. 5. — С. 136—164.
- Архивера белхаш
- Фотоархив Кузнецовой . МАЭ РАН (Кунсткамера).
- Кузнецова В. Г. Полевой дневник. Архив МАЭ. Ф. К-1. Оп. 2.
- Кузнецова В. Г. Личное дело. Архив МАЭ РАН. Ф. К-1. Оп. 7.
Иэс
бӀаьра нисйанСовгӀаташ дина «Ленинград ларйарна» а, «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» а мидалшца.
ГӀараваьллачу йаздархочо Ю. С. Рытхэус 2003 шарахь йазйина роман «Одинцова Аннин кхерстар», турпалхочун васт схьаэцнера В. Г. Кузнецован битамах[8][9]. Хьалха, 1956 шарахь, йаздархо хьахийнера, цуьнан къоналлера сурт а далош, Сибрехан къаьмнаш антологехь, ткъа цуьнан авторех цхьаъ йара Кузнецова[10].
2015 шарахь РӀА Антропологин а, этнографин а Сийлахь Петран цӀарах музейн Ӏилманан секретарь йолчу Е. А. Михайловас арахецна жайна «Кузнецова Варвара кхерстар»[6]. Оцу жайнин бух бу музейн архиван хаамаш тӀехь, цуо чӀогӀа дика гойту Кузнецован экспедицин болх а, биографи а.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Михайлова, 2015, с. 113.
- ↑ 1 2 Михайлова, 2015, с. 7—12.
- ↑ Михайлова, 2015, Подготовка к экспедиции, с. 13—20.
- ↑ Михайлова, 2015, с. 112—113.
- ↑ Хаховская, 2016.
- ↑ 1 2 Михайлова, 2015.
- ↑ Умерла в 1977 году, согласно надгробной надписи. В то время как в литературе её известная биография заканчивается на 1956 году, с предположением, что она умерла «в конце 1960-х годов». Вероятным источником ошибочной даты является примечание А. А. Сириной «в начале 1960-х годов» в:
Сирина А. А. «…И можно сказать, что счастлив» (интервью с Евгенией Алексеевной Алексеенко) // Сибирский сборник–2: к юбилею Евгении Алексеевны Алексеенко. — СПб.: МАЭ РАН, 2010. — С. 10. - ↑ Михайлова, 2015, с. 5.
- ↑ Коровашко.
- ↑ Кузнецова, 1956, с. 932—933.
Литература
бӀаьра нисйан- Давыдова Е. А. Властные отношения в стойбищах амгуэмских оленеводов (по материалам В. Г. Кузнецовой) // Социальные отношения в историко-культурном ландшафте Сибири : сборник научных статей. — СПб: МАЭ РАН, 2017. — С. 136—188.
- Давыдова Е. А. «Добровольная смерть» и «новая жизнь» в Амгуэмской тундре (Чукотка): Стремление ухода в мир мёртвых Тымнэнэнтына // Вестник археологии, антропологии и этнографии. — 2015. — № 4 (31). — С. 125—131.
- Давыдова Е. А. Действия, чувства, восприятие: анализ полевой работы В. Г. Кузнецовой // Теория и практика исследований этнокультурных комплексов: посвящается 65-летию со дня рождения В. А. Козьмина : сборник научных статей. — СПб: МАЭ РАН, 2015. — С. 12—14.
- Давыдова Е. А. Полевые дневники В. Г. Кузнецовой как этнографический источник // Университетский научный журнал. — 2015. — № 15. — С. 160—167. — ISSN 2222-5064.
- Михайлова Е. А. Фотографии из экспедиции Варвары Григорьевны Кузнецовой на Чукотку (1948–1951 гг.) // Иллюстративные коллекции Кунсткамеры / Е. А. Михайлова ; [отв. ред. Л.Р. Павлинская]. — СПб : МАЭ РАН, 2014. — С. 112–133. — (Сборник МАЭ ; т. 49). — ISBN 978-5-88431-279-1.
- Михайлова Е. А. Скитания Варвары Кузнецовой. Чукотская экспедиция Варвары Григорьевны Кузнецовой, 1948-1951 гг. / Е. А. Михайлова; [отв. ред. Л. Р. Павлинская]. — СПб. : МАЭ РАН, 2015. — ISBN 978-5-88431-296-8.
- Рытхэу Ю. С. Скитания Анны Одинцовой. — СПб.: Звезда, 2003. — ISBN 5-94214-052-9.
- Хаховская Л. Н. Полевые исследования В. Г. Кузнецовой в амгуэмской тундре // Этнографическое обозрение. — РАН, 2016. — № 3. — С. 83—95. — ISSN 0869-5415.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Коровашко А. В. Романно-дневниковый контрапункт . ИА «Чукотка» (13 февраля 2017). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 22 май. Архивйина 2018 шеран 12 февралехь Архивйина 2018-02-12 — Wayback Machine