О́льга Генна́дьевна Кузнецо́ва (маре йахале — Клочнева; йина 1968 17 ноябрехь, Куйбышевхь, ССРС) — советийн а, российн а спортхо-кхоссархо (пневматикан пистолет). 1996 шеран Олимпийн ловзарийн чемпион. Российн хьакъ долу спортан говзанча (1996).

Кузнецова Ольга Геннадьевна
оьрс. Ольга Геннадьевна Кузнецова
Йукъара хаам
Гражданалла  Росси
Вина терахь 1968 шеран 17 ноябрь({{padleft:1968|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (56 шо)
Вина меттиг
Кхийсарийн спортан тайпа даьндаргаш кхийсар (пистолет)
Спортан цӀе
Говзаллин карьера 1988 — тахане кхаччалц
Тренерш тахана Кузнецов Владимир
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Спортан карьера

бӀаьра нисйан

Кхоссаре Кузнецова Ольга еина дика тӀаьхьайисина. Музыкин доьшила чекхйаьккхина, цуо сацам бира шен ницкъаш зиен кхоссарехь, шарахь цуо кхочуш йира кхийсарийн спортан говзанчийн норматив. Ткъа кхо шо даьлча Кузнецовах хуьлу дуьненан чемпион ССРС гулйинчу командин йукъахь. Амма 1992 шеран Олимпийн ловзаршка Барселоне йоьдучу гулйинчу командин йукъа йаха аьтту ца хилира.

Кузнецова Ольгин Олимпийн ловзаршкара дебют хилира 1996 шарахь Атлантехь. Пневматикан пистолет 10 метр генара кхуьйсучу къийсамашкахь, цуо дика нах цецбохуш, тӀаьхьайитира шен махкахо Логвиненко Марина а, онда болгархо Гроздева Мария а, иштта хилира олимпийн чемпион.

Диъ шо даьлча Олимпийн ловзаршкахь Сиднейхь Кузнецовас сацам бира шина дисциплинехь дакъалаца. Пневматикан пистолет 10 метр генара кхуьйсучу къийсамашкахь Ольга финале йелира, амма цигахь 7-гӀа меттиг бен ца баьккхира. 25 метр генара Кузнецова хьалхарчу итт спортхочун йукъа а ца йахара, хилира 15-гӀа меттигехь.

2004 шарахь Олимпийн ловзаршкахь Афинехь Кузнецовас йуха пневматикан пистолет 10 метр генара кхуьйсучу къийсамашкахь бен дакъа ца лецира. Квалификацин жамӀашца российн спортхочун финалан раунде йала ца тоьира цхьа очко. Кузнецовас йаьккхира 9 меттиг.

Пекинера ловзаршка Кузнецова йукъа ца йахайелира, цул хьалхайелира Смирнова Светлана а, Падерина Наталья а. Ловзаршка йаха аьтонза гӀоьртинчул тӀаьхьа, Кузнецовас сацам бира карьера а ца сацош, Лондонехь хин долчу 2012 шеран Олимпийн ловзаршна кечам бан. Гулйинчу командан коьрта тренеран А. С. Егрищинан сацамца, оцу Олимпийн ловзаршкахь а дакъалаца доьгӀна ца хилира цуьнан. Ольга майра йоӀ йу, куьйгаш а ца охкош кечам бан йолало шен рогӀерачу Олимпиадан.

Майра — Кузнецов Владимир Михайлович, кӀант — Олег.

Дешар — чекхйаьккхина Куйбышевн музыкин доьшийла (1987), Самарин хьехархойн университет (1996), Самарин пачхьалкхан а, муниципалан урхаллин а академи (2012).

Пачхьалкхан совгӀаташ

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан