Михаи́л Фёдорович Ларио́нов (1881 шеран шеран 22 майхь [3 июнехь], Тирасполь, Херсонан губерни, Российн импери1964 шеран 10 майхь, Фонтене-о-Роз) — оьрсийн исбаьхьалча, суьрташдахкархо[4], график[4], сценограф[4], исбаьхьаллин теоретик[4], оьрсийн авангардан бух биллинчех цхьаъ. Гончарова Натальян майра[5].

Ларионов Михаил Фёдорович
оьрс. Михаил Фёдорович Ларионов
Вина терахь 1881 шеран 22 май (3 июнь)[1]
Вина меттиг Тирасполь, Херсонан губерни, Российн импери
Кхелхина терахь 1964 шеран 10 май({{padleft:1964|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:10|2|0}})[2][3][…] (82 шо)
Кхелхина меттиг
Пачхьалкх
ГӀулаккхан тайпа исбаьхьалча, сценограф, художник по костюмам, иллюстратор, дизайнер, художник-гравёр
Жанр портрет
Дешар
Зуда Наталья Сергеевна Гончарова
 
Ларионов Михаил а, Гончарова Наталья а «Дешин нӀаьна-кӀорни» балет кечйеш болх бечу хенахь, Йоккхачу театран пхьолгӀанаш, 1913.

Вина Херсонан губернин, уездан гӀалахь Тирасполехь. ТӀеман фельдшеран кӀант, бералла дӀайелира Российн къилбехахь Тирасполехь, цига сих-сиха йухавогӀура аьхкенан этюдашна.

1891 шарахь ЛарионовгӀар баьхкира Москоха, Ӏаккха Михаил дешахӀоьттира Воскресенскийн реалан доьшийле.

1898—1910 шерашкахь — дийшира Москохан Ӏаламдилларан, скульптурин, архитектурин доьшийлехь Серов Валентин а, Левитан Исаак а, Коровин Константин а болчохь[6].[4] Циггахь йевзира Гончарова Наталья, иза хилира цуьнан новкъахо дахарехь а (официалан мах ца бира 1955 шарахь бен), кхоллараллехь а[7].

1900-гӀа шераш дуьйлалуш Ларионовс жигара дакъалецира исбаьхьаллин дахарехь, гайтамаш Россехь хилла ца Ӏаш, Европехь а хилира. Ларионовна боккха Ӏаткъам бира французийн суртдиллархоша, церан кхоллараллийца дуьххьара иза Ӏоттавелира Щукин Сергейн москохан гуламехь.

1902—1906 шерашкахь болх бира тӀаьхьарчу импрессионизман хотӀехь («Сиренан колла беснашкахь»).[4]

1906 шарахь Дягилев Сергейс дакъалаца кхайкхира парижан Гуьйренан салонан оьрсийн декъе.

1907 шарахь, фовизмо а, кӀоргенза исбаьхьалло а Ӏаткъам бина, вирзира примитивизме, бӀаьрла басаршца къаьсташ дехкира девзаш долу суьрташ, ира сизнашца а, сценашца а («СадоӀу салти», «БӀаьсте»).

1912 шарахь кхоьллира керла исбаьхьаллин концепци — лучизм[4], иза ду «Ӏалашо йоцу кхоллараллин» разрядера абстрактан исбаьхьаллин хьалхарчех цхьа масала, цигахь хатӀ хилла тайп-тайпана хӀуманашна тӀера кхетта зӀаьнарш цхьаьнакхетачохь.

1914 шарахь, Дуьненан хьалхара тӀом болабеллачул тӀаьхьа, кхайкхира тӀеман гӀуллакхе. Чов йина цӀаваийтина, Ларионов охьахиира Париже, цигахь 1915—1929 шерашкахь Гончароваца цхьаьна болх бира Дягилевца, «Оьрсийн балетан» духарш деш, декорацеш йеш. Суртдилларехь иза йухавирзира хьалхарчу, фигуративан, манере, камеран жанре, натюрморте. Иккхинчу Октябран революцил тӀаьхьа кхин Россеха йуха ца веира.

1955 шарахь официалан мах бира Гончарова Натальяца. 1962 шарахь иза йеллачул тӀаьхьа, йалийра А. К. Томилина, иза хилира шинне а исбаьхьалчин официалан тӀаьхье[8].

Велла Парижан йисттерачу жимачу Фонтене-о-Роз гӀалахь 1964 шарахь. ДӀавоьллина Иври-сюр-Сен кешнашкахь.

Тирасполехь урам ду исбаьхьалчин цӀарах.

 
Исбаьхьалчин автосурт, 1910.

Гончарова Натальяца цхьаьна Ларионов жигара декъахо вара исбаьхьаллера «аьрру агӀонан», цуо кечбира цхьа могӀа он гӀарабевлла гайтамаш:

1980 шарахь Москохахь хилира исбаьхьалчин долара гайтам. 1989 шарахь Ларионовн суьрташ А. К. Томилина-Ларионовас совгӀатна дӀаделира Третьяковн галерейен[8].

2018 шеран сентябрехь Керла Третьяковкехь дӀабиллира Ларионов Михаилан ретроспективан гайтам.

Суьрташ а, жайнийн графика а

бӀаьра нисйан

Жигара болхбира арахецараллашца, 1910-гӀа шерашкахь суьрташ дехкира поэтийн-футуристийн арахецаршна («Помада» Кручёных, арахецна 1912 шарахь). Цул сов кечдира лахара жайнаш:

  • Парнах, В. Я. Набережная / [М. Ларионовн 2 сурт]. – [Париж, 1919].
  • Blok, A. A. Les douze / traduit du russe par Serge Romoff ; avec sept illustration d’apres les dessins de Michel Larionow. – Paris: La Cible, 1920.
  • Voyage en Turquie / 32 gouaches 1907–1909, reproduites au pochoir au format et sur papier des originaux. – Paris: L’étoile boitante, [1928 шарахь гергга].
  • Беляева, Н. Къоьлла. – Париж: Олхазарш лоьцург, 1945. (Куьга суьрташ дехкина.)
  • Défense et illustration de l’art abstrait par Michel Seuphor. – Paris, 1949. (Куьга суьрташ дехкина.)
  • Larionov, M. Diaghilev et les Ballets russes / Dessins et textes de Michel Larionov. – Paris: la Bibliothèque des arts, [1970].

Театран белхаш

бӀаьра нисйан
Дягилевн «Оьрсийн балеташ»
Кхечу театрашкахь

Кинематограф

бӀаьра нисйан

1913 шарахь Футуристийн кабарера № 13 драма. Премьера хилира 1914 шеран январехь, «Виран цӀога» тоба йоьхначул тӀаьхьа.

Сочиненеш

бӀаьра нисйан
  • Лучизм, М., 1913.

Библиографи

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Архив изобразительного искусства — 2003.
  2. Michail Fiodorovich Larionov (нидерл.)
  3. Mikhail Fedorovich Larionov (инг.)OUP, 2006. — ISBN 978-0-19-977378-7
  4. 1 2 3 4 5 6 7 Грачёва, 2010, с. 721.
  5. ЛАРИОНОВ • Большая российская энциклопедия - электронная версия. bigenc.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 9 август. Архивйина 2019-04-03 — Wayback Machine
  6. Выставка Михаила Ларионова.
  7. Наталья Гончарова является двоюродной правнучкой жены А. С. Пушкина Натальи Гончаровой
  8. 1 2 Ларионов Михаил Федорович.
  9. Два новых почтовых выпуска презентовала «Марка Приднестровья». tv.pgtrk.ru (2016 шеран 6 декабрь). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 6 декабрь.
  10. Новым улицам на ЗИЛе присвоили наименования. Москва 24. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 24 декабрь.

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан