Куртиль де Сандра, Гасьен де
Гасье́н де Курти́ль де Сандра́ (наггахь Готьен де Куртиль де Сандра, фр. Gatien de Courtilz de Sandras, 1644—1712) — французийн йаздархо, журналист, публицист, мемуарист, уггаре чӀогӀа гӀараваьлла шен «Эла д’Артаньянан мемуараш» (1700) жайница, Дюма Александра тӀаьхьа лелийна кхо жайна йаздеш: «Кхо мушкетёр», «Ткъа шо даьллачул тӀаьхьа», «Виконт де Бражелон».
Гасьен де Куртиль де Сандра | |
---|---|
Gatien de Courtilz de Sandras | |
Вина терахь | 1644 |
Вина меттиг | Монтаржи, Франци |
Кхелхина терахь: | 1712 шеран 8 май |
Кхелхина меттиг: | Париж, Франци |
Гражданалла: | Франци |
ГӀуллакхан тайпа: | прозаик, публицист, мемуарист |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1644 шарахь. ГӀуллакхехь хилла паччахьан мушкетёрийн ротехь, капитан дарже кхаччалц. ТӀеман гӀуллакхехь дуьйна волавелира йаздан, кхоьллира журнал Mercure historique et politique («Политикин а, историн а хаамаш»), ткъа эскарера дӀаваьллачул тӀаьхьа 1688 шарахь хилира говзанча публицист а, йаздархо а. Де Куртилан романаш йазйинера таллузан-хиламан жанрехь, ткъа иштта кхоьллина «мемуараш», эладитнех йуьззина йолу, дешархошна чӀогӀа хазахеташ а йара, амма паччахь Людовик XIV-гӀа оьгӀаз вахийтира, цунна хийтира царна чохь паччахьан доьзал сийсазбар, тӀаккха де Куртиль масех шарна Бастилин чувоьллира, цигара цуьнан аьтту белира вада Нидерландашка[1]. Нидерландашкахь де Куртила дӀадаьхьира литературин гӀуллакх, арахийцира «Эла д’Артаньянан мемуараш», цул тӀаьхьа 1702 шарахь лар а ца луш гӀоьртира даймохка цӀаверза, амма лаца а лаьцна, йуха а Бастилин чувоьллира, цу чохь иза 9 шарахь ваьллира, аравелира вала дукха хан йоцуш. Чохь воллуш йазйира «Бастилин истори», иза а шен заманахь иштта хаъал гӀарайелира йешарца[1].
Де Куртиль велла Парижехь 1712 шарахь, дӀавоьллина Сент-Андре-дез-Арт[fr] кешнашкахь.
Кхолларалла
бӀаьра нисйанДе Куртилан кхоллараллин тӀаьхьен йукъайогӀу дукха йаздина кехаташ, безаман романаш («Французийн паччахьан кертара безаман ловзарш» фр. Les Intrigues amoureuses de la Cour de France, 1684), историн а, политикин а белхаш, биографеш а, тайп-тайпана гӀуллакххойн кхоьллина мемуараш, масала, маркиз де Монбрюнан (фр. Mémoires de Monsieur le Marquis de Montbrun), граф де Рошфоран (фр. Mémoires de M.L.C.D.R. (le comte de Rochefort)), кхин дӀа а. Талламаш гойту, хьалхара йуьхь цӀарах йазйина «Мемуараш», Куртила хьостийн бух тӀаьхь йазйина хилар, мемуарийн «авторш» беллачул тӀаьхьа карийна йолу[1]. Де Куртилан романаш а, мемуараш а дуьйцу Ришельён а, Мазаринин а заманан социалан-политикин хьал, дуьйцу тайп-тайпана политикин а, шпионийн хӀилланаш, дукхах дерг синхаамца йеш XVIII бӀешеран французийн хьарам романаш.
Де Куртилан уггаре девза жайна, шеко йоцуш, йу «Паччахьан мушкетерийн хьалхара ротан капитан-лейтенантан мессир д’Артаньянан мемуараш, цунна чохь ду Людовик Сийлахьволчун урхаллехь хилла шортта долара а, къайлаха а хӀуманаш» (оьр. даьккх. 1995), уьш дуьххьара дуьнен чу араевлира 1700 шарахь Кёльнехь кхаа томехь Пьера Марто[fr] арахецареллехь (псевдоним Жана Эльзевира), цул тӀаьхьа шолгӀа арахийцира Амстердамехь Пьер Руж арахецараллехь 1704 шарахь, кхозлагӀа арахийцира 1715 шарахь Пьер дю Кампа. Д’Артаньянан мемуараш аьлла дешархошна йалийна текст йу де Куртилан кхолларан амалехь йолу мистификаци, хӀунда аьлча боккъал д’Артаньяна цхьа хӀума а ца йазйина цкъан а, цуьнан кехаташ ма-гайттара, кӀезиг грамота хууш а хилла[1]. Тера ду, де Куртилан д’Артаньянах хаамийн хьост гӀараваьлла мушкетеран доттагӀ эла де Бемо хилар, иза Бастилин директор хилла де Куртилан набахтехь йаккха хьалха хан тоьхначу хенахь[1].
Лелийний теша де Куртила д’Артаньяна цхьан а тептар йа деккъа де Бемон дийцарш лелийна — хууш дац. Ша цуо чӀагӀдора, д’Артаньян веллачул тӀаьхьа карийна тептарш лелийна бохуш, иза шеконехь ду[1].
Публикацеш
бӀаьра нисйанОьрсийн маттахь
бӀаьра нисйан- Куртиль Г. де С. де. Дневники Шарля де Баатца, сеньора д’Артаньяна // Из сборника: Нимье Р. Влюблённый д’Артаньян, или пятнадцать лет спустя. Куртиль Г. де С. де. Дневники Шарля де Баатца, сеньора д’Артаньяна. / Пер. с фр. С. Свяцкого; худож. Г. Семёнов. СПб.: СП Смарт, 1993. — 400 с. — ISBN 5-7078-0003-4
- де Куртиль Гасьен де Сандра. Мемуары месье Шарля де Баатца сеньора д'Артаньяна, капитан-лейтенанта первой роты мушкетеров короля, содержащие множество вещей личных и секретных, произошедших при правлении Людовика Великого. — М.: Антанта Лтд, 1995. — 1380 с. — ISBN 5-7607-0006-5.
- Гасьен Куртиль де Сандра. Мемуары M. L. C. D. R. / Пер. Яна Семченкова. — М.: Ладомир; Наука, 2016. — 472 с. — Серия «Литературные памятники». — 1200 экз.
Французийн маттахь
бӀаьра нисйан- La France devenue italienne, La Haye, P. Bernard, 1685.
- Mémoires de M.L.C.D.R. (le comte de Rochefort), Cologne, Pierre Marteau, 1688
- Histoire de la guerre de Hollande (1672—1677), La Haye, 1689
- La vie de jean-baptiste Colbert Ministre d'état sous Louys XIV Roy de France, Cologne, 1695
- Le grand Alcandre frustré, ou les derniers efforts de l’amour et de la vertu, Cologne, Pierre Marteau, 1696
- Mémoires de M. d’Artagnan, Cologne, P. Marteau, 1700
- Mémoires de Monsieur le Marquis de Montbrun, Amsterdam, 1701
- Mémoires de madame la marquise de Fresne, Amsterdam, 1722
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйан- Нечаев С. Ю. Три д'Артаньяна. Исторические прототипы героев романов «Три мушкетера», «Двадцать лет спустя» и «Виконт де Бражелон». — М.: АСТ, 2009. — 411 с.