Лайн хьаьтт

(Лавина тӀера хьажжина кхуза)

Хьаьтта йа лавина (немцойн маттахь Lawine, латинан маттера labina дош ду — токхам)- секундехь 20-30 метр сихалла йолуш ламанан басе тӀера охьайогӀуш йа чухахкалуш боккха барам болу лайн масса ю. Хьаьтт хилале хӀаваан тулгӀе хуьлу, цо баккхий бохамаш бо. Ша Ӏаламан бохам хиларе терра, лайн хьаьттаро адамаш дойъу (масала альпинисташ а, ломан когсалазаш а, сноубординг а езархой а), иштта дахаран хьелийн а зенаш до цо.

Гималай

Хьаьттан йозалла масийтта тонн хила там бу. Хьаьттаро адам хьашахь, цуьнан даьӀахкаш кагло, тӀаккха йиначу чевно дегӀ Ӏадийначу меттехь иза кхелха. Хьаьттаран чухул хӀаваъ чекх ца долу, цундела кӀелахь висанчунна кислород цатоар бахьана долуш (асфикси) иза ле.