Кузнецова, Татьяна Дмитриевна

Кузнецо́ва Татья́на Дми́триевна (1941 14 июль, Москох — 2018 28 август) — Космонавтийн кечаман центран дуьххьарлера зударийн космонавтийн тобан зерхо-космонавт.

Мохк:  ССРС
Говзалла: зерхо-космонавт
ТӀемалойн цӀе: ССРС ТӀХӀН полковник
Вина (йина) терахь: 1941 шеран 14 июль({{padleft:1941|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})
Вина (йина) меттиг:
Велла (елла) терахь: 2018 шеран 28 август({{padleft:2018|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:28|2|0}})[1] (77 шо)
Велла (елла) меттиг:
СовгӀаташ:
Юбилейная медаль «За доблестный труд (За воинскую доблесть). В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» SU Medal Twenty Years of Victory in the Great Patriotic War 1941-1945 ribbon.svg RUS Medal In Commemoration of the 850th Anniversary of Moscow ribbon.svg SU Medal Veteran of the Armed Forces of the USSR ribbon.svg
SU Medal 50 Years of the Armed Forces of the USSR ribbon.svg SU Medal 60 Years of the Armed Forces of the USSR ribbon.svg SU Medal 70 Years of the Armed Forces of the USSR ribbon.svg Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 1 тӀегӀан мидал
Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 2 тӀегӀан мидал Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 3 тӀегӀан мидал

БиографиНисйе

1958 шарахь чекхйаьккхира йуккъера ишкол Москохахь. 1959 шарахь, машенцайаздаран а, стенографин а курсаш чекхйаьхна, болх бира Электронан промышленностан министраллин ӀТИ-35 (Москох): стенографистка, цул тӀаьхьа комсомолан кхолламан секретарь (1960—1961), лакхара лаборантом (1961—1962)[2].

1962 шеран 10 мартехь Москохара Ждановн КӀТӀК Советийн эскаран гӀуллакхе кхайкхина, 12 мартехь йукъатоьхна космонавтийн кечаман центран 2-гӀа тобан ладогӀархо-космонавт дарже. Бира йукъаракосмосан кечам, пачхьалкхан экзаменаш дӀаеллачул тӀаьхьа (1965 шеран 11—22 январехь) 23 январехь дехьайаьккхира 2-гӀа тобан космонавт дарже. 1965 шеран майхь-ноябрехь шолгӀа экипажан шолгӀа пилотан (араволучун) кечам бира (Ж. Д. Ёркинаца цхьаьна) 10—15 де-буьйсанна космосан «Восход» кеманахь космосе баха йиллина космосе ара а бовлуш; 1966 шеран январехь-майхь кечам бира оццу балхана — 15-20 де-буьйса доккхуш йиллина космове ара а бовлуш (14 мартехь дуьйна — 1-ра тобан космонавтан даржехь) болх бан. Хьалабахар сацийра «Восход» программа дӀакъовлар бахьнехь[2].

Оцу хеннахь, 1964 шарахь дуьйна доьшуш йара ТӀеман-хӀаваан инжинерийн Н. Е. Жуковскийн цӀарах академехь инженерийн факультетехь, иза чекхйаьккхира 1969 шарахь «лётчик-космонавт-инженер» квалификацица. 1969 шеран 1 октябрехь космонавтийн зударийн тоба дӀасахецар бахьнехь, космонавтийн тобанан йукъара йаьккхира[2][3].

Эскарехь йисира: тӀ/д 44250 7 декъан инженер, тӀаккха — тӀеман векал (1970 шеран 13 июнехь дуьйна — ТӀХӀН Коьртачу штабан Заказан урхаллин ТӀеман № 4273 вакилат, 1971 шеран 9 октябрехь дуьйна — ИМБП ТӀХӀН 4-гӀа Герзийн хьаькаман урхаллин 10-гӀа ТӀеман вакилат). 1978 шарахь, зударий космосе бахийтар карладаьккхинчул тӀаьхьа, Пачхьалкхан медицинан комиссин сацамца йукъайитира башха кечамна[2].

1979 шеран 20 мартехь дуьйна гӀуллакхехь йара Космонавтийн кеаман центран 3-гӀачу урхаллехь: коьрта инженер — 4-гӀа лабораторин (радиацин кхерамазалла) лакхара Ӏилманан белхало, 1982 шеран 29 январехь дуьйна — 4-гӀа лабораторин хьаькам, 1-ра декъан коьрта зерхо-инженер; 1986 шеран 1 октябрехь дуьйна — 31-гӀа декъан 4-гӀа лабораторин хьаькам. 1991 шеран 6 апрелехь мукъайаьккхира ТӀХӀН полковник йолуш (елла 1984 шеран 14 майхь)[2].

ДоьзалНисйе

  • Да — Кузнецов Дмитрий Филиппович (1899—1967), нана — Кузнецова Лина Никоноровна (1900—1970), хӀусамнана.
  • Вежарий — Виктор (1927—1989), гӀишлошйархо; Евгений (вина 1937), фермер, пенсионер.
  • Майра — Пицхелаури Ладо Владимирович (вина 1932), 2-гӀа (1962 шеран) а, 3-гӀа (1965 шеран) а ТӀХӀН космонавташ схьаэцаран декъашхо; мукъа ваьккхина, пенсионер.
    • КӀант — Пицхелаури Владимир Ладович (вина 29.9.1971), программист, болх беш ву Microsoft компанехь (АЦШ)[2].

БилгалдахаршНисйе

ХьажоргашНисйе