Кузнецова (Халитова) Ляля Мендыбаевна[1] инг. Ljalja Kuznetsova; (1946 4 август[1], Уральск, Кхазакхстан) — советийн, оьрсийн фотограф.

Кузнецова Ляля
ГӀуллакхан тайпа
Йина терахь 1946 шеран 4 август({{padleft:1946|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (78 шо)
Йина меттиг Уральск Кхазакхстан
Гражданалла  ССРС
 Росси
Да Мендыбай
Викилармин логотип Кузнецова Ляля Викилармехь

Кузнецова Ляля, гӀезало, йина 1946 шеран 4 августехь Уральск гӀалахь (Кхазакхстан). Чекхйаьккхира Пачхьалкхан Казанан авиацин институт. Инженер болх бира, 1970-гӀа шераш чекхдолуш йолайелира суьрташ даха.

1978 шарахь дуьйна фотограф болх бира Казанан Пачхьалкхан говзаллин музейхь.

Дакъалоцу фотографийн цхьаьнакхетаршкахь Литвахь, 1970-гӀа шераш чекхдовлуш дӀаоьцу Литван Фотоисбаьхьалчин союз. 1980-гӀа шераш долалуш фотограф болх бо «Суьйренан Казань» газетехь, леладо керла заман модан гӀуллакхаш. Оцу хенахь дуьйна Кузнецова Лялях хуьлу маьрша фотограф, йеха ГӀезалойчоьнан республикин модан цӀен заказех.

Шех дийцарш дуьйцу «ТАСМА» фото-тобан декъашхо (Зотов Владимир, Хакимов Эдвард, Якупов Рифхат, Губаев Фарит, кхин а дуккха фотографаш).

1980-гӀа шерашна йуккъехь дуьйна цуьнан белхаш масийттаза гайтамашка хӀиттийра, зорба туьйхира Европехь а, АЦШ а, царна йукъахь йу Вашингтонера The Corcoran Gallery of Art галерей.

Москохара ИнтерФото фестивалан (1996) декъашхо.

1970-гӀа шераш чекхдовлуш Кузнецовас суьрташ доху ССРС (Туркменичоьнан) махкахь тӀаьххьарчех цхьаъ йолчу цигонийн таборан, тӀаьхьуо цуьнан цигонийн сери дӀайоьда Одессан аренашкахула…

Аса цигонийн паргӀат дахар хестадо йа ишттачун гергара къамелаш дича, аса ойла йо: адамо деш долу сурт — цхьаьна декъана цуьнан автопортрет ду. Аса фотоаппарат караерзийча, хиира, пленка гуча муха йоккху, и дерриге зорбане муха туху, со лаха йолайелира сан дегца догӀу суьрташ леха. Шеко йоццуш, цхьан а цигонийн бакъонаш ларйан со ца гӀиртира, со нисса кхетара, вайн йукъараллехь церан йайна дуккха а бакъонаш. Дукхаха дерг уьш анасизе оьху адамаш ду, ткъа и ана дӀайоьду царех.

Фотографо лоьху шен сурт. Карийча олу: хӀаъ, о’кей, хӀара сайниг ду. Аьлча а и пӀелг даггах тӀетаӀабо. Суна, масала, даиман хаара, пленка гучуйоккхуш, муьлха сурт сайна лаха деза. Кхин а Картье-Брессона олура, хьуна чохь хуьлуш дерг а, гинарг а цхьаьнакхета деза, — иза боккъала а иштта ду. Иза аса сайна тӀехь зийна, чӀагӀдан йиш а ю: иштта хила а хуьлу.

Ляля Кузнецова

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан
  • Leica Medal of Excellence (Mother Jones) 1997
  • Париж гӀалан гран-при

Авторан жайна

бӀаьра нисйан
  • Ljalja Kuznetsova «Shaking the Dust of Ages: Gypsies and Wanderers of the Central Asian Steppe» Издательство: Aperture, 1998 ISBN 0893816825
  • Ljalja Kuznetsova «Gypsies: Free Spirits of the Open Steppe» London. Thames and Hudson. 1998 ISBN 9780500542200

Л.Кузнецован белхаш гайтина жайнашкахь

бӀаьра нисйан
  • D.Mrazkova & V.Remes. «Another Russia», Thames&Hudson, London 1986
  • Taneli Escola & Hannu Eerikainen «Toisinnakijat» (Инаковидящие") Helsinki, 1988
  • Wiktor Misiano. «Die zeitgenossische Photographie in der Sowjetunion», Edition Stemmle, 1988
  • «Say Cheese!», Soviet Photography 1968—1988" Editions du Comptoir de la Photographie, 1988
  • L. Bendavid-Val «Changing Reality. Recent Sowiet Photography», Starwood pub., USA 1991
  • «Litza. Contemporary Portrait Photography from Russia, Byelorussia and Ukraine». Foundation «CIRC», Amsterdam, 1992
  • Evgeny Berezner, Irina Chmyreva, Natalia Tarasova and Wendy Watriss. «Contemporary Russian Photography», FotoFest 2012 Biennial Houston.
  • «Changing Focus — A Collection of Russian and Eastern European Contemporary Photography». Sotheby’s, London, 2013
  • Марина Федоровская. "Фотограф Кузнецова Ляля: «Суьрташ дохучу дийнахь энергетикан резерв йерриг арайолу», Интервью 2011.[1]

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан